Мусхаф., агӏо 257
-
قَالَتْ لَهُمْ رُسُلُهُمْ إِنْ نَحْنُ إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُكُمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يَمُنُّ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۖ وَمَا كَانَ لَنَا أَنْ نَأْتِيَكُمْ بِسُلْطَانٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
Церан элчанаша цаьрга элира: 'Тхо-м шу санна адамаш дара‚ делахь а, Дала Шен лẽх Шена луучунна ниIмат ло. Шуна цхьа а делил далойла ца хилла тхуна Делан пурбанца а бен‚ Далла тIетевжийла муъмин нах
14:11 -
وَمَا لَنَا أَلَّا نَتَوَكَّلَ عَلَى اللَّهِ وَقَدْ هَدَانَا سُبُلَنَا ۚ وَلَنَصْبِرَنَّ عَلَىٰ مَا آذَيْتُمُونَا ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُتَوَكِّلُونَ
Тхо хIунда ца тевжа Далла тIе – Цо тхо нис ма дина тхешан некъашна тIе‚ оха собар дийр ма ду аш тхуна ечу халонашкахь‚ Далла тIетевжийла шаьш ттевжаш берш! '
14:12 -
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِرُسُلِهِمْ لَنُخْرِجَنَّكُمْ مِنْ أَرْضِنَا أَوْ لَتَعُودُنَّ فِي مِلَّتِنَا ۖ فَأَوْحَىٰ إِلَيْهِمْ رَبُّهُمْ لَنُهْلِكَنَّ الظَّالِمِينَ
Цатешачара элира шайн элчанашка: 'Оха арадохур ма ду шу тхешан лаьттара (махкара) я шу тдоьрзур ма ду тхан динна '. Цаьрга /пайхамаршка/ церан Кхиош-Кхобучо ваьхьица хаийтира: 'ХIаллакбийр ма бу Оха зуламхой‚
14:13 -
وَلَنُسْكِنَنَّكُمُ الْأَرْضَ مِنْ بَعْدِهِمْ ۚ ذَٰلِكَ لِمَنْ خَافَ مَقَامِي وَخَافَ وَعِيدِ
Оха дāха ховшор ма ду шу /пайхамарш а, царна тьхьабаьзнарш а/ лаьттахь царал тIаьхьа‚ иза ду Суна хьалха ша дхIоттарх кхоьруш волчунна а‚ Сан таIзарх кхоьруш волчунна а'
14:14 -
وَاسْتَفْتَحُوا وَخَابَ كُلُّ جَبَّارٍ عَنِيدٍ
Цара толам бийхира – ийшира массо а юхахьараваьлла Iазапхо
14:15 -
مِنْ وَرَائِهِ جَهَنَّمُ وَيُسْقَىٰ مِنْ مَاءٍ صَدِيدٍ
Цуьнан тIехьахула жоьжахати ю‚ наткъаран хи малор ду цунна
14:16 -
يَتَجَرَّعُهُ وَلَا يَكَادُ يُسِيغُهُ وَيَأْتِيهِ الْمَوْتُ مِنْ كُلِّ مَكَانٍ وَمَا هُوَ بِمَيِّتٍ ۖ وَمِنْ وَرَائِهِ عَذَابٌ غَلِيظٌ
Цо къурдаш бийр бу цунах‚ амма и халла бен кийра дахийталур дац цуьнга – массо а агра цунна тIе валар догIу‚ и вала ца ле‚ цунна тIехьахула луьра Iазап ду
14:17 -
مَثَلُ الَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ ۖ أَعْمَالُهُمْ كَرَمَادٍ اشْتَدَّتْ بِهِ الرِّيحُ فِي يَوْمٍ عَاصِفٍ ۖ لَا يَقْدِرُونَ مِمَّا كَسَبُوا عَلَىٰ شَيْءٍ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الضَّلَالُ الْبَعِيدُ
Шайн Кхиош-Кхобучух цатешначеран масал ду: церан Iамалш чг мох баьллачу дийнахь цу махо баржийначу чимах тера ю. Шайна карадеанчу хIуманна тIехь ницкъ болуш бац уьш. Иза ду-кх генара тилар!
14:18
Гочдар: Магомед Магомедов