Мусхаф., агӏо 286
-
ذَٰلِكَ مِمَّا أَوْحَىٰ إِلَيْكَ رَبُّكَ مِنَ الْحِكْمَةِ ۗ وَلَا تَجْعَلْ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ فَتُلْقَىٰ فِي جَهَنَّمَ مَلُومًا مَدْحُورًا
И ду хьан Кхиош-Кхобучо хьоьга ваьхьица хаийтинчу хьикматах. Ма хилийта Делаца кхин дела – тIаккха жоьжахати чукхуссур ву хьо бехкаме а хилла (хир волуш)‚ /массо а диканах/ юха а тоьхна
17:39 -
أَفَأَصْفَاكُمْ رَبُّكُمْ بِالْبَنِينَ وَاتَّخَذَ مِنَ الْمَلَائِكَةِ إِنَاثًا ۚ إِنَّكُمْ لَتَقُولُونَ قَوْلًا عَظِيمًا
Ткъа шу хаьржина шун Кхиош-Кхобучо кIенташца‚ Шена маликех йорий бина? Баккъалла а, шу олуш ма ду (шен ирчаллица) деза-доккха дош
17:40 -
وَلَقَدْ صَرَّفْنَا فِي هَٰذَا الْقُرْآنِ لِيَذَّكَّرُوا وَمَا يَزِيدُهُمْ إِلَّا نُفُورًا
Оха /массо а хIума/ билгалдина хIокху Къуръан чохь царна (адамашна) дагадаийтархьама – цо-м (оцу билгалдаро) уьш алсам ца боху /бакъдолчух/ дIакъахкарций бен
17:41 -
قُلْ لَوْ كَانَ مَعَهُ آلِهَةٌ كَمَا يَقُولُونَ إِذًا لَابْتَغَوْا إِلَىٰ ذِي الْعَرْشِ سَبِيلًا
Ахь āла: 'Цуьнца кхин делий хилча‚ цара ма-бохху, – Iарш йолчунна (Далла) тIе некъ лохур ма бара цара (и рш длаца грташ, дерриге паччахьалла шайн карадерзо лууш)'
17:42 -
سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يَقُولُونَ عُلُوًّا كَبِيرًا
Вонах цIена ву Иза‚ тх лаккхавели Иза цара (керстанаша) дуьйцучух
17:43 -
تُسَبِّحُ لَهُ السَّمَاوَاتُ السَّبْعُ وَالْأَرْضُ وَمَنْ فِيهِنَّ ۚ وَإِنْ مِنْ شَيْءٍ إِلَّا يُسَبِّحُ بِحَمْدِهِ وَلَٰكِنْ لَا تَفْقَهُونَ تَسْبِيحَهُمْ ۗ إِنَّهُ كَانَ حَلِيمًا غَفُورًا
Цунна тасбихь деш ю ворхI стигал а‚ латта а‚ царна чохь мел берш а (Дала мел кхоьллина хма). Цуьнан хастамца тасбихь ца деш хIумма а яц‚ делахь а, шу (хй адамаш) ца кхета церан тасбихьах. Баккъалла а, Иза хилла тх собаре а‚ гечдийриг а
17:44 -
وَإِذَا قَرَأْتَ الْقُرْآنَ جَعَلْنَا بَيْنَكَ وَبَيْنَ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ حِجَابًا مَسْتُورًا
Ахь Къуръан доьшуш‚ Оха хьуна а‚ эхартах цатешачарна а юккъехь хилийтина хьулдина кирхьа
17:45 -
وَجَعَلْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ أَكِنَّةً أَنْ يَفْقَهُوهُ وَفِي آذَانِهِمْ وَقْرًا ۚ وَإِذَا ذَكَرْتَ رَبَّكَ فِي الْقُرْآنِ وَحْدَهُ وَلَّوْا عَلَىٰ أَدْبَارِهِمْ نُفُورًا
Оха йина церан дегнашна тIехь гIат (ткхоьллина хма), уьш цунах (Къуръанах) ца кхетийта‚ церан лергашна чохь а къоралла ю. Ахь Къуръана чохь веккъа Ша цхьаъ хьайн Кхиош-Кхобург хьехийча‚ уьш юхабовлу, /бакъдолчух/ къаьхкаш
17:46 -
نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَسْتَمِعُونَ بِهِ إِذْ يَسْتَمِعُونَ إِلَيْكَ وَإِذْ هُمْ نَجْوَىٰ إِذْ يَقُولُ الظَّالِمُونَ إِنْ تَتَّبِعُونَ إِلَّا رَجُلًا مَسْحُورًا
Тхо дика хууш ду цара стенга ладуг, хьоьга шаьш ладугIучу хенахь, /тккха/ къайлаха вовшашка хабарш дуьйцуш, зуламхоша олу: 'Шу тIаьхьахIуьттуш ма ду шегахь бозбуунчалла долчу стагана'
17:47 -
انْظُرْ كَيْفَ ضَرَبُوا لَكَ الْأَمْثَالَ فَضَلُّوا فَلَا يَسْتَطِيعُونَ سَبِيلًا
Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш‚ тилабелла уьш‚ ницкъ ца кхочу церан /нийса/ некъ /каро/
17:48 -
وَقَالُوا أَإِذَا كُنَّا عِظَامًا وَرُفَاتًا أَإِنَّا لَمَبْعُوثُونَ خَلْقًا جَدِيدًا
Цара элира: 'Тхох даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ тхо дендийр ду, керла халкъ а хилла?'
17:49
Гочдар: Магомед Магомедов