Мусхаф., агӏо 241
-
قَالُوا أَضْغَاثُ أَحْلَامٍ ۖ وَمَا نَحْنُ بِتَأْوِيلِ الْأَحْلَامِ بِعَالِمِينَ
Цара элира: 'Вовшах ийна гIенаш дара уьш-м. Тхо /иштта/ гIенаш тида хууш дац'
12:44 -
وَقَالَ الَّذِي نَجَا مِنْهُمَا وَادَّكَرَ بَعْدَ أُمَّةٍ أَنَا أُنَبِّئُكُمْ بِتَأْوِيلِهِ فَأَرْسِلُونِ
Цу шиннах кIелхьараваьллачо элира‚ цхьа хан яьлча дагадеара цунна: 'Ас дуьйцур ду шуна иза тидарх‚ со вахийта /гнаш туьдург вало/'
12:45 -
يُوسُفُ أَيُّهَا الصِّدِّيقُ أَفْتِنَا فِي سَبْعِ بَقَرَاتٍ سِمَانٍ يَأْكُلُهُنَّ سَبْعٌ عِجَافٌ وَسَبْعِ سُنْبُلَاتٍ خُضْرٍ وَأُخَرَ يَابِسَاتٍ لَعَلِّي أَرْجِعُ إِلَى النَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَعْلَمُونَ
'Юсуф! ХIай бакълуьйш верг! Сацам бе тхуна /гIан тидарца/ ворхI берстинчу аттах‚ ворхI озачо шаьш бууш болчу‚ ворхI баьццарчу кенах а‚ кхиболчу бакъабеллачарах а. Со юхаверза магара нахана тIе‚ царна хаа а магара'
12:46 -
قَالَ تَزْرَعُونَ سَبْعَ سِنِينَ دَأَبًا فَمَا حَصَدْتُمْ فَذَرُوهُ فِي سُنْبُلِهِ إِلَّا قَلِيلًا مِمَّا تَأْكُلُونَ
Цо (Юсуфа, гн туьдуш) элира: 'ВорхI шарахь тIеттIа аш дика ялта дуьйр ду‚ шаьш чудерзийнарг – диталаш иза кенашкахь, шаьш дуур долу /цхьа/ кIеззиг доцург
12:47 -
ثُمَّ يَأْتِي مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ سَبْعٌ شِدَادٌ يَأْكُلْنَ مَا قَدَّمْتُمْ لَهُنَّ إِلَّا قَلِيلًا مِمَّا تُحْصِنُونَ
ТIаккха цул тIаьхьа ворхI хала (шо) догIур ду: цара дуур ду аш царна хьалха кечдинарг, аш Iалашдер долчух /цхьа/ кIеззиг доцург
12:48 -
ثُمَّ يَأْتِي مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ عَامٌ فِيهِ يُغَاثُ النَّاسُ وَفِيهِ يَعْصِرُونَ
ТIаккха цул тIаьхьа цхьа шо догIур ду‚ шена чохь нахана алссам догIа догр долуш‚ шена чохь цара (наха) доккхур долуш /чагр а, мутт а, даьтта а/'
12:49 -
وَقَالَ الْمَلِكُ ائْتُونِي بِهِ ۖ فَلَمَّا جَاءَهُ الرَّسُولُ قَالَ ارْجِعْ إِلَىٰ رَبِّكَ فَاسْأَلْهُ مَا بَالُ النِّسْوَةِ اللَّاتِي قَطَّعْنَ أَيْدِيَهُنَّ ۚ إِنَّ رَبِّي بِكَيْدِهِنَّ عَلِيمٌ
Паччахьо элира: 'Суна тIевалаве иза (Юсуф)'. Шена тIевахийтинарг веъча‚ цо (Юсуфа) элира: 'Хьада, юхаверза хьайн элана тIе‚ хатта цуьнга: 'ХIун бāла бу шайн куьйгаш хедийнчу зударийн (хн хилира щайн куьйгаш хедийначу зударех)? Баккъалла а, сан Кхиош – Кхобург церан мекарлонаш хууш ма ву'
12:50 -
قَالَ مَا خَطْبُكُنَّ إِذْ رَاوَدْتُنَّ يُوسُفَ عَنْ نَفْسِهِ ۚ قُلْنَ حَاشَ لِلَّهِ مَا عَلِمْنَا عَلَيْهِ مِنْ سُوءٍ ۚ قَالَتِ امْرَأَتُ الْعَزِيزِ الْآنَ حَصْحَصَ الْحَقُّ أَنَا رَاوَدْتُهُ عَنْ نَفْسِهِ وَإِنَّهُ لَمِنَ الصَّادِقِينَ
Цо (эло) элира /зударшка/: 'ХIун гIуллакх дара шун‚ шу и Юсуф Iехо гIертар?' Цара элира: 'Дала лардойла! Тхуна ца хии цунах цхьа а вониг'. Элан зудчо элира: 'ХIинца гучадаьлла бакъдерг. Со гIоьртира и Iехо‚ и бакълуьйчарах ву
12:51 -
ذَٰلِكَ لِيَعْلَمَ أَنِّي لَمْ أَخُنْهُ بِالْغَيْبِ وَأَنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي كَيْدَ الْخَائِنِينَ
Иза /олу ас/ – цунна хаархьама ас шена къайлаха тешнабехк бина цахилар, Дела а вуйла нис ца еш тешнабехк беш болчеран мекарло
12:52
Гочдар: Магомед Магомедов