Мусхаф., агӏо 275
-
وَيَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَمْلِكُ لَهُمْ رِزْقًا مِنَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ شَيْئًا وَلَا يَسْتَطِيعُونَ
Цара Iибадат до Дела воцчу‚ шайн долахь царна яла стигланашкара а‚ лаьттара а рицкъех хIумма а йоцучарна‚/яла лиъча а/ ницкъ ца кхочучарна
16:73 -
فَلَا تَضْرِبُوا لِلَّهِ الْأَمْثَالَ ۚ إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ وَأَنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
Делаца цхьа а ма нисве. Баккъалла а, Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду
16:74 -
ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا عَبْدًا مَمْلُوكًا لَا يَقْدِرُ عَلَىٰ شَيْءٍ وَمَنْ رَزَقْنَاهُ مِنَّا رِزْقًا حَسَنًا فَهُوَ يُنْفِقُ مِنْهُ سِرًّا وَجَهْرًا ۖ هَلْ يَسْتَوُونَ ۚ الْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Дала далийна шуна масал: цхьаъ шех /кхечара/ доладеш волу лай ву‚ шен хIуманна ницкъ а ца кхочуш волу‚ /важа/ Оха шена Тхайгара дика рицкъ делларг ву‚ цо цунах харж а йо /сагIа ло/ къайлаха а‚ гучахь а. Цхьатерра буй уьш? Хастам Далла бу. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу
16:75 -
وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا رَجُلَيْنِ أَحَدُهُمَا أَبْكَمُ لَا يَقْدِرُ عَلَىٰ شَيْءٍ وَهُوَ كَلٌّ عَلَىٰ مَوْلَاهُ أَيْنَمَا يُوَجِّهْهُ لَا يَأْتِ بِخَيْرٍ ۖ هَلْ يَسْتَوِي هُوَ وَمَنْ يَأْمُرُ بِالْعَدْلِ ۙ وَهُوَ عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Дала /кхин/ масалина валийна ши стаг: оцу шиннах цхьаъ мотт ца хууш ву‚ цхьанна а хIуманна ницкъ ца кхочу цуьнан‚ и верриг шен элан (шена тхьттинчу стеган) кōчахь ву‚ ша миччахьа а хьажийча а‚ цо диканиг ца дохьу. Ткъа цхьатерра вуй иза а‚ нийсонца омра деш верг а‚ ша нийсачу новкъахь а волуш?
16:76 -
وَلِلَّهِ غَيْبُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَمَا أَمْرُ السَّاعَةِ إِلَّا كَلَمْحِ الْبَصَرِ أَوْ هُوَ أَقْرَبُ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Ма дац сахьтан гIуллакх (къематде хттар) бIаьрнегIар тохар санна а бен‚ я кхин а гергахь. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву
16:77 -
وَاللَّهُ أَخْرَجَكُمْ مِنْ بُطُونِ أُمَّهَاتِكُمْ لَا تَعْلَمُونَ شَيْئًا وَجَعَلَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ ۙ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Дала схьадаьхна шу шайн нанойн кийрара‚ хIумма хууш дацара шу. Цо шуна лерса а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а хилийтира (делира)‚ шу хила мегар-кх баркалла олуш
16:78 -
أَلَمْ يَرَوْا إِلَى الطَّيْرِ مُسَخَّرَاتٍ فِي جَوِّ السَّمَاءِ مَا يُمْسِكُهُنَّ إِلَّا اللَّهُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Царна ца го-те олхазарш‚ стиглан хIаваэхь /тмадевлла Дала/ аьтто бина долчу? Уьш ца сецадо /стиглахь/ Дала бен. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду тешаш болчу нахана
16:79
Гочдар: Магомед Магомедов