Мусхаф., агӏо 238

  1. وَرَاوَدَتْهُ الَّتِي هُوَ فِي بَيْتِهَا عَنْ نَفْسِهِ وَغَلَّقَتِ الْأَبْوَابَ وَقَالَتْ هَيْتَ لَكَ ۚ قَالَ مَعَاذَ اللَّهِ ۖ إِنَّهُ رَبِّي أَحْسَنَ مَثْوَايَ ۖ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ

    Иза (Юсуф) шен хсамехь волу зуда и Iехо гIоьртира‚ цо неIарш дIа а къевлина‚ элира: 'Схьавола!' Цо (Юсуфа) элира: 'Дала ларвойла! Баккъалла а, иза (хьан майра) сан эла ву‚ цо сан Iар хаздина‚ баккхийбийр бац зуламхой'

    12:23
  2. وَلَقَدْ هَمَّتْ بِهِ ۖ وَهَمَّ بِهَا لَوْلَا أَنْ رَأَىٰ بُرْهَانَ رَبِّهِ ۚ كَذَٰلِكَ لِنَصْرِفَ عَنْهُ السُّوءَ وَالْفَحْشَاءَ ۚ إِنَّهُ مِنْ عِبَادِنَا الْمُخْلَصِينَ

    Цуьнан оцуьнга (Юсуфе) безам бахнера, ткъа цуьнан а оцуьнга (зудчуьнга ) безам бахнера, шен Кхиош-Кхобучуьнгара делил ца гинехьара /зина дийр дара цо/. Иштта /дира Дала/ цунах вониг а‚ боьханиг а дIадаккхархьама. Баккъалла, и Тхан цIенчу лех ву

    12:24
  3. وَاسْتَبَقَا الْبَابَ وَقَدَّتْ قَمِيصَهُ مِنْ دُبُرٍ وَأَلْفَيَا سَيِّدَهَا لَدَى الْبَابِ ۚ قَالَتْ مَا جَزَاءُ مَنْ أَرَادَ بِأَهْلِكَ سُوءًا إِلَّا أَنْ يُسْجَنَ أَوْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    И ший а хьалхадāла къуьйсуш, неIаре сихделира‚ цо (Зулейхас) цуьнан (Юсуфан) коч ятIийра тIехьахула‚ неIарехь уьш тттабелира царна цуьнан элана. Цо (Зулейхас) элира: 'ХIун бекхам бу хьан доьзална вониг луучунна: я и набахти чу ца воьллича‚ я лазош долу Iазап бен (ца дича)?'

    12:25
  4. قَالَ هِيَ رَاوَدَتْنِي عَنْ نَفْسِي ۚ وَشَهِدَ شَاهِدٌ مِنْ أَهْلِهَا إِنْ كَانَ قَمِيصُهُ قُدَّ مِنْ قُبُلٍ فَصَدَقَتْ وَهُوَ مِنَ الْكَاذِبِينَ

    Цо (Юсуфа) элира: 'И гIоьртира со Iехо'. Цуьнан (Зулейхин) гергарчарах цхьана тешо тешалла дира: 'Нагахь санна цуьнан коч хьалхахула яьттIа елахь – и бакъ ю‚ ткъа иза харцлуьйчарах ву

    12:26
  5. وَإِنْ كَانَ قَمِيصُهُ قُدَّ مِنْ دُبُرٍ فَكَذَبَتْ وَهُوَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    Нагахь санна цуьнан коч тIехьахула яьттIа елахь – и харц ю‚ ткъа иза бакълуьйчарах ву'

    12:27
  6. فَلَمَّا رَأَىٰ قَمِيصَهُ قُدَّ مِنْ دُبُرٍ قَالَ إِنَّهُ مِنْ كَيْدِكُنَّ ۖ إِنَّ كَيْدَكُنَّ عَظِيمٌ

    Шена цуьнан коч тIехьахула яьттIа гича‚ цо (майрачо) элира: 'Шун (зударийн) мекарлонах ду-кх хIара‚ баккъалла а, шун мекарло еза-йоккха ю-кх

    12:28
  7. يُوسُفُ أَعْرِضْ عَنْ هَٰذَا ۚ وَاسْتَغْفِرِي لِذَنْبِكِ ۖ إِنَّكِ كُنْتِ مِنَ الْخَاطِئِينَ

    Юсуф‚ хьо дIаверза хIокхунах. Ткъа ахь /хй Зулейха/ хьайн къинна /дуьхьал/ гечдар деха‚ баккъалла а, хьо галъяьллачарах хили'

    12:29
  8. وَقَالَ نِسْوَةٌ فِي الْمَدِينَةِ امْرَأَتُ الْعَزِيزِ تُرَاوِدُ فَتَاهَا عَنْ نَفْسِهِ ۖ قَدْ شَغَفَهَا حُبًّا ۖ إِنَّا لَنَرَاهَا فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    ГIалахь зударша элира: 'Элан зуда цхьа къонах (шен лай) шеца Iехо гIиртира‚ цуьнга болу безам чг дагчу бахна цуьнан. Баккъалла а, вайна ма го и билггалчу тилар чохь хилар'

    12:30

Гочдар: Магомед Магомедов