Мусхаф., агӏо 245
-
قَالَ مَعَاذَ اللَّهِ أَنْ نَأْخُذَ إِلَّا مَنْ وَجَدْنَا مَتَاعَنَا عِنْدَهُ إِنَّا إِذًا لَظَالِمُونَ
Цо элира: 'Дала лардойла Оха тхешан хIума шегахь карийнарг бен сацацаварх! ТIаккха тхо зуламхой хир ма дарий'
12:79 -
فَلَمَّا اسْتَيْأَسُوا مِنْهُ خَلَصُوا نَجِيًّا ۖ قَالَ كَبِيرُهُمْ أَلَمْ تَعْلَمُوا أَنَّ أَبَاكُمْ قَدْ أَخَذَ عَلَيْكُمْ مَوْثِقًا مِنَ اللَّهِ وَمِنْ قَبْلُ مَا فَرَّطْتُمْ فِي يُوسُفَ ۖ فَلَنْ أَبْرَحَ الْأَرْضَ حَتَّىٰ يَأْذَنَ لِي أَبِي أَوْ يَحْكُمَ اللَّهُ لِي ۖ وَهُوَ خَيْرُ الْحَاكِمِينَ
Шаьш цунах дог диллича‚ вовшашца дагабуьйлуш шаьш бисира уьш. Царах воккхачо элира: 'Шуна хаьий шайн дас шайга Делаца чг яйтина хилар‚ аш хьалха Юсуфан хьокъехь ледарло ялийтира. Со хIокху лаьттара (махкара) дIагр вац сан дас суна пурба лахь бен‚ я Дала суна хьукма дахь бен. Иза хьукма дечарах диканиг ву
12:80 -
ارْجِعُوا إِلَىٰ أَبِيكُمْ فَقُولُوا يَا أَبَانَا إِنَّ ابْنَكَ سَرَقَ وَمَا شَهِدْنَا إِلَّا بِمَا عَلِمْنَا وَمَا كُنَّا لِلْغَيْبِ حَافِظِينَ
Шу юхадерза шайн дена тIе‚ аш āла: 'Дада! Хьан кIанта къола дина‚ Оха тешалла дина ма дац тхайна хууш хиллачух бен‚ тхо ца хилла къайлах дерг лашдеш а (тхуна ца хаьа къайлах дерг)
12:81 -
وَاسْأَلِ الْقَرْيَةَ الَّتِي كُنَّا فِيهَا وَالْعِيرَ الَّتِي أَقْبَلْنَا فِيهَا ۖ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ
Хатта хьайна тхо хиллачу юрте а‚ тхо шеца даьхкинчу ковре а. Баккъалла а, тхо бакълуьйш дерш ма ду-кх'
12:82 -
قَالَ بَلْ سَوَّلَتْ لَكُمْ أَنْفُسُكُمْ أَمْرًا ۖ فَصَبْرٌ جَمِيلٌ ۖ عَسَى اللَّهُ أَنْ يَأْتِيَنِي بِهِمْ جَمِيعًا ۚ إِنَّهُ هُوَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ
Цо (ЯIкъуба) элира: 'ХIаъ! Шун синоша цхьа гIуллакх хаздира шуна. Собар ду-кх /суна/ тх дика. Дала уьш берриге а схьабало мега суна. Баккъалла а, Иза – хууш верг а ву‚ хьукма /нийса / деш верг а ву-кх'
12:83 -
وَتَوَلَّىٰ عَنْهُمْ وَقَالَ يَا أَسَفَىٰ عَلَىٰ يُوسُفَ وَابْيَضَّتْ عَيْنَاهُ مِنَ الْحُزْنِ فَهُوَ كَظِيمٌ
Царах дIавирзира иза‚ элира: 'Ма лазам бу-кх соьгахь Йусуф бахьанехь'. Сингаттамна кIайбелира цуьнан бьргаш. И сатухуш вара
12:84 -
قَالُوا تَاللَّهِ تَفْتَأُ تَذْكُرُ يُوسُفَ حَتَّىٰ تَكُونَ حَرَضًا أَوْ تَكُونَ مِنَ الْهَالِكِينَ
Цара (ЯIкъубан гонахь болчара) элира: 'ВаллахIи‚ Юсуф вуьйцучура хьо соцур ма вац хьуо цомгуш хиллалц я хIаллакхиллалц'
12:85 -
قَالَ إِنَّمَا أَشْكُو بَثِّي وَحُزْنِي إِلَى اللَّهِ وَأَعْلَمُ مِنَ اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Цо (Яъуба) элира: 'Ас Деле балхабо сайн бāла а‚ сайн гIайгIа а‚ со хаьа Делера шуна цахуург а
12:86
Гочдар: Магомед Магомедов