Мусхаф., агӏо 244
-
فَلَمَّا جَهَّزَهُمْ بِجَهَازِهِمْ جَعَلَ السِّقَايَةَ فِي رَحْلِ أَخِيهِ ثُمَّ أَذَّنَ مُؤَذِّنٌ أَيَّتُهَا الْعِيرُ إِنَّكُمْ لَسَارِقُونَ
Ша царна кечбинчул тIаьхьа церан кечам‚ шен вешин мохьа чу кад биллира цо. ТIаккха кхойкхучо кхайкхира: 'ХIай ковра (къепал)! Шу къуй ду!'
12:70 -
قَالُوا وَأَقْبَلُوا عَلَيْهِمْ مَاذَا تَفْقِدُونَ
Цара (вежарша) элира‚ шаьш царна тIебаьхкина: 'ХIун яйна шун?'
12:71 -
قَالُوا نَفْقِدُ صُوَاعَ الْمَلِكِ وَلِمَنْ جَاءَ بِهِ حِمْلُ بَعِيرٍ وَأَنَا بِهِ زَعِيمٌ
Цара элира: 'Паччахьан кад байна тхан‚ и схьабеъначунна цхьана эмкалан мохь бу. Ас дош ло цунна тIера'
12:72 -
قَالُوا تَاللَّهِ لَقَدْ عَلِمْتُمْ مَا جِئْنَا لِنُفْسِدَ فِي الْأَرْضِ وَمَا كُنَّا سَارِقِينَ
Цара (вежарша) элира: 'ВаллахIи‚ шуна ма-хаъара‚ тхо лаьттахь вониг дан даьхкина ма дацара‚ къуй ма дацара тхо'
12:73 -
قَالُوا فَمَا جَزَاؤُهُ إِنْ كُنْتُمْ كَاذِبِينَ
Цара элира: 'ХIун бекхам хир бу цуьнан‚ нагахь санна шу харцлуьйш хиллехь?'
12:74 -
قَالُوا جَزَاؤُهُ مَنْ وُجِدَ فِي رَحْلِهِ فَهُوَ جَزَاؤُهُ ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي الظَّالِمِينَ
Элира /вежарша/: 'Цуьнан бекхам – шен мохьа чохь и карийнарг – и ша ву цуьнан бекхам. Иштта бекхам бо оха зуламхошна'
12:75 -
فَبَدَأَ بِأَوْعِيَتِهِمْ قَبْلَ وِعَاءِ أَخِيهِ ثُمَّ اسْتَخْرَجَهَا مِنْ وِعَاءِ أَخِيهِ ۚ كَذَٰلِكَ كِدْنَا لِيُوسُفَ ۖ مَا كَانَ لِيَأْخُذَ أَخَاهُ فِي دِينِ الْمَلِكِ إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ ۚ نَرْفَعُ دَرَجَاتٍ مَنْ نَشَاءُ ۗ وَفَوْقَ كُلِّ ذِي عِلْمٍ عَلِيمٌ
И волавелира /яйна хIума лаха/ церан киранашкара шен вешин киранал хьалха‚ тIаккха и /кад/ схьабаьккхира цо шен вешин киранна чуьра. Иштта хIилла мийра Оха Юсуфна. Шен ваша схьалоцийла (бухасацойла) дацара цуьнан /иштта а бен/ паччахьан динехь, Далла лиъча а бен. Тхайна луург даржашкахь лакхавоккху Оха. Массо шегахь Iилма долчунна тIехь а Iилма дерг ву Иза /Дела/
12:76 -
قَالُوا إِنْ يَسْرِقْ فَقَدْ سَرَقَ أَخٌ لَهُ مِنْ قَبْلُ ۚ فَأَسَرَّهَا يُوسُفُ فِي نَفْسِهِ وَلَمْ يُبْدِهَا لَهُمْ ۚ قَالَ أَنْتُمْ شَرٌّ مَكَانًا ۖ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا تَصِفُونَ
Цара элира: 'Цо лачкъийна белахь‚ хьалха цуьнан вашас а лачкъийра'. И шегахь хьулдира Юсуфа‚ царна гучу ца даьккхира‚ элира /ша-шега/: ' Шу ду-кх /тхол/ вуно вочу хьолехь. Дела дика хууш ву-кх аш хттош долу сурт'
12:77 -
قَالُوا يَا أَيُّهَا الْعَزِيزُ إِنَّ لَهُ أَبًا شَيْخًا كَبِيرًا فَخُذْ أَحَدَنَا مَكَانَهُ ۖ إِنَّا نَرَاكَ مِنَ الْمُحْسِنِينَ
Цара элира: 'ХIай веза эла! Цуьнан да ву воккха къена стаг‚ тхох цхьаъ бухасацавехьа цуьнан метта‚ тхуна хьо дикачарах гуш ма ву'
12:78
Гочдар: Магомед Магомедов