Мусхаф., агӏо 256

  1. وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ اذْكُرُوا نِعْمَةَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ أَنْجَاكُمْ مِنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوءَ الْعَذَابِ وَيُذَبِّحُونَ أَبْنَاءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءَكُمْ ۚ وَفِي ذَٰلِكُمْ بَلَاءٌ مِنْ رَبِّكُمْ عَظِيمٌ

    Хьахаде: Мусас аьллера шен къоме: 'Аш дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат! Цо кIелхьардехира шу ФирIавнан доьзалх‚ боьха Iазап шуна тIехь хIоттош хилла болчу‚ шун кIентий бойъуш‚ шун зударий дийна буьтуш. Цу чохь шун Кхиош-Кхобучуьнгара сийлахь-доккха зер ду шуна'

    14:6
  2. وَإِذْ تَأَذَّنَ رَبُّكُمْ لَئِنْ شَكَرْتُمْ لَأَزِيدَنَّكُمْ ۖ وَلَئِنْ كَفَرْتُمْ إِنَّ عَذَابِي لَشَدِيدٌ

    Дагадаита: шун Кхиош-Кхобучо дIакхайкхира: 'Шу баркалле хилча‚ Ас совдохур ду шу /ниIматашкахь/‚ аш /Сан ниаташна/ керстадича, Сан Iазап чIогIа ду!'

    14:7
  3. وَقَالَ مُوسَىٰ إِنْ تَكْفُرُوا أَنْتُمْ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا فَإِنَّ اللَّهَ لَغَنِيٌّ حَمِيدٌ

    Мусас элира: ' Аша а‚ лаьттахь мел волчо а – массара а керстадахь а, – баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву (хIумма оьшуш вац)‚ хастаме а ву'

    14:8
  4. أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَبَأُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ قَوْمِ نُوحٍ وَعَادٍ وَثَمُودَ ۛ وَالَّذِينَ مِنْ بَعْدِهِمْ ۛ لَا يَعْلَمُهُمْ إِلَّا اللَّهُ ۚ جَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَرَدُّوا أَيْدِيَهُمْ فِي أَفْوَاهِهِمْ وَقَالُوا إِنَّا كَفَرْنَا بِمَا أُرْسِلْتُمْ بِهِ وَإِنَّا لَفِي شَكٍّ مِمَّا تَدْعُونَنَا إِلَيْهِ مُرِيبٍ

    Шуьга ца кхаьчна шул хьалха хиллачеран Нухьан къоман‚ Iадийн‚ Самудийн а хабар‚ царал тIаьхьа хиллачеран а /хабар/? Далла а бен ца хаьа уьш. Цаьрга баьхкира шайн элчанаш билгалонашца – куьйгаш шайн бага а духкий, цара олура: 'Оха керстадина шу шеца даийтинчунна‚ тхо чIогIачу шеконехь ду аш тхо шена тIекхойкхучух'

    14:9
  5. قَالَتْ رُسُلُهُمْ أَفِي اللَّهِ شَكٌّ فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ يَدْعُوكُمْ لِيَغْفِرَ لَكُمْ مِنْ ذُنُوبِكُمْ وَيُؤَخِّرَكُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۚ قَالُوا إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُنَا تُرِيدُونَ أَنْ تَصُدُّونَا عَمَّا كَانَ يَعْبُدُ آبَاؤُنَا فَأْتُونَا بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Церан элчанаша элира: 'Ткъа Делехь /И цхьаъ хиларехь а, дерриг бадат Цунна дарехь а/ шеко ю‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллина волчу? Цо кхойкху шу шун къинош Ша гечдаре‚ тоьхначу ханна шу тIаьхьататтаре'. Цара элира: 'Шу ма дац тхо санна адамаш бен‚ шуна лаьа тхо дIататта тхан дай шена Iибадат деш хиллачух‚ даладе тхуна билггала делил'

    14:10

Гочдар: Магомед Магомедов