Мусхаф., агӏо 258
-
أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۚ إِنْ يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍ جَدِيدٍ
Хьуна ца хиъна Дала стигланаш а‚ латта а бакъонца кхоьллина хилар? Шена лиъча, Цо шу дIа а дохур ду, керла халкъ далор ду
14:19 -
وَمَا ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ بِعَزِيزٍ
Далла деза а (хала хIума а) дац и
14:20 -
وَبَرَزُوا لِلَّهِ جَمِيعًا فَقَالَ الضُّعَفَاءُ لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًا فَهَلْ أَنْتُمْ مُغْنُونَ عَنَّا مِنْ عَذَابِ اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ ۚ قَالُوا لَوْ هَدَانَا اللَّهُ لَهَدَيْنَاكُمْ ۖ سَوَاءٌ عَلَيْنَا أَجَزِعْنَا أَمْ صَبَرْنَا مَا لَنَا مِنْ مَحِيصٍ
Далла гучубевр бу берриге а /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр ду кура хиллачаьрга: 'Баккъалла а, тхо дара /дуьненахь/ шуна тIаьхьахIуьттуш. Шуьга дяккхалой тхуна тIера Делан Iазапах хIумма а?' Цара эр ду: 'Дала тхо нисдинехьара – оха шу а нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду: тхаьш синтем байна хьийзича а‚ я тхаьш собар деш Iийча а, – тхуна кIелхьардовлар дац'
14:21 -
وَقَالَ الشَّيْطَانُ لَمَّا قُضِيَ الْأَمْرُ إِنَّ اللَّهَ وَعَدَكُمْ وَعْدَ الْحَقِّ وَوَعَدْتُكُمْ فَأَخْلَفْتُكُمْ ۖ وَمَا كَانَ لِيَ عَلَيْكُمْ مِنْ سُلْطَانٍ إِلَّا أَنْ دَعَوْتُكُمْ فَاسْتَجَبْتُمْ لِي ۖ فَلَا تَلُومُونِي وَلُومُوا أَنْفُسَكُمْ ۖ مَا أَنَا بِمُصْرِخِكُمْ وَمَا أَنْتُمْ بِمُصْرِخِيَّ ۖ إِنِّي كَفَرْتُ بِمَا أَشْرَكْتُمُونِ مِنْ قَبْلُ ۗ إِنَّ الظَّالِمِينَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
ШайтIано эр ду /къематдийнахь/, гIуллакх кхочуш хилча: 'Баккъалла а, Дала йинера шуьца бакъ ваIда‚ аса а ваIда йинера шуьца – ас тешнабехк бина шуна. Шуна тIехь цхьа а хьаькамалла ма дацара сан, ас шуьга кхайкхар бен – аш суна жоп делира. Суна бехкаш ма бахка – шайна бехкаш бахка. Сан шуна дан гIо а дац‚ шун суна дан гIо а дац. Ас керстдина аш со хьалха накъост лаьцна хилар'. Баккъалла а, зуламхой - царна лазош долу Iазап хир ма ду
14:22 -
وَأُدْخِلَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا بِإِذْنِ رَبِّهِمْ ۖ تَحِيَّتُهُمْ فِيهَا سَلَامٌ
Тешаш хилларш а‚ дика Iамалш йинарш а чубахийтина хир бу /ялсаманин/ бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ шаьш гуттар цу чохь хир болуш шайн Делан пурбанца. Церан маршалла цу чохь 'Салам' ду
14:23 -
أَلَمْ تَرَ كَيْفَ ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا كَلِمَةً طَيِّبَةً كَشَجَرَةٍ طَيِّبَةٍ أَصْلُهَا ثَابِتٌ وَفَرْعُهَا فِي السَّمَاءِ
Хьуна ца хиъна‚ муха масал далийна Дала хазчу дашца? И хазчу диттах тера ду: цуьнан орам чIогIа бу‚ цуьнан га стиглахь ду
14:24
Гочдар: Магомед Магомедов