Мусхаф., агӏо 281

  1. ثُمَّ إِنَّ رَبَّكَ لِلَّذِينَ عَمِلُوا السُّوءَ بِجَهَالَةٍ ثُمَّ تَابُوا مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ وَأَصْلَحُوا إِنَّ رَبَّكَ مِنْ بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَحِيمٌ

    ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ца хууш вониг диначарна‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба деш дика Iамалш йиначарна, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа /царна/ гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву

    16:119
  2. إِنَّ إِبْرَاهِيمَ كَانَ أُمَّةً قَانِتًا لِلَّهِ حَنِيفًا وَلَمْ يَكُ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Баккъалла а, ИбрахIим хилла Далла муьтIахь имам‚ цIена дин дерг‚ и ца хилла ширк дечарах

    16:120
  3. شَاكِرًا لِأَنْعُمِهِ ۚ اجْتَبَاهُ وَهَدَاهُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Цуьнан ниIматашна шукур дийриг а /хилла иза/. Цо (Дала) хаьржира иза‚ нис а вира нийсачу новкъа

    16:121
  4. وَآتَيْنَاهُ فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً ۖ وَإِنَّهُ فِي الْآخِرَةِ لَمِنَ الصَّالِحِينَ

    Оха цунна делира дуьненахь а диканиг‚ иза Эхартахь а дикачарах а ву

    16:122
  5. ثُمَّ أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ أَنِ اتَّبِعْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    ТIаккха Оха хьоьга ваьхьий доссийра цIена дин долуш хиллачу ИбрахIиман миллатна тIаьхьахIотта аьлла. И (Ибрахм) ца хилла ширк дечарах

    16:123
  6. إِنَّمَا جُعِلَ السَّبْتُ عَلَى الَّذِينَ اخْتَلَفُوا فِيهِ ۚ وَإِنَّ رَبَّكَ لَيَحْكُمُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ

    Шоьтан де /даздар/ хилийтина цуьнгахь хилпало хиллачарна. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург хьукма дийр долуш ву къематдийнахь царна юккъехь уьш хилпало еш хиллачунна

    16:124
  7. ادْعُ إِلَىٰ سَبِيلِ رَبِّكَ بِالْحِكْمَةِ وَالْمَوْعِظَةِ الْحَسَنَةِ ۖ وَجَادِلْهُمْ بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ ۚ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَنْ ضَلَّ عَنْ سَبِيلِهِ ۖ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ

    Ахь кхайкха хьан Кхиош-Кхобучун новкъа хьекъалций‚ хазчу хьехамций‚ цаьрца (хьайна дуьхьалболчаьрца) къийса хазчу кепара. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург вуно дика вевзаш ву Шен некъах тилавелларг. Иза вуно дика бевзаш ву нийсачу новкъахь берш а

    16:125
  8. وَإِنْ عَاقَبْتُمْ فَعَاقِبُوا بِمِثْلِ مَا عُوقِبْتُمْ بِهِ ۖ وَلَئِنْ صَبَرْتُمْ لَهُوَ خَيْرٌ لِلصَّابِرِينَ

    Нагахь санна аш таIзар дахь‚ таIзар де шайна таIзар динчух терра‚ аш собар дахь – иза собар дечарна дика ду-кх

    16:126
  9. وَاصْبِرْ وَمَا صَبْرُكَ إِلَّا بِاللَّهِ ۚ وَلَا تَحْزَنْ عَلَيْهِمْ وَلَا تَكُ فِي ضَيْقٍ مِمَّا يَمْكُرُونَ

    Ахь собар дēлахь‚ хьан собар Делаца а бен дац‚ царна пошме ма хила‚ хьо ма хила сагатлуш цара ечу мекарлонах

    16:127
  10. إِنَّ اللَّهَ مَعَ الَّذِينَ اتَّقَوْا وَالَّذِينَ هُمْ مُحْسِنُونَ

    Баккъалла а, Дела ву /Шех/ кхийринчаьрца‚ Иза ву дикачаьрца /уьш лаш а беш, терго а ш/

    16:128

Гочдар: Магомед Магомедов