Мусхаф., агӏо 242
-
وَمَا أُبَرِّئُ نَفْسِي ۚ إِنَّ النَّفْسَ لَأَمَّارَةٌ بِالسُّوءِ إِلَّا مَا رَحِمَ رَبِّي ۚ إِنَّ رَبِّي غَفُورٌ رَحِيمٌ
Ас цIан ца до сан са‚ баккъалла а, сино вониг хьоьху сан Кхиош-кхобучо къинхетам бинарг доцург‚ баккъалла а, сан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву'
12:53 -
وَقَالَ الْمَلِكُ ائْتُونِي بِهِ أَسْتَخْلِصْهُ لِنَفْسِي ۖ فَلَمَّا كَلَّمَهُ قَالَ إِنَّكَ الْيَوْمَ لَدَيْنَا مَكِينٌ أَمِينٌ
Паччахьо элира: 'Суна тIевалаве иза. Ас сайна /гIоьнча/ вуьтур ву иза'. Цуьнца шен къамел хилча‚ цо элира: 'Хьо тахана тхуна гергахь чIогIа верг а ву‚ тешаме верг а ву'
12:54 -
قَالَ اجْعَلْنِي عَلَىٰ خَزَائِنِ الْأَرْضِ ۖ إِنِّي حَفِيظٌ عَلِيمٌ
Цо (Юсуфа) элира: 'Со махкан хазнашна тIехIоттаве‚ со Iалашдийриг а ву‚ хуург а ву'
12:55 -
وَكَذَٰلِكَ مَكَّنَّا لِيُوسُفَ فِي الْأَرْضِ يَتَبَوَّأُ مِنْهَا حَيْثُ يَشَاءُ ۚ نُصِيبُ بِرَحْمَتِنَا مَنْ نَشَاءُ ۖ وَلَا نُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ
Иштта чIагIвира Оха Юсуф махкахь‚ шена луучохь ваха охьа а хууш. Тхан къинхетамах кхиаво Оха Тхайна луург‚ дикачеран ял ца эшайо Оха
12:56 -
وَلَأَجْرُ الْآخِرَةِ خَيْرٌ لِلَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ
Ткъа баккъалла а, эхартан ял дика ю ийман диллинчарна‚ /Делах/ кхоьруш хиллачарна
12:57 -
وَجَاءَ إِخْوَةُ يُوسُفَ فَدَخَلُوا عَلَيْهِ فَعَرَفَهُمْ وَهُمْ لَهُ مُنْكِرُونَ
Юсуфан вежарий баьхкира‚ и волчу чоьхьа бевлира уьш‚ цунна уьш бевзира‚ царна иза ца вевзира
12:58 -
وَلَمَّا جَهَّزَهُمْ بِجَهَازِهِمْ قَالَ ائْتُونِي بِأَخٍ لَكُمْ مِنْ أَبِيكُمْ ۚ أَلَا تَرَوْنَ أَنِّي أُوفِي الْكَيْلَ وَأَنَا خَيْرُ الْمُنْزِلِينَ
Ша уьш шайн гIирсаца кечбинчул тIаьхьа‚ цо элира: 'Шайн ден агIорхьара /кхечу нанас вина/ волу шайн ваша валаве суна тIе. Шуна ца го: ас нийса кхочушбо барам‚ со шена /шу/ тIедуссучарах диканиг ву
12:59 -
فَإِنْ لَمْ تَأْتُونِي بِهِ فَلَا كَيْلَ لَكُمْ عِنْدِي وَلَا تَقْرَبُونِ
Аш суна и ца валавахь – шуна барам бац сан гергахь‚ суна герга ма дуьйлалаш'
12:60 -
قَالُوا سَنُرَاوِدُ عَنْهُ أَبَاهُ وَإِنَّا لَفَاعِلُونَ
Цара (Юсуфан вежарша) элира: 'Оха шен дегара Iехийна валор ву иза. Баккъалла а, Оха /кхочуш/дийр ду'
12:61 -
وَقَالَ لِفِتْيَانِهِ اجْعَلُوا بِضَاعَتَهُمْ فِي رِحَالِهِمْ لَعَلَّهُمْ يَعْرِفُونَهَا إِذَا انْقَلَبُوا إِلَىٰ أَهْلِهِمْ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Шен ялхошка цо (Юсуфа) элира: 'Церан хIуманаш шайн кираний чу дIаехка: шайн доьзална тIебирзича, царна уьш йовза мегара‚ уьш юха схьа бан мегара'
12:62 -
فَلَمَّا رَجَعُوا إِلَىٰ أَبِيهِمْ قَالُوا يَا أَبَانَا مُنِعَ مِنَّا الْكَيْلُ فَأَرْسِلْ مَعَنَا أَخَانَا نَكْتَلْ وَإِنَّا لَهُ لَحَافِظُونَ
Шайн дена тIе юхабирзича, цара элира: 'ХIай дада! /КIан/ барам духатоьхна тхох‚ и тхан ваша ваийта тхоьца – барам бийр бу оха‚ тхо цунна лардархой хир ду'
12:63
Гочдар: Магомед Магомедов