Мусхаф., агӏо 240
-
وَاتَّبَعْتُ مِلَّةَ آبَائِي إِبْرَاهِيمَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ ۚ مَا كَانَ لَنَا أَنْ نُشْرِكَ بِاللَّهِ مِنْ شَيْءٍ ۚ ذَٰلِكَ مِنْ فَضْلِ اللَّهِ عَلَيْنَا وَعَلَى النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَشْكُرُونَ
Со тIаьхьаваьзна сан дайн ИбрахIиман‚ Исхьакъан‚ ЯIкъубан динна. Тхан ца хилла цхьана а хIуманца Делаца накъост лацар. И Делан комаьршаллах ду тхуна а‚ нахана а. Делахь а, дукхахболчу наха баркалла ца олу
12:38 -
يَا صَاحِبَيِ السِّجْنِ أَأَرْبَابٌ مُتَفَرِّقُونَ خَيْرٌ أَمِ اللَّهُ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ
ХIай сан набахтин ши накъост! Тайп-тайпана делий бу дика я Ша цхьаъ волу‚ нуьцкъала волу АллахI-Дела ву?
12:39 -
مَا تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِهِ إِلَّا أَسْمَاءً سَمَّيْتُمُوهَا أَنْتُمْ وَآبَاؤُكُمْ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ بِهَا مِنْ سُلْطَانٍ ۚ إِنِ الْحُكْمُ إِلَّا لِلَّهِ ۚ أَمَرَ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا إِيَّاهُ ۚ ذَٰلِكَ الدِّينُ الْقَيِّمُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
И воцчунна аш шайна Iибадат дийриг еккъа цIерш ма ю‚ аш шаьш а, шун дайша а техкина йолу‚ цаьрца цхьа а делил Дала доссийна ма дац. Хьукма Делан бен ма дац. Цо омра дина, Шена бен Iибадат ма де‚ аьлла. И ду мехала дин‚ делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх
12:40 -
يَا صَاحِبَيِ السِّجْنِ أَمَّا أَحَدُكُمَا فَيَسْقِي رَبَّهُ خَمْرًا ۖ وَأَمَّا الْآخَرُ فَيُصْلَبُ فَتَأْكُلُ الطَّيْرُ مِنْ رَأْسِهِ ۚ قُضِيَ الْأَمْرُ الَّذِي فِيهِ تَسْتَفْتِيَانِ
ХIай сан набахтин ши накъост! Шушиннах цхьамма шен элана чагIар малор ду‚ ткъа важа ирхъуллур ву‚ цуьнан коьрта тра /меженаш/ олхазарша йуур ю. Кхочушхили гIуллакх‚ аш шех лаьцна хоьттуш долу'
12:41 -
وَقَالَ لِلَّذِي ظَنَّ أَنَّهُ نَاجٍ مِنْهُمَا اذْكُرْنِي عِنْدَ رَبِّكَ فَأَنْسَاهُ الشَّيْطَانُ ذِكْرَ رَبِّهِ فَلَبِثَ فِي السِّجْنِ بِضْعَ سِنِينَ
Цо элира шена царах кIелхьарвер ву хетачуьнга: 'Хьайн элана гергахь со хьахавелахь'. ШайтIано дицдалийтира цунна шен эле и хьахавар. ТIаккха и висира набахти чохь цхьа масийтта шарахь
12:42 -
وَقَالَ الْمَلِكُ إِنِّي أَرَىٰ سَبْعَ بَقَرَاتٍ سِمَانٍ يَأْكُلُهُنَّ سَبْعٌ عِجَافٌ وَسَبْعَ سُنْبُلَاتٍ خُضْرٍ وَأُخَرَ يَابِسَاتٍ ۖ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ أَفْتُونِي فِي رُؤْيَايَ إِنْ كُنْتُمْ لِلرُّؤْيَا تَعْبُرُونَ
/Мисран/ паччахьо элира: 'Суна го ворхI берстина етт ворхI озачара бууш‚ ворхI баьццара кан‚ кхиберш - бакъабелла. ХIай элий! Тидал суна сан гIан, шаьш гIенаш туьдуш хиллехь'
12:43
Гочдар: Магомед Магомедов