Мусхаф., агӏо 268

  1. وَتَحْمِلُ أَثْقَالَكُمْ إِلَىٰ بَلَدٍ لَمْ تَكُونُوا بَالِغِيهِ إِلَّا بِشِقِّ الْأَنْفُسِ ۚ إِنَّ رَبَّكُمْ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Шун маххьаш дIакхоьхьу цара (даьхнино) шу чIогIа хала а бен дкхочур доцчу махка (меттигашка). Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург /шух/ дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву

    16:7
  2. وَالْخَيْلَ وَالْبِغَالَ وَالْحَمِيرَ لِتَرْكَبُوهَا وَزِينَةً ۚ وَيَخْلُقُ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Говраш а‚ бIаьрзанаш а‚ варраш а шу шайна тIехь лелийта а‚ хазаллина а ю. Цо кхуллу шуна ца хуург а

    16:8
  3. وَعَلَى اللَّهِ قَصْدُ السَّبِيلِ وَمِنْهَا جَائِرٌ ۚ وَلَوْ شَاءَ لَهَدَاكُمْ أَجْمَعِينَ

    Далла тIехь ду /адам / нийсачу новкъа хьажор‚ цунах (некъах) бу /бакъдолчух/ дIаверзош берг а. Шена лиънехьара, шу дерриге а нийсачу новкъа нисдина хир дара Цо

    16:9
  4. هُوَ الَّذِي أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً ۖ لَكُمْ مِنْهُ شَرَابٌ وَمِنْهُ شَجَرٌ فِيهِ تُسِيمُونَ

    И ву Ша стиглара хи (дог) даийтинарг‚ шуна цунах (хих) малар а ду (аш молуш долу хи)‚ цунах аш шен чохь бежнаш дажош долу буц а ю (догнца Дала йолуьйту буц шун бежнаш дажийта)

    16:10
  5. يُنْبِتُ لَكُمْ بِهِ الزَّرْعَ وَالزَّيْتُونَ وَالنَّخِيلَ وَالْأَعْنَابَ وَمِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ

    Цуьнца Цо шуна схьадолуьйту ялта а‚ зайт-дитташ а‚ хурманаш а‚ кемсаш а‚ массо а тайпа стоьмаш а. Баккъалла а, цу чохь Дела /цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а / делил ма ду ойла ечу нахана

    16:11
  6. وَسَخَّرَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ ۖ وَالنُّجُومُ مُسَخَّرَاتٌ بِأَمْرِهِ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ

    Шуна муьтIахь дина Цо буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Седарчий а /шуна буса некъ гойтуш/ муьтIахь дина Цуьнан омраца. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъале болчу нахана

    16:12
  7. وَمَا ذَرَأَ لَكُمْ فِي الْأَرْضِ مُخْتَلِفًا أَلْوَانُهُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَذَّكَّرُونَ

    Цо шуна лаьттахь тайп-тайпанан бесашкахь кхиийна хIуманаш (дийнаташ, ораматаш…) /муьтIахь йина шуна/. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх дагадойтуш болчу нахана

    16:13
  8. وَهُوَ الَّذِي سَخَّرَ الْبَحْرَ لِتَأْكُلُوا مِنْهُ لَحْمًا طَرِيًّا وَتَسْتَخْرِجُوا مِنْهُ حِلْيَةً تَلْبَسُونَهَا وَتَرَى الْفُلْكَ مَوَاخِرَ فِيهِ وَلِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    И ву /шуна/ муьтIахь бинарг хIорд шуьга цу чуьра керла жижиг (чрий…) даийта‚ шуьга цу чуьра аш шаьш тIеухкуш долу жовхIарш дахийта. Хьуна го кеманаш дсалелаш цу чухула, Цуьнан комаьршаллих /хIуманаш/ шуьга лахийта (хрдан ниаташ а, йохка-эцар лелорна а)‚ шу баркалла олуш хилийта а

    16:14

Гочдар: Магомед Магомедов