Мусхаф., агӏо 282
-
سُبْحَانَ الَّذِي أَسْرَىٰ بِعَبْدِهِ لَيْلًا مِنَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ إِلَى الْمَسْجِدِ الْأَقْصَى الَّذِي بَارَكْنَا حَوْلَهُ لِنُرِيَهُ مِنْ آيَاتِنَا ۚ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ
Массо а вонах цIена ву Иза (Дела)‚ Ша Шен лай буса /кхарста/ ваьккхина волу Дезчу маьждигера Генарчу маьждиге‚ Оха шен гонаха дерг беркате дина долчу‚ цунна гайтархьама Тхан аяташ. Баккъалла а, Иза ву хезаш верг а‚ гуш верг а
17:1 -
وَآتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَجَعَلْنَاهُ هُدًى لِبَنِي إِسْرَائِيلَ أَلَّا تَتَّخِذُوا مِنْ دُونِي وَكِيلًا
Оха делира Мусага жайна‚ цунах хилийтира нийса некъ Исраилан кIенташна‚ Ша воцург, кхин векал ма лаца‚ аьлла
17:2 -
ذُرِّيَّةَ مَنْ حَمَلْنَا مَعَ نُوحٍ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَبْدًا شَكُورًا
Хй Оха шаьш Нухьаца лелийначеран зурриет /Исраилан кнтий! Дагадаийта Оха шайн дай хина бухабахарх клхьарбахар; шукур де Далла/. Баккъалла а, иза (Нухь пайхамар) хили баркале лай
17:3 -
وَقَضَيْنَا إِلَىٰ بَنِي إِسْرَائِيلَ فِي الْكِتَابِ لَتُفْسِدُنَّ فِي الْأَرْضِ مَرَّتَيْنِ وَلَتَعْلُنَّ عُلُوًّا كَبِيرًا
Оха хаам бира Исраилан кIенташка жайни чохь: 'Телхина дерг ца деш йр ма дац шу лаьтта тIехь шозза‚ курадевр ду шу тх кураллица'‚ аьлла
17:4 -
فَإِذَا جَاءَ وَعْدُ أُولَاهُمَا بَعَثْنَا عَلَيْكُمْ عِبَادًا لَنَا أُولِي بَأْسٍ شَدِيدٍ فَجَاسُوا خِلَالَ الدِّيَارِ ۚ وَكَانَ وَعْدًا مَفْعُولًا
Цу шиннах хьалхара ваIда еъча‚ Оха шуна тIе бахкийтира Тхешан леш‚ шайгахь чIогIа ницкъ болу‚ чекхбевлира уьш хсамаш чухула- ваIда кхочушхилира
17:5 -
ثُمَّ رَدَدْنَا لَكُمُ الْكَرَّةَ عَلَيْهِمْ وَأَمْدَدْنَاكُمْ بِأَمْوَالٍ وَبَنِينَ وَجَعَلْنَاكُمْ أَكْثَرَ نَفِيرًا
Тккха /аш тоба динчул тьхьа/ Оха шуьга юхабаккхийтира царна тIехь толам‚ гIо дира шуна хьолаца а‚ кIенташца а‚ шух хилийтира вуно йоккха тоба ( дукха халкъ)
17:6 -
إِنْ أَحْسَنْتُمْ أَحْسَنْتُمْ لِأَنْفُسِكُمْ ۖ وَإِنْ أَسَأْتُمْ فَلَهَا ۚ فَإِذَا جَاءَ وَعْدُ الْآخِرَةِ لِيَسُوءُوا وُجُوهَكُمْ وَلِيَدْخُلُوا الْمَسْجِدَ كَمَا دَخَلُوهُ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَلِيُتَبِّرُوا مَا عَلَوْا تَتْبِيرًا
Аш диканиг дича – и диканиг дина шайна‚ аш вониг дича – иза а шуна шайна (зуламе) ду. /Делан/ шолгIа ваIда кхочушхилча – /Дала кхин мостагIий тIетесира шуна/ цара шун яххьаш эрчаяха‚ маьждига уьш чу баха‚ дуьххьара шаьш бахаре терра‚ дохо шайна дола мел деънарг
17:7
Гочдар: Магомед Магомедов