Мусхаф., агӏо 255

  1. وَيَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَسْتَ مُرْسَلًا ۚ قُلْ كَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ وَمَنْ عِنْدَهُ عِلْمُ الْكِتَابِ

    Цатешачара олу: 'Хьо ваийтинарг вац ( хьо элча вац)'‚ ахь āла: 'Кхачаме ду Дела теш хилар а суна а, шуна а юккъехь‚ шегахь жайнин Iилма дерг а'

    13:43
  2. الر ۚ كِتَابٌ أَنْزَلْنَاهُ إِلَيْكَ لِتُخْرِجَ النَّاسَ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ بِإِذْنِ رَبِّهِمْ إِلَىٰ صِرَاطِ الْعَزِيزِ الْحَمِيدِ

    Алиф-лам-ра. Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна долу, хьоьга нах боданашкара серлонга арабахийтархьама шайн Кхиош-Кхобучун пурбанца, Ша веза волчун‚ Ша хастаме волчун новкъа‚

    14:1
  3. اللَّهِ الَّذِي لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَوَيْلٌ لِلْكَافِرِينَ مِنْ عَذَابٍ شَدِيدٍ

    Делан /новкъа/‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шен долчу. Бāла бу-кх цатешачарна чIогIачу Iазапах

    14:2
  4. الَّذِينَ يَسْتَحِبُّونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا عَلَى الْآخِرَةِ وَيَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا ۚ أُولَٰئِكَ فِي ضَلَالٍ بَعِيدٍ

    Ишттанаш бу уьш шайна дуьненан дахар эхартал тх дукха дезаш‚ Делан некъах /нах/ дIатоьттуш, и гамбан гIерташ, – уьш генарчу тилар чохь ма бу

    14:3
  5. وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ رَسُولٍ إِلَّا بِلِسَانِ قَوْمِهِ لِيُبَيِّنَ لَهُمْ ۖ فَيُضِلُّ اللَّهُ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Оха ца ваийтина цхьа а элча шен къоман маттахь бен цуьнга царна билгалдаккхийтархьама. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу. И веза верг а‚ хьукма /нийса деш/ верг а ву

    14:4
  6. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا أَنْ أَخْرِجْ قَوْمَكَ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ وَذَكِّرْهُمْ بِأَيَّامِ اللَّهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ

    Оха Муса вахийтира Тхешан аяташца: 'Арадаккха хьайн къам боданашкара серлонга‚ дагадаийта царна Делан /ниIмат шайна дукха хилла/ денош'‚ аьлла. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хIор тх собаре волчунна а‚ баркалла олуш волчунна а

    14:5

Гочдар: Магомед Магомедов