Мусхаф., агӏо 251
-
لَهُ دَعْوَةُ الْحَقِّ ۖ وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ لَا يَسْتَجِيبُونَ لَهُمْ بِشَيْءٍ إِلَّا كَبَاسِطِ كَفَّيْهِ إِلَى الْمَاءِ لِيَبْلُغَ فَاهُ وَمَا هُوَ بِبَالِغِهِ ۚ وَمَا دُعَاءُ الْكَافِرِينَ إِلَّا فِي ضَلَالٍ
Цуьнга ду бакъдолчун кхайкхар. И воцчуьнга кхойкхуш берш – цхьанна а хIуманца царна жоп лур дац цара‚ уьш тера бу хи тIе генара куьйгаш кховдинчух и шен бага кхачийта – ткъа иза ца кхочу цуьнга. Цатешачеран /шайн делашка/ кхайкхар ма дац тилар чохь бен
13:14 -
وَلِلَّهِ يَسْجُدُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ طَوْعًا وَكَرْهًا وَظِلَالُهُمْ بِالْغُدُوِّ وَالْآصَالِ ۩
Далла сужуд деш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, лууш а, ца лууш а. Церан IиндагIаш а /ду Цунна сужуд деш/ Iуьйранна а‚ суьйранна а
13:15 -
قُلْ مَنْ رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ قُلِ اللَّهُ ۚ قُلْ أَفَاتَّخَذْتُمْ مِنْ دُونِهِ أَوْلِيَاءَ لَا يَمْلِكُونَ لِأَنْفُسِهِمْ نَفْعًا وَلَا ضَرًّا ۚ قُلْ هَلْ يَسْتَوِي الْأَعْمَىٰ وَالْبَصِيرُ أَمْ هَلْ تَسْتَوِي الظُّلُمَاتُ وَالنُّورُ ۗ أَمْ جَعَلُوا لِلَّهِ شُرَكَاءَ خَلَقُوا كَخَلْقِهِ فَتَشَابَهَ الْخَلْقُ عَلَيْهِمْ ۚ قُلِ اللَّهُ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ وَهُوَ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ
Āла /хIай Мухьаммад/: 'Мила ву стигалийн а‚ лаьттан а Эла?' Āла: 'Дела ву'. Āла: 'Ткъа, Иза а вуьтий, /Iибадат дан кхин/ накъостий лоьцу аш‚ шайн догIмашна а пайда а‚ я зен шайгахь доцу?' Āла: 'Цхьатерра вуй ткъа бIаьрзениг а‚ бIаьрсадерг а‚ я цхьатерра дуй ткъа боданаш а‚ нур а?' Я цара Далла накъостий хилийтина‚ шаьш /халкъ/ кхоьллина, Цо кхолларх терра - царна и халкъах тарделла? Ахь āла: 'Массо а хIуманан кхоллархо ву Дела. И ша цхьаъ верг а‚ ницкъ алссам берг а ву'
13:16 -
أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَسَالَتْ أَوْدِيَةٌ بِقَدَرِهَا فَاحْتَمَلَ السَّيْلُ زَبَدًا رَابِيًا ۚ وَمِمَّا يُوقِدُونَ عَلَيْهِ فِي النَّارِ ابْتِغَاءَ حِلْيَةٍ أَوْ مَتَاعٍ زَبَدٌ مِثْلُهُ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ اللَّهُ الْحَقَّ وَالْبَاطِلَ ۚ فَأَمَّا الزَّبَدُ فَيَذْهَبُ جُفَاءً ۖ وَأَمَّا مَا يَنْفَعُ النَّاسَ فَيَمْكُثُ فِي الْأَرْضِ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ اللَّهُ الْأَمْثَالَ
Цо доссийна стиглара хи – Iовраш ихира хершанашкахула шайн барамехь‚ Iовраша дяьхьира аййелла чопа. Цара цIергахь хазаллаш я кхин хIуманаш еш ягаечух а чопа ю цунах терра. Иштта даладо Дала бакъдолчун а‚ харцдолчун а масал. Чопа эрна дIагIо‚ ткъа нахана пайда беш дерг лаьттахь дуьсу. Иштта даладо Дала масалш
13:17 -
لِلَّذِينَ اسْتَجَابُوا لِرَبِّهِمُ الْحُسْنَىٰ ۚ وَالَّذِينَ لَمْ يَسْتَجِيبُوا لَهُ لَوْ أَنَّ لَهُمْ مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا وَمِثْلَهُ مَعَهُ لَافْتَدَوْا بِهِ ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ سُوءُ الْحِسَابِ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ الْمِهَادُ
Шен Кхиош-Кхобучунна жоп деллачарна хазаниг ду - (ялсамани). Цунна жоп цаделлачарна лаьттахь мел дерг хилча а‚ цуьнца кхин цул а‚ и цунах (Делан Iазапах кIелхьардовла) дIалур ма дара цара. Ма вон хьесап ду-кх царна! Церан чугIойла жоьжахати ю. Вон (дIавуьжу) мотт бу и!
13:18
Гочдар: Магомед Магомедов