Мусхаф., агӏо 235

  1. وَلَوْ شَاءَ رَبُّكَ لَجَعَلَ النَّاسَ أُمَّةً وَاحِدَةً ۖ وَلَا يَزَالُونَ مُخْتَلِفِينَ

    Хьан Кхиош-Кхобучунна лиънехьара‚ нах цхьана /бусалба/ умматах хилийтина хир бара Цо. Уьш (дукха болу нах) дIа ца туьлу /бусалба динна/ хилпало ечарах

    11:118
  2. إِلَّا مَنْ رَحِمَ رَبُّكَ ۚ وَلِذَٰلِكَ خَلَقَهُمْ ۗ وَتَمَّتْ كَلِمَةُ رَبِّكَ لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنَ الْجِنَّةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ

    Хьан Кхиош-Кхобучо шайх къинхетам бинарш бен. Оцуьнан (къинхетаман) дуьхьа Цо уьш кхоьллина. Кхочушхили хьан Кхиош-Кхобучун дош: ' Юзур ма ю Ас жоьжахати /шайтнна тьхьахттинчу/ жинех а‚ нахах- массарех а'‚ аьлла долу

    11:119
  3. وَكُلًّا نَقُصُّ عَلَيْكَ مِنْ أَنْبَاءِ الرُّسُلِ مَا نُثَبِّتُ بِهِ فُؤَادَكَ ۚ وَجَاءَكَ فِي هَٰذِهِ الْحَقُّ وَمَوْعِظَةٌ وَذِكْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ

    Дерриг а дуьйцу Оха хьоьга элчанийн хабарех хьан дог шеца Оха чIагIдеш дерг. Цу чохь деана хьоьга бакъдерг а‚ хьехам а‚ муъмин нахана дагадаийтар а

    11:120
  4. وَقُلْ لِلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ اعْمَلُوا عَلَىٰ مَكَانَتِكُمْ إِنَّا عَامِلُونَ

    Ахь āла цатешачаьрга: ' Аш е шайн мал шайна ма хеттара, Оха а йийр ю /тхешан мал тхайна ма хеттара/

    11:121
  5. وَانْتَظِرُوا إِنَّا مُنْتَظِرُونَ

    Хьовса‚ тхо а хьовсур ду!

    11:122
  6. وَلِلَّهِ غَيْبُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَإِلَيْهِ يُرْجَعُ الْأَمْرُ كُلُّهُ فَاعْبُدْهُ وَتَوَكَّلْ عَلَيْهِ ۚ وَمَا رَبُّكَ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Цуьнга дIадоьрзу массо а гIуллакх‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна тIетовжа. Хьан Кхиош-Кхобург тергал ца деш вац аш дийриг

    11:123
  7. الر ۚ تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْمُبِينِ

    Алиф-лам-ра. ХIорш къегинчу жайнин аяташ ду

    12:1
  8. إِنَّا أَنْزَلْنَاهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

    Баккъалла а, Оха доссийна и Къуръан ьрбийн /маттахь/‚ шу хьекъале хила там бара

    12:2
  9. نَحْنُ نَقُصُّ عَلَيْكَ أَحْسَنَ الْقَصَصِ بِمَا أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ هَٰذَا الْقُرْآنَ وَإِنْ كُنْتَ مِنْ قَبْلِهِ لَمِنَ الْغَافِلِينَ

    Оха дуьйцу хьоьга уггар хаза хабарш хьоьга ваьхьица хIара Къуръан даийтарца, цул хьалха хьо цахуучарах хиллехь а

    12:3
  10. إِذْ قَالَ يُوسُفُ لِأَبِيهِ يَا أَبَتِ إِنِّي رَأَيْتُ أَحَدَ عَشَرَ كَوْكَبًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ رَأَيْتُهُمْ لِي سَاجِدِينَ

    Хьахаде: Юсуфа ма элира шен дега /ЯIкъубе/: 'Дада‚ суна ги цхьайтта седа а‚ малх а‚ бутт а‚ суна ги уьш сайна сужуд деш'

    12:4

Гочдар: Магомед Магомедов