Мусхаф., агӏо 285
-
وَإِمَّا تُعْرِضَنَّ عَنْهُمُ ابْتِغَاءَ رَحْمَةٍ مِنْ رَبِّكَ تَرْجُوهَا فَقُلْ لَهُمْ قَوْلًا مَيْسُورًا
Нагахь хьо царах (гергарачарах, мискачарах, некъахойх - царна сагIина дала хIума доцуш) двирзинехь, хьайн Кхиош-Кхобучун къинхетам безаш (Делан къинхетамах рицкъ дезаш), и хиларе сатуьйсуш а волуш, /тккха оцунах царна сагна дала дагахь/, ахь цаьрга алалахь кда-мерза дош
17:28 -
وَلَا تَجْعَلْ يَدَكَ مَغْلُولَةً إِلَىٰ عُنُقِكَ وَلَا تَبْسُطْهَا كُلَّ الْبَسْطِ فَتَقْعُدَ مَلُومًا مَحْسُورًا
Ма хилийта хьайн куьг хьайн логах дихкина‚ даржа а ма де и дерриг даржорца тккха (и дахь) охьахуур ву хьо бехкаме а хилла‚ гIайгIане а вахана
17:29 -
إِنَّ رَبَّكَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّهُ كَانَ بِعِبَادِهِ خَبِيرًا بَصِيرًا
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо рицкъ даржадо Шена луучунна /шортта/‚ барам а бо. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш дика бевзаш а‚ гуш а
17:30 -
وَلَا تَقْتُلُوا أَوْلَادَكُمْ خَشْيَةَ إِمْلَاقٍ ۖ نَحْنُ نَرْزُقُهُمْ وَإِيَّاكُمْ ۚ إِنَّ قَتْلَهُمْ كَانَ خِطْئًا كَبِيرًا
Ма дайа шайн бераш мискаллах кхоьруш – Оха кхобур бу уьш а‚ шу а. Баккъалла а, уьш байар хилла доккха гIалат
17:31 -
وَلَا تَقْرَبُوا الزِّنَا ۖ إِنَّهُ كَانَ فَاحِشَةً وَسَاءَ سَبِيلًا
Зинана герга ма гIолаш‚ баккъалла а, и ду ирчаниг‚ и бу боьха некъ /жоьжахате вуьгуш/
17:32 -
وَلَا تَقْتُلُوا النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللَّهُ إِلَّا بِالْحَقِّ ۗ وَمَنْ قُتِلَ مَظْلُومًا فَقَدْ جَعَلْنَا لِوَلِيِّهِ سُلْطَانًا فَلَا يُسْرِفْ فِي الْقَتْلِ ۖ إِنَّهُ كَانَ مَنْصُورًا
Ма делаш Дала /ден/ хьарам дина долу са бакъонций бен. Шена тхь зулам а деш вийнарг – Оха цуьнан верасна (ирс оьцучунна) бакъо елла /чIир эца/‚ байарехь тIех ма волийла иза. Баккъалла а, иза (веллачун верас) хир ву (Дала) шена (чр эца) гIо динарг
17:33 -
وَلَا تَقْرَبُوا مَالَ الْيَتِيمِ إِلَّا بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ حَتَّىٰ يَبْلُغَ أَشُدَّهُ ۚ وَأَوْفُوا بِالْعَهْدِ ۖ إِنَّ الْعَهْدَ كَانَ مَسْئُولًا
Шу герга ма гIолаш боберан даьхнина уггар дикчуьнца (цунна пайдехь) бен и /кхоччуш/ гметтахтталц. Iалашбе барт (шайн кхечаьрца хилла чIагIонаш). Баккъалла а, барт жоьпалле хилла. (Дала жоп доьхур ду цунах)
17:34 -
وَأَوْفُوا الْكَيْلَ إِذَا كِلْتُمْ وَزِنُوا بِالْقِسْطَاسِ الْمُسْتَقِيمِ ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌ وَأَحْسَنُ تَأْوِيلًا
Нийсо е (шаьш нахана хманаш) юстарехь, шаьш юстучу хенахь)‚ озалаш нийсачу терзанца. Иза дика а ду‚ мелхо а хаза а ду тIаьхьенгахь (эхартахь мела хиларца)
17:35 -
وَلَا تَقْفُ مَا لَيْسَ لَكَ بِهِ عِلْمٌ ۚ إِنَّ السَّمْعَ وَالْبَصَرَ وَالْفُؤَادَ كُلُّ أُولَٰئِكَ كَانَ عَنْهُ مَسْئُولًا
Хьо тIаьхьа ма хIотталахь хьайгахь Iилма доцчу хманна. Баккъалла а, лерса а‚ бIаьрса а‚ дог а – уьш дерриг хир ду цунах жоп доьхур долуш (къематдийнахь)
17:36 -
وَلَا تَمْشِ فِي الْأَرْضِ مَرَحًا ۖ إِنَّكَ لَنْ تَخْرِقَ الْأَرْضَ وَلَنْ تَبْلُغَ الْجِبَالَ طُولًا
Ма лелалахь лаьтта тIехь кураллица – баккъалла а, ахь лаьттан бух охкур ма бац‚ ламанан локхалле а кхочур ма вац хьо!
17:37 -
كُلُّ ذَٰلِكَ كَانَ سَيِّئُهُ عِنْدَ رَبِّكَ مَكْرُوهًا
Оцу дерригенан вониг хьан Кхиош-Кхобучунна гергахь ца дезаш хилла (ду)
17:38
Гочдар: Магомед Магомедов