Мусхаф., агӏо 243
-
قَالَ هَلْ آمَنُكُمْ عَلَيْهِ إِلَّا كَمَا أَمِنْتُكُمْ عَلَىٰ أَخِيهِ مِنْ قَبْلُ ۖ فَاللَّهُ خَيْرٌ حَافِظًا ۖ وَهُوَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ
Цо (ЯIкъуба) элира: 'И шух тешна вуьтур варий ас‚ хьалха цуьнан ваша шух тешорах терра? Дела ву-кх дика лардархо. И ву-кх уггар къинхетаме верг'
12:64 -
وَلَمَّا فَتَحُوا مَتَاعَهُمْ وَجَدُوا بِضَاعَتَهُمْ رُدَّتْ إِلَيْهِمْ ۖ قَالُوا يَا أَبَانَا مَا نَبْغِي ۖ هَٰذِهِ بِضَاعَتُنَا رُدَّتْ إِلَيْنَا ۖ وَنَمِيرُ أَهْلَنَا وَنَحْفَظُ أَخَانَا وَنَزْدَادُ كَيْلَ بَعِيرٍ ۖ ذَٰلِكَ كَيْلٌ يَسِيرٌ
Шайн киранаш схьадиллича‚ царна карийра шайн хIуманаш шайга юхаяийтина. Цара элира: 'ХIай дада! ХIун лоьху вай? Вайн хIуманаш юхаяийтина вайга! Вайн цIийнан охIла а кхобур яра юучуьнца‚ тхан ваша а Iалашвийр вара‚ алсамбоккхур бара Оха барам цхьана эмкална. И барам атта бу-кх'
12:65 -
قَالَ لَنْ أُرْسِلَهُ مَعَكُمْ حَتَّىٰ تُؤْتُونِ مَوْثِقًا مِنَ اللَّهِ لَتَأْتُنَّنِي بِهِ إِلَّا أَنْ يُحَاطَ بِكُمْ ۖ فَلَمَّا آتَوْهُ مَوْثِقَهُمْ قَالَ اللَّهُ عَلَىٰ مَا نَقُولُ وَكِيلٌ
Цо (ЯIкъуба) элира: 'Ас ванне а воуьйтур ма вац и шуьца‚ аш суна Делаца чIагIо ца яхь, шаьш суна схьавалор ву иза‚ аьлла‚ шайх цхьа хIума ца хилахь'. Цара шена дуй биъча‚ цо элира: 'Дела ву-кх вай дуьйцучунна векал (теш)'
12:66 -
وَقَالَ يَا بَنِيَّ لَا تَدْخُلُوا مِنْ بَابٍ وَاحِدٍ وَادْخُلُوا مِنْ أَبْوَابٍ مُتَفَرِّقَةٍ ۖ وَمَا أُغْنِي عَنْكُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ ۖ إِنِ الْحُكْمُ إِلَّا لِلَّهِ ۖ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ ۖ وَعَلَيْهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُتَوَكِّلُونَ
/ЯIкъуба/ элира: 'ХIай сан кIентий! Цхьана неIарехула чу ма гIолаш. Тайп-тайпана неIаршкахула чу гIолаш. Шу хIумма кIелхьардаха ца ло суна Делера. Хьукам Цуьнгахь бен дац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIетевжийла шаьш тевжаш берш'
12:67 -
وَلَمَّا دَخَلُوا مِنْ حَيْثُ أَمَرَهُمْ أَبُوهُمْ مَا كَانَ يُغْنِي عَنْهُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ إِلَّا حَاجَةً فِي نَفْسِ يَعْقُوبَ قَضَاهَا ۚ وَإِنَّهُ لَذُو عِلْمٍ لِمَا عَلَّمْنَاهُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Уьш чу баьхкича, шайн дас шайга омра динчухула, и ца хиллера царах Делера хIумма кIелхьарадаккха‚ деккъа ЯIкьубан шегахь цхьа хьашт бен – цо и кхочушдира. Баккъалла а, и Iилма долуш верг ву Оха шена Iамийначунна. Делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх
12:68 -
وَلَمَّا دَخَلُوا عَلَىٰ يُوسُفَ آوَىٰ إِلَيْهِ أَخَاهُ ۖ قَالَ إِنِّي أَنَا أَخُوكَ فَلَا تَبْتَئِسْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Уьш Юсуф волчу чу баьхкича‚ цо шен ваша шена тIеийцира‚ элира: 'Баккъалла а, со хьан ваша ву. Ахь са ма хьийзаде цара деш хиллачуьнца'
12:69
Гочдар: Магомед Магомедов