Мусхаф., агӏо 236

  1. قَالَ يَا بُنَيَّ لَا تَقْصُصْ رُؤْيَاكَ عَلَىٰ إِخْوَتِكَ فَيَكِيدُوا لَكَ كَيْدًا ۖ إِنَّ الشَّيْطَانَ لِلْإِنْسَانِ عَدُوٌّ مُبِينٌ

    Цо (ЯIкъуба) элира: 'ХIай сан жима кнт, и хьайна гинарг ма дийцалахь хьайн вежаршка – мекарло йийр ю хьуна цара. Баккъалла а, шайтIа адамна билггал мостагI ма ду

    12:5
  2. وَكَذَٰلِكَ يَجْتَبِيكَ رَبُّكَ وَيُعَلِّمُكَ مِنْ تَأْوِيلِ الْأَحَادِيثِ وَيُتِمُّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكَ وَعَلَىٰ آلِ يَعْقُوبَ كَمَا أَتَمَّهَا عَلَىٰ أَبَوَيْكَ مِنْ قَبْلُ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْحَاقَ ۚ إِنَّ رَبَّكَ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Иштта хьан Кхиош-Кхобучо хоржур волуш ву хьо‚ хьуна Iамор долуш ду Цо хилларш тидан‚ Шен ниIмат хьуна кхочушдийр долуш ду Цо‚ ЯIкъубан доьзална а‚ Ша хьалха хьан дайшна ИбрахIимна а‚ Исхьакъна а кхочушдина хиларе терра. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург хууш верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву'

    12:6
  3. لَقَدْ كَانَ فِي يُوسُفَ وَإِخْوَتِهِ آيَاتٌ لِلسَّائِلِينَ

    Юсуфехь а‚ цуьнан вежаршкахь а делилаш ма хилира хоттучарна

    12:7
  4. إِذْ قَالُوا لَيُوسُفُ وَأَخُوهُ أَحَبُّ إِلَىٰ أَبِينَا مِنَّا وَنَحْنُ عُصْبَةٌ إِنَّ أَبَانَا لَفِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    Цара ма элира: 'Юсуф а‚ цуьнан ваша а дукхабеза вайн дена вайл‚ ткъа вай цхьа тоба ма юй‚ баккъалла а, и вайн да билггалчу тилар чохь ву-кх

    12:8
  5. اقْتُلُوا يُوسُفَ أَوِ اطْرَحُوهُ أَرْضًا يَخْلُ لَكُمْ وَجْهُ أَبِيكُمْ وَتَكُونُوا مِنْ بَعْدِهِ قَوْمًا صَالِحِينَ

    Вē Юсуф я /кхечу/ махка дIакхосса – шун ден юьхь шуна тIейоьрзур ю‚ цул тIаьхьа дика къам хир шу (тōба дийр ду аш-тIаккха гечдийр ду шуна Дала')

    12:9
  6. قَالَ قَائِلٌ مِنْهُمْ لَا تَقْتُلُوا يُوسُفَ وَأَلْقُوهُ فِي غَيَابَتِ الْجُبِّ يَلْتَقِطْهُ بَعْضُ السَّيَّارَةِ إِنْ كُنْتُمْ فَاعِلِينَ

    Царах олучо элира: 'Ма вē Юсуф‚ гIу чу кхосса и – дIабоьлхуш болчарах цхьаболчара схьавоккхур ву‚ шаьш деш хиллехь' /и гIуллакх де/

    12:10
  7. قَالُوا يَا أَبَانَا مَا لَكَ لَا تَأْمَنَّا عَلَىٰ يُوسُفَ وَإِنَّا لَهُ لَنَاصِحُونَ

    Цара элира: 'ХIай тхан да! Ахь хIунда ца вуьту Юсуф тхох тешна‚ тхо цунна хьехамчаш ма дуй!

    12:11
  8. أَرْسِلْهُ مَعَنَا غَدًا يَرْتَعْ وَيَلْعَبْ وَإِنَّا لَهُ لَحَافِظُونَ

    Ваийтахь и тхоьца кхана – самукъадоккхур шена‚ ловзур шена‚ оха и Iалашвийр ма ву'

    12:12
  9. قَالَ إِنِّي لَيَحْزُنُنِي أَنْ تَذْهَبُوا بِهِ وَأَخَافُ أَنْ يَأْكُلَهُ الذِّئْبُ وَأَنْتُمْ عَنْهُ غَافِلُونَ

    Цо (ЯIкъуба) элира: 'Сан сагатлур ма ду аш и двигча‚ со кхоьру и барзо ваарна, аш цуьнан терго а ца еш'

    12:13
  10. قَالُوا لَئِنْ أَكَلَهُ الذِّئْبُ وَنَحْنُ عُصْبَةٌ إِنَّا إِذًا لَخَاسِرُونَ

    Цара элира: 'И барзо ваахь – тхо цхьа тоба ма юй‚ тIаккха тхо, баккъалла а, эшнарш хир ма дара'

    12:14

Гочдар: Магомед Магомедов