Мусхаф., агӏо 237

  1. فَلَمَّا ذَهَبُوا بِهِ وَأَجْمَعُوا أَنْ يَجْعَلُوهُ فِي غَيَابَتِ الْجُبِّ ۚ وَأَوْحَيْنَا إِلَيْهِ لَتُنَبِّئَنَّهُمْ بِأَمْرِهِمْ هَٰذَا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    ТIаккха цара и двигча‚ церан барт хилира и гIу чу кхосса. Оха хаийтира цуьнга (Юсуфе) ваьхьица: ахь дуьйцур ма ду цаьрга и цара динарг, царна и дагахь а доцуш

    12:15
  2. وَجَاءُوا أَبَاهُمْ عِشَاءً يَبْكُونَ

    Уьш баьхкира шайн да волчу сарахь, белха а боьлхуш

    12:16
  3. قَالُوا يَا أَبَانَا إِنَّا ذَهَبْنَا نَسْتَبِقُ وَتَرَكْنَا يُوسُفَ عِنْدَ مَتَاعِنَا فَأَكَلَهُ الذِّئْبُ ۖ وَمَا أَنْتَ بِمُؤْمِنٍ لَنَا وَلَوْ كُنَّا صَادِقِينَ

    Элира: 'Хй тхан да! Тхо дахара /довдарехь я Iад кхоссарехь/ къийса а луш, Юсуф тхешан хIуманашна уллохь витира оха‚ тIаккха и барзо виира. Хьо тхох тешар волуш вац, тхо бакълуьйш хиллехь а'

    12:17
  4. وَجَاءُوا عَلَىٰ قَمِيصِهِ بِدَمٍ كَذِبٍ ۚ قَالَ بَلْ سَوَّلَتْ لَكُمْ أَنْفُسُكُمْ أَمْرًا ۖ فَصَبْرٌ جَمِيلٌ ۖ وَاللَّهُ الْمُسْتَعَانُ عَلَىٰ مَا تَصِفُونَ

    Уьш баьхкира цуьнан (Юсуфан) куча тIехь харц цIий долуш. Цо (ЯIкъуба) элира: 'Шайн синоша цхьа вониг хаздина шуна. Собар ду-кх хаза дерг. Дела ву-кх Шега гIо дēха хьакъ верг /кху/ аш хIотточу сурта тIехь'

    12:18
  5. وَجَاءَتْ سَيَّارَةٌ فَأَرْسَلُوا وَارِدَهُمْ فَأَدْلَىٰ دَلْوَهُ ۖ قَالَ يَا بُشْرَىٰ هَٰذَا غُلَامٌ ۚ وَأَسَرُّوهُ بِضَاعَةً ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِمَا يَعْمَلُونَ

    Цхьа лелаш йолу тоба еара‚ цара вахийтира шайн хи кхоьхьуш верг‚ цо шен ведар охьадахийтира- элира: 'Кхаъ бу! ХIара кIант ву!' Цара (Юсуфан вежарша) хьулдира и (Юсуфан гIуллакх – и шайн ведда лай ву аьлла), цунах йохка-эцаран хIума а йина. Дела хууш верг ма ву цара лелош дерг

    12:19
  6. وَشَرَوْهُ بِثَمَنٍ بَخْسٍ دَرَاهِمَ مَعْدُودَةٍ وَكَانُوا فِيهِ مِنَ الزَّاهِدِينَ

    Цара (вежарша) воьхкира и кIеззигчу мехах – цхьа массийта дирхIамах. Цунах уьш хилира кIеззиг хIуманах тоам бечарах

    12:20
  7. وَقَالَ الَّذِي اشْتَرَاهُ مِنْ مِصْرَ لِامْرَأَتِهِ أَكْرِمِي مَثْوَاهُ عَسَىٰ أَنْ يَنْفَعَنَا أَوْ نَتَّخِذَهُ وَلَدًا ۚ وَكَذَٰلِكَ مَكَّنَّا لِيُوسُفَ فِي الْأَرْضِ وَلِنُعَلِّمَهُ مِنْ تَأْوِيلِ الْأَحَادِيثِ ۚ وَاللَّهُ غَالِبٌ عَلَىٰ أَمْرِهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

    Мисрарчу и эцначо шен зудчуьнга элира: 'Хазделахь цуьнан Iар‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай ваьшна кIант вийр ву цунах'. Иштта Оха чIагIвира Юсуф лаьтта тхь‚ цунна хилларш тида Iамадархьама а. Дела Шен гIуллакха тIехь толам боккхуш ву‚ делахь а, дукхах болчу нахана ца хаьа-кх

    12:21
  8. وَلَمَّا بَلَغَ أَشُدَّهُ آتَيْنَاهُ حُكْمًا وَعِلْمًا ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ

    Иза гметтахьттича, Оха цунна хьекъалалла а‚ Iилма а делира. Иштта бекхам бо Оха дикачарна

    12:22

Гочдар: Магомед Магомедов