Мусхаф., агӏо 252
-
أَفَمَنْ يَعْلَمُ أَنَّمَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ الْحَقُّ كَمَنْ هُوَ أَعْمَىٰ ۚ إِنَّمَا يَتَذَكَّرُ أُولُو الْأَلْبَابِ
Ткъа хьан Кхиош-Кхобучуьнгара хьоьга доссинарг бакъдерг дуйла хууш верг бIаьрса доцучух тера ву? Баккъалла а‚ дагадоуьйту хьекъал долчара‚
13:19 -
الَّذِينَ يُوفُونَ بِعَهْدِ اللَّهِ وَلَا يَنْقُضُونَ الْمِيثَاقَ
Шаьш кхочушъеш болчара Делан ваIда‚ ца бохош болчара барт‚
13:20 -
وَالَّذِينَ يَصِلُونَ مَا أَمَرَ اللَّهُ بِهِ أَنْ يُوصَلَ وَيَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ وَيَخَافُونَ سُوءَ الْحِسَابِ
Шаьш вовшахтосуш болчара Дала вовшахтаса аьлла омра динарг а‚ шайн Делах кхоьручара а‚ вочу хьесапах ларлучара а
13:21 -
وَالَّذِينَ صَبَرُوا ابْتِغَاءَ وَجْهِ رَبِّهِمْ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَأَنْفَقُوا مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ سِرًّا وَعَلَانِيَةً وَيَدْرَءُونَ بِالْحَسَنَةِ السَّيِّئَةَ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عُقْبَى الدَّارِ
Шаьш собар диначара а шайн Кхиош-кхобучун юьхь езаш‚ ламаз хIоттийначара а‚ Оха шайна деллачу рицкъах а къайлаха а‚ гучахь а харж йиначара‚ шаьш вониг дикачуьнца духатухуш болчара а‚– царна ю-кх дахаран тIаьхье -
13:22 -
جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا وَمَنْ صَلَحَ مِنْ آبَائِهِمْ وَأَزْوَاجِهِمْ وَذُرِّيَّاتِهِمْ ۖ وَالْمَلَائِكَةُ يَدْخُلُونَ عَلَيْهِمْ مِنْ كُلِّ بَابٍ
Iаднан бошмаш. Царна чугIур бу уьш а‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрриетах а дика Iамал мел йинарг а. Маликаш тIедогIур ду царна массо а неIарехула /олуш/:
13:23 -
سَلَامٌ عَلَيْكُمْ بِمَا صَبَرْتُمْ ۚ فَنِعْمَ عُقْبَى الدَّارِ
'Маршо ю шуна аш собар дарна'. Ма дика ю дахаран тIаьхье!
13:24 -
وَالَّذِينَ يَنْقُضُونَ عَهْدَ اللَّهِ مِنْ بَعْدِ مِيثَاقِهِ وَيَقْطَعُونَ مَا أَمَرَ اللَّهُ بِهِ أَنْ يُوصَلَ وَيُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ ۙ أُولَٰئِكَ لَهُمُ اللَّعْنَةُ وَلَهُمْ سُوءُ الدَّارِ
Шаьш Делаца хилла ваа, и чгйинчул тьхьа, йохош болчарна‚ Дала вовшахтаса аьлларг хедош болчарна‚ лаьттахь боьханиг даржош болчарна – царна неIалт ду‚ царна вон цIа ду
13:25 -
اللَّهُ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَقْدِرُ ۚ وَفَرِحُوا بِالْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا فِي الْآخِرَةِ إِلَّا مَتَاعٌ
Дала рицкъ кховдадо Шена луучунна /шортта/‚ барам а бо. Баккхийбе уьш дуьненан дахарх. Дуьненан дахар ма дац, эхартаца дуьстича, цхьа хIуьмалг бен
13:26 -
وَيَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِنْ رَبِّهِ ۗ قُلْ إِنَّ اللَّهَ يُضِلُّ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي إِلَيْهِ مَنْ أَنَابَ
Цатешначара олу: 'Цуьнга (Мухьаммаде) доссийна хиллехьара шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа делил'. Ахь āла: 'Баккъалла а, Дала тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена тIе ша вирзинарг
13:27 -
الَّذِينَ آمَنُوا وَتَطْمَئِنُّ قُلُوبُهُمْ بِذِكْرِ اللَّهِ ۗ أَلَا بِذِكْرِ اللَّهِ تَطْمَئِنُّ الْقُلُوبُ
Ийман диллинарш а‚ шайн дегнашна Дела хьехаварца синтем хилларш а /нисбо Дала нийсачу новкъа/‚ ткъа Дела хьехаварца ца хуьлу дегнашна синтем?
13:28
Гочдар: Магомед Магомедов