Мусхаф., агӏо 269
-
وَأَلْقَىٰ فِي الْأَرْضِ رَوَاسِيَ أَنْ تَمِيدَ بِكُمْ وَأَنْهَارًا وَسُبُلًا لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
Лаьтта тхь лаьмнаш доьга Цо, иза шуьца цхьаьна ца лестийтархьама‚ хиш а‚ некъаш а /хилийтира/, – шу нислур дацара-те нийсачу новкъа (шайна Iалашонашна тIе)
16:15 -
وَعَلَامَاتٍ ۚ وَبِالنَّجْمِ هُمْ يَهْتَدُونَ
(Кхидолу) Iаламаташ а /кхоьллина Цо шуна некъаш билгалдаха/‚ ткъа седанца (седарчашца) царна карабо нийса некъ /буса шаьш дбаха безачу меттиге/
16:16 -
أَفَمَنْ يَخْلُقُ كَمَنْ لَا يَخْلُقُ ۗ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
Ша кхуллург цакхуллучух тера ву-те? Аш ойла ца йо-те?
16:17 -
وَإِنْ تَعُدُّوا نِعْمَةَ اللَّهِ لَا تُحْصُوهَا ۗ إِنَّ اللَّهَ لَغَفُورٌ رَحِيمٌ
Аш Делан ниIмат дагардахь – хьесап далур дац шуьга цуьнан. Баккъалла а, Дела тх гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву
16:18 -
وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا تُسِرُّونَ وَمَا تُعْلِنُونَ
Далла хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедийриг а
16:19 -
وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ لَا يَخْلُقُونَ شَيْئًا وَهُمْ يُخْلَقُونَ
Дела а витина, цара шайга кхойкхуш берш – цара хIумма а ца кхуллу‚ уьш шаьш а кхуллуш бу
16:20 -
أَمْوَاتٌ غَيْرُ أَحْيَاءٍ ۖ وَمَا يَشْعُرُونَ أَيَّانَ يُبْعَثُونَ
Белла бу уьш‚ дийна боцуш. Царна ца хаьа‚ маца денбийр бу уьш (шайна бадат деш хилларш)
16:21 -
إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۚ فَالَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ قُلُوبُهُمْ مُنْكِرَةٌ وَهُمْ مُسْتَكْبِرُونَ
Шун дела Ша цхьаъ волу Дела ву (Шена бадат дан массо а хьакъ волу). Шаьш эхартах ца тешаш берш – церан дегнаш инкарло еш ду‚ шаьш курабевлла а бу уьш (бакъдерг т ца лоцуш)
16:22 -
لَا جَرَمَ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُسْتَكْبِرِينَ
Шеко йоццуш, Далла ма хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедийриг а. Баккъалла а, Цунна ца беза курабевларш
16:23 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ مَاذَا أَنْزَلَ رَبُّكُمْ ۙ قَالُوا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
Цаьрга (мушрикашка) аьлча: 'ХIун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?'‚ цара олу: 'Хьалхалерачийн (хьалха баьхначу нехан) туьйранаш '
16:24 -
لِيَحْمِلُوا أَوْزَارَهُمْ كَامِلَةً يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۙ وَمِنْ أَوْزَارِ الَّذِينَ يُضِلُّونَهُمْ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ أَلَا سَاءَ مَا يَزِرُونَ
Цара дIахьойла шайн /къинойн/ мохь кхоччуш къематдийнахь‚ цхьа а хаар доцуш шаьш тилийначеран мохь а. Вон ца хили цара дIахьош ерг!? /Хили!/
16:25 -
قَدْ مَكَرَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ فَأَتَى اللَّهُ بُنْيَانَهُمْ مِنَ الْقَوَاعِدِ فَخَرَّ عَلَيْهِمُ السَّقْفُ مِنْ فَوْقِهِمْ وَأَتَاهُمُ الْعَذَابُ مِنْ حَيْثُ لَا يَشْعُرُونَ
Царал хьалха хиллачара а мекарло йира – дIаяьккхира Дала церан гIишло (церан мекарло) баххашкара дуьйна‚ тхов тIебуьйжира царна тIехула. Цо Iазап даийтира царна шайна ца хаалучухула
16:26
Гочдар: Магомед Магомедов