Мусхаф., агӏо 274

  1. وَاللَّهُ أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَسْمَعُونَ

    Дала стиглара хи доссийна‚ цуьнца латта дендина Цо и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь /Дела цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а/ делил ма ду ладугIучу нахана

    16:65
  2. وَإِنَّ لَكُمْ فِي الْأَنْعَامِ لَعِبْرَةً ۖ نُسْقِيكُمْ مِمَّا فِي بُطُونِهِ مِنْ بَيْنِ فَرْثٍ وَدَمٍ لَبَنًا خَالِصًا سَائِغًا لِلشَّارِبِينَ

    Баккъалла а, шуна хьайбанашкахь а маьIна ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух боьхаллина а‚ цIийна а юккъера шура‚ цIена а‚ чам болуш а йолуш молчарна

    16:66
  3. وَمِنْ ثَمَرَاتِ النَّخِيلِ وَالْأَعْنَابِ تَتَّخِذُونَ مِنْهُ سَكَرًا وَرِزْقًا حَسَنًا ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ

    Хурманийн а‚ кемсийн а стоьмех аш доккху вахош долу малар а‚ хаза рицкъ а. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду хьекъале болчу нахана

    16:67
  4. وَأَوْحَىٰ رَبُّكَ إِلَى النَّحْلِ أَنِ اتَّخِذِي مِنَ الْجِبَالِ بُيُوتًا وَمِنَ الشَّجَرِ وَمِمَّا يَعْرِشُونَ

    Хьан Кхиош-Кхобучо накхармозан даг чу тесира: хьайна гшлош е лаьмнашкахь а‚ дитташ тхь а‚ цара (наха) дечу цнош чохь а (тхевнашна тхь) аьлла

    16:68
  5. ثُمَّ كُلِي مِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ فَاسْلُكِي سُبُلَ رَبِّكِ ذُلُلًا ۚ يَخْرُجُ مِنْ بُطُونِهَا شَرَابٌ مُخْتَلِفٌ أَلْوَانُهُ فِيهِ شِفَاءٌ لِلنَّاسِ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ

    ТIаккха даа хьайна массо а стоьмех рицкъ‚ хьайн Кхиош-Кхобучун, хьайна муьтхь динчу, некъашкахула лела, аьлла. Церан (накхармозийн) кийрара малар долу‚ шен бос тайп-тайпана а болуш‚ шена чохь нахана дарба а долуш. Баккъалла а, цу чохь /Делан ницкъ хиларан/ делил ду-кх шаьш ойла ечу нахана

    16:69
  6. وَاللَّهُ خَلَقَكُمْ ثُمَّ يَتَوَفَّاكُمْ ۚ وَمِنْكُمْ مَنْ يُرَدُّ إِلَىٰ أَرْذَلِ الْعُمُرِ لِكَيْ لَا يَعْلَمَ بَعْدَ عِلْمٍ شَيْئًا ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ قَدِيرٌ

    Дала кхоьллина шу‚ тIаккха Цо долуьйтур ду шу. Шух ву дахаран уггар ирчачу хьоле верзош верг а, цунна /къона волуш/ хууш хиллачул тIаьхьа /кхин/ хIумма а ца хаийта. Баккъалла а, Дела хууш а ву‚ ницкъ кхочуш а ву

    16:70
  7. وَاللَّهُ فَضَّلَ بَعْضَكُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ فِي الرِّزْقِ ۚ فَمَا الَّذِينَ فُضِّلُوا بِرَادِّي رِزْقِهِمْ عَلَىٰ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَهُمْ فِيهِ سَوَاءٌ ۚ أَفَبِنِعْمَةِ اللَّهِ يَجْحَدُونَ

    Дала шух цхьаберш вуккхарал базбина /шайна/ рицкь даларехь. Ма бац и базбинарш шайн рицкъ лур долуш шайн аьтту куьйгаша доладиначарна (лешна‚ ялхошна), шаьш цу чохь (рицкъанехь), уьш шайца нис а беш. Делан ниIмат а харц до ткъа цара?

    16:71
  8. وَاللَّهُ جَعَلَ لَكُمْ مِنْ أَنْفُسِكُمْ أَزْوَاجًا وَجَعَلَ لَكُمْ مِنْ أَزْوَاجِكُمْ بَنِينَ وَحَفَدَةً وَرَزَقَكُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ ۚ أَفَبِالْبَاطِلِ يُؤْمِنُونَ وَبِنِعْمَتِ اللَّهِ هُمْ يَكْفُرُونَ

    Дала шуна шух шайх а зударий бина‚ Цо шуна шун зударшкахула кIентий а‚ кIентийн кIентий а хилийтина. Цо шуна дикчух рицкъ делла. Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIматана керстаналла до?

    16:72

Гочдар: Магомед Магомедов