Мусхаф., агӏо 253
-
الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ طُوبَىٰ لَهُمْ وَحُسْنُ مَآبٍ
Ийман диллинчарна‚ дика Iамалш йинчарна – зовкх хьегар а ду‚ хаза чугIойла а ю'
13:29 -
كَذَٰلِكَ أَرْسَلْنَاكَ فِي أُمَّةٍ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهَا أُمَمٌ لِتَتْلُوَ عَلَيْهِمُ الَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ وَهُمْ يَكْفُرُونَ بِالرَّحْمَٰنِ ۚ قُلْ هُوَ رَبِّي لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَإِلَيْهِ مَتَابِ
Иштта вахийтира Оха хьо умматна юккъе – цул хьалха а дIадахара умматаш – ахь царна дешархьама Оха хьайга ваьхьица делларг, уьш Къинхетам болчунна керстаналла деш а болуш. Ахь āла: 'Иза сан Кхиош-Кхобург ву‚ И воцург кхин дела вац‚ Цунна тIетевжина со‚ Цуьнга ду сан тōба дар'
13:30 -
وَلَوْ أَنَّ قُرْآنًا سُيِّرَتْ بِهِ الْجِبَالُ أَوْ قُطِّعَتْ بِهِ الْأَرْضُ أَوْ كُلِّمَ بِهِ الْمَوْتَىٰ ۗ بَلْ لِلَّهِ الْأَمْرُ جَمِيعًا ۗ أَفَلَمْ يَيْأَسِ الَّذِينَ آمَنُوا أَنْ لَوْ يَشَاءُ اللَّهُ لَهَدَى النَّاسَ جَمِيعًا ۗ وَلَا يَزَالُ الَّذِينَ كَفَرُوا تُصِيبُهُمْ بِمَا صَنَعُوا قَارِعَةٌ أَوْ تَحُلُّ قَرِيبًا مِنْ دَارِهِمْ حَتَّىٰ يَأْتِيَ وَعْدُ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُخْلِفُ الْمِيعَادَ
Къуръанца лаьмнаш леллехьара‚ я латта хедийнехьара‚ я цуьнца белларш бистхиллехьара /иза Делан омра хир дара – тIаккха а ийман дуьллур дацара цара/. ХIаъ. Делан ду-кх гIуллакх дерриге а. Ткъа ийман диллинчарна (хнца а) ца хаьа‚ Далла лаахьара, нах берриге а Цо нисбина хирг хилар? Цатешачара шаьш динарг бахьанехь царна т ца буссуш ца соцу бāла‚ я церан цIийнан уллохь /буссу/ и Делан ваIда яллалц. Баккъалла а, Дала ца йохайо /Шен/ ваIда
13:31 -
وَلَقَدِ اسْتُهْزِئَ بِرُسُلٍ مِنْ قَبْلِكَ فَأَمْلَيْتُ لِلَّذِينَ كَفَرُوا ثُمَّ أَخَذْتُهُمْ ۖ فَكَيْفَ كَانَ عِقَابِ
Хьол хьалха а сийсазбина элчанаш‚ Ас хан елла битира цатешарш‚ тIаккха Ас /Iазапца/ схьалецира уьш. Муха хилира Сан таIзар?!
13:32 -
أَفَمَنْ هُوَ قَائِمٌ عَلَىٰ كُلِّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ ۗ وَجَعَلُوا لِلَّهِ شُرَكَاءَ قُلْ سَمُّوهُمْ ۚ أَمْ تُنَبِّئُونَهُ بِمَا لَا يَعْلَمُ فِي الْأَرْضِ أَمْ بِظَاهِرٍ مِنَ الْقَوْلِ ۗ بَلْ زُيِّنَ لِلَّذِينَ كَفَرُوا مَكْرُهُمْ وَصُدُّوا عَنِ السَّبِيلِ ۗ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ هَادٍ
Ткъа И Ша хIор синна цо шена карадинчуьнца ТIехIоьттинарг /тера ву кхечарах/? Далла накъостий хилийтина цара. Ахь āла: 'ЦIерш яха церан! Я аш Цуьнга дуьйцур ду Цунна лаьттахь цахуург я тхула (деса) долу дош ду /и аш дуьйцург/?' ХIаъ‚ хаздина цатешачарна шайн хIилла‚ /нийсачу/ некъах баьхна уьш. Дала тилавала витинчунна цхьа а баьчча вац /и нисвалур волуш/
13:33 -
لَهُمْ عَذَابٌ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَشَقُّ ۖ وَمَا لَهُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ وَاقٍ
Царна дуьненан дахарехь а Iазап ду‚ ткъа эхартан Iазап кхин а хала ду. Ма вац царна шаьш Делах (Цуьнан Iазапах) лардан цхьа а
13:34
Гочдар: Магомед Магомедов