Мусхаф., агӏо 284

  1. مَنْ كَانَ يُرِيدُ الْعَاجِلَةَ عَجَّلْنَا لَهُ فِيهَا مَا نَشَاءُ لِمَنْ نُرِيدُ ثُمَّ جَعَلْنَا لَهُ جَهَنَّمَ يَصْلَاهَا مَذْمُومًا مَدْحُورًا

    Милла а хиллехь дезаш сиханиг – сихдина /лур ду/ Оха цунна цу чохь (дуьненахь) Тхайна луург Тхайна луучунна‚ тIаккха Оха хилийтина цунна жоьжахати – чугр ву иза цунна /вага/ бехке а хилла‚ сийсаза а волуш (Делан къинхетамах генаваьккхина)

    17:18
  2. وَمَنْ أَرَادَ الْآخِرَةَ وَسَعَىٰ لَهَا سَعْيَهَا وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُولَٰئِكَ كَانَ سَعْيُهُمْ مَشْكُورًا

    Милла а велахь дезаш тIаьхьарниг‚ цунна тIекхача сихвелларг шен къахьегарца, ша тешна а волуш, – уьш бу шайн къахьегар баркалле (декъала) хилларш

    17:19
  3. كُلًّا نُمِدُّ هَٰؤُلَاءِ وَهَٰؤُلَاءِ مِنْ عَطَاءِ رَبِّكَ ۚ وَمَا كَانَ عَطَاءُ رَبِّكَ مَحْظُورًا

    ХIоранна а ло Оха – хIокхарна а (дуьне лоьхучарна)‚ вукхарна а (эхарт лоьхучарна) – хьан Кхиош-Кхобучун ниIматах. Хьан Кхиош-Кхобучун ниIмат ца хилла дихкина

    17:20
  4. انْظُرْ كَيْفَ فَضَّلْنَا بَعْضَهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ ۚ وَلَلْآخِرَةُ أَكْبَرُ دَرَجَاتٍ وَأَكْبَرُ تَفْضِيلًا

    Хьажал‚ муха базбина Оха царах цхьаберш вукхарал (дуьненан дахарехь)! Ткъа эхарт даржех уггаре доккханиг а ду‚ дозаллах уггаре доккханиг а ду (Делах кхоьруш хиллачарна кечдина долу)

    17:21
  5. لَا تَجْعَلْ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ فَتَقْعُدَ مَذْمُومًا مَخْذُولًا

    Делаца кхин дела ма ве – /и вахь/ хьо охьахуур ву бехке а хилла‚ (Делера) гIо доцуш а висина

    17:22
  6. وَقَضَىٰ رَبُّكَ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا إِيَّاهُ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا ۚ إِمَّا يَبْلُغَنَّ عِنْدَكَ الْكِبَرَ أَحَدُهُمَا أَوْ كِلَاهُمَا فَلَا تَقُلْ لَهُمَا أُفٍّ وَلَا تَنْهَرْهُمَا وَقُلْ لَهُمَا قَوْلًا كَرِيمًا

    Хьан Кхиош-Кхобучо омра дина: аш Iибадат ма делаш Ша воцчунна‚ деца-ненаца дика а хилалаш‚ аьлла. Хьуна гергахь царах цхьаъ я ший а къаналлина тIекхачахь‚ ахь цу шинга ма алалахь: 'Уффай!'‚ дIа ма къахкаделахь и шиъ‚ ахь алалахь цу шинга хаза дош

    17:23
  7. وَاخْفِضْ لَهُمَا جَنَاحَ الذُّلِّ مِنَ الرَّحْمَةِ وَقُلْ رَبِّ ارْحَمْهُمَا كَمَا رَبَّيَانِي صَغِيرًا

    Ахь охьабахийта цу шинна къинхетамах муьтIахь хиларан тIам‚ āла: 'Сан Кхиош-кхобург‚ къинхетам бехьа цу шиннах‚ цу шиммо жима волуш (терго еш) со кхиорах терра'

    17:24
  8. رَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِمَا فِي نُفُوسِكُمْ ۚ إِنْ تَكُونُوا صَالِحِينَ فَإِنَّهُ كَانَ لِلْأَوَّابِينَ غَفُورًا

    Шун Кхиош-Кхобург дика хууш ву шун дегнашкахь дерг. Шу дика хилахь – баккъалла, Иза хилла /даггара тōба дарца/ Шена тIебоьрзучарна гечдеш

    17:25
  9. وَآتِ ذَا الْقُرْبَىٰ حَقَّهُ وَالْمِسْكِينَ وَابْنَ السَّبِيلِ وَلَا تُبَذِّرْ تَبْذِيرًا

    Гергарчунна шен хьакъ дIало‚ мискачунна а‚ некъахочунна а /дIало церан хьаккъаш/‚ дайа ма дайа /хьайн хIума/ эрна

    17:26
  10. إِنَّ الْمُبَذِّرِينَ كَانُوا إِخْوَانَ الشَّيَاطِينِ ۖ وَكَانَ الشَّيْطَانُ لِرَبِّهِ كَفُورًا

    Эрна дойуш берш хилла шайтIанийн вежарий‚ ткъа шайтIа шен Кхиош-Кхобучунна керста хилла

    17:27

Гочдар: Магомед Магомедов