Мусхаф., агӏо 239
-
فَلَمَّا سَمِعَتْ بِمَكْرِهِنَّ أَرْسَلَتْ إِلَيْهِنَّ وَأَعْتَدَتْ لَهُنَّ مُتَّكَأً وَآتَتْ كُلَّ وَاحِدَةٍ مِنْهُنَّ سِكِّينًا وَقَالَتِ اخْرُجْ عَلَيْهِنَّ ۖ فَلَمَّا رَأَيْنَهُ أَكْبَرْنَهُ وَقَطَّعْنَ أَيْدِيَهُنَّ وَقُلْنَ حَاشَ لِلَّهِ مَا هَٰذَا بَشَرًا إِنْ هَٰذَا إِلَّا مَلَكٌ كَرِيمٌ
Шена церан мекарло хезча‚ цо царна тIе /цхьаъ/ вахийтира. Царна дтевжийлаш а кечйира‚ царах хIоранга урс а делира‚ тIаккха элира /Юсуфе/: 'Гучувала царна!' Шайна и гича, цара и вазвира‚ шайн куьйгаш хедийра‚ элира: 'Дала лардойла! ХIара адам а дац! ХIара сийлахь малик ду!'
12:31 -
قَالَتْ فَذَٰلِكُنَّ الَّذِي لُمْتُنَّنِي فِيهِ ۖ وَلَقَدْ رَاوَدْتُهُ عَنْ نَفْسِهِ فَاسْتَعْصَمَ ۖ وَلَئِنْ لَمْ يَفْعَلْ مَا آمُرُهُ لَيُسْجَنَنَّ وَلَيَكُونًا مِنَ الصَّاغِرِينَ
Цо (Зулейхас) элира: 'И ву-кх шуна аш суна ша бахьанехь бехкаш дехкинарг! Со и Iехо ма гIоьртира – и чIагIвелира. Ас шега омра деш дерг цо ца дахь‚ набахти чу вуллур ву и‚ и хир ву сийсаза болчарах'
12:32 -
قَالَ رَبِّ السِّجْنُ أَحَبُّ إِلَيَّ مِمَّا يَدْعُونَنِي إِلَيْهِ ۖ وَإِلَّا تَصْرِفْ عَنِّي كَيْدَهُنَّ أَصْبُ إِلَيْهِنَّ وَأَكُنْ مِنَ الْجَاهِلِينَ
Цо (Юсуфа, Деле доьхуш) элира: 'Со Кхиош-Кхобуш волу Дела‚ набахти дукхахо еза суна цара со шена (къинна) тIекхойкхучул‚ церан мекарло Ахь сох дIа ца яккхахь‚ со царна тIевоьрзур ву – тIаккха со жехIал нахах хир ма ву'
12:33 -
فَاسْتَجَابَ لَهُ رَبُّهُ فَصَرَفَ عَنْهُ كَيْدَهُنَّ ۚ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Шен Кхиош-кхобучо жоп делира цунна‚ цунах дIаяьккхира церан (зударийн) мекарло. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву
12:34 -
ثُمَّ بَدَا لَهُمْ مِنْ بَعْدِ مَا رَأَوُا الْآيَاتِ لَيَسْجُنُنَّهُ حَتَّىٰ حِينٍ
Шайна делилаш гинчул тIаьхьа, церан ойла хилира и цхьана ханна набахти чу волла
12:35 -
وَدَخَلَ مَعَهُ السِّجْنَ فَتَيَانِ ۖ قَالَ أَحَدُهُمَا إِنِّي أَرَانِي أَعْصِرُ خَمْرًا ۖ وَقَالَ الْآخَرُ إِنِّي أَرَانِي أَحْمِلُ فَوْقَ رَأْسِي خُبْزًا تَأْكُلُ الطَّيْرُ مِنْهُ ۖ نَبِّئْنَا بِتَأْوِيلِهِ ۖ إِنَّا نَرَاكَ مِنَ الْمُحْسِنِينَ
Цуьнца цхьана набахти чоьхьавелира ши къонах. Цу шиннах цхьаммо элира: 'Суна суо го айса чагIар доккхуш'. Вукхо элира: 'Суна суо го сайн коьрта тIехь айса кхаллар кхоьхьуш‚ и олхазарша даа дууш. Дийца тхуна и тидарх. Баккъалла а, тхуна хьо го дикачарах'
12:36 -
قَالَ لَا يَأْتِيكُمَا طَعَامٌ تُرْزَقَانِهِ إِلَّا نَبَّأْتُكُمَا بِتَأْوِيلِهِ قَبْلَ أَنْ يَأْتِيَكُمَا ۚ ذَٰلِكُمَا مِمَّا عَلَّمَنِي رَبِّي ۚ إِنِّي تَرَكْتُ مِلَّةَ قَوْمٍ لَا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَهُمْ بِالْآخِرَةِ هُمْ كَافِرُونَ
Цо элира: 'Шушинна тIе шуна баош болу кхача кхочур ма бац ас шуна цуьнан тидарх дуьйцуш бен и шуьга кхачале. И ду шуна сан Кхиош-кхобучо суна Iамийначух. Ас дитина ша Делах цатешачу‚ ша эхартана керста долчу къоман дин
12:37
Гочдар: Магомед Магомедов