Мусхаф., агӏо 287
-
قُلْ كُونُوا حِجَارَةً أَوْ حَدِيدًا
Ахь āла: 'Шух тIулг я эчиг‚
17:50 -
أَوْ خَلْقًا مِمَّا يَكْبُرُ فِي صُدُورِكُمْ ۚ فَسَيَقُولُونَ مَنْ يُعِيدُنَا ۖ قُلِ الَّذِي فَطَرَكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ ۚ فَسَيُنْغِضُونَ إِلَيْكَ رُءُوسَهُمْ وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هُوَ ۖ قُلْ عَسَىٰ أَنْ يَكُونَ قَرِيبًا
Я /муьлхха/ кхоьллина хIума хилча а, ша йоккха хуьлуш йолу шун дегнашкахь /иза а денйийр ю/.' ТIаккха цара эр ма ду: 'Хьан /дендина/ духадерзор ду тхо?' Ахь āла: 'Дуьххьара шу кхоьллинчо'. ТIаккха цара шайн кортош лестош хьо волчухьа‚ эр ма ду: 'Маца /хир/ ду иза?' Ахь āла: 'Иза кеста хила тарло'
17:51 -
يَوْمَ يَدْعُوكُمْ فَتَسْتَجِيبُونَ بِحَمْدِهِ وَتَظُنُّونَ إِنْ لَبِثْتُمْ إِلَّا قَلِيلًا
Оцу /къемат/дийнахь Цо шуьга кхойкхур ма ду‚ аш Цунна хастамбарца жоп лур ду‚ шуна моьттур ду шаьш кIеззиг бен ца йна (дуьненахь я кошахь)
17:52 -
وَقُلْ لِعِبَادِي يَقُولُوا الَّتِي هِيَ أَحْسَنُ ۚ إِنَّ الشَّيْطَانَ يَنْزَغُ بَيْنَهُمْ ۚ إِنَّ الشَّيْطَانَ كَانَ لِلْإِنْسَانِ عَدُوًّا مُبِينًا
Ахь āла Сан лешка‚ цара олийла (шаьш къамелаш деш) уггаре диканиг. Баккъалла а, шайтIано царна юккъе дов туьссу. Баккъалла а, шайтIа адамна къаьсттина мостагI хилла
17:53 -
رَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِكُمْ ۖ إِنْ يَشَأْ يَرْحَمْكُمْ أَوْ إِنْ يَشَأْ يُعَذِّبْكُمْ ۚ وَمَا أَرْسَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ وَكِيلًا
Шун Кхиош-Кхобург шу дика девзаш ву. Шена лаахь, къинхетам бийр бу Цо шух‚ я Шена лаахь, Цо шуна Iазап дийр ду. Оха ца вахийтина хьо царна тIехь векал хилла
17:54 -
وَرَبُّكَ أَعْلَمُ بِمَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَلَقَدْ فَضَّلْنَا بَعْضَ النَّبِيِّينَ عَلَىٰ بَعْضٍ ۖ وَآتَيْنَا دَاوُودَ زَبُورًا
Хьан Кхиош-Кхобург дика бевзаш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Оха базбина цхьаболу пайхамараш вукхарал‚ Оха делла Давуде Забур
17:55 -
قُلِ ادْعُوا الَّذِينَ زَعَمْتُمْ مِنْ دُونِهِ فَلَا يَمْلِكُونَ كَشْفَ الضُّرِّ عَنْكُمْ وَلَا تَحْوِيلًا
Ахь āла: 'Аш кхайкха шаьш, И /АллахI-Дела/ витина, делий бу бохучаьрга /шайна гIо де алий/'. Церан дōлахь ма дац шуна тIера зен дайдар а‚ /я и кхечарна т/ дерзор а
17:56 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ يَدْعُونَ يَبْتَغُونَ إِلَىٰ رَبِّهِمُ الْوَسِيلَةَ أَيُّهُمْ أَقْرَبُ وَيَرْجُونَ رَحْمَتَهُ وَيَخَافُونَ عَذَابَهُ ۚ إِنَّ عَذَابَ رَبِّكَ كَانَ مَحْذُورًا
Цара шайга кхойкхуш берш шаьш а бу шайн Деле /герга хила/ некъ лоьхуш‚ царах вуно /Далла/ герга верг муьлханиг ву-те /хьоьжуш/. Дог дохуш бу уьш Цуьнан къинхетаме‚ кхоьруш бу Цуьнан Iазапах. Баккъалла а, хьан Кхиош- Кхобучун Iазап хилла шех лардала дезаш
17:57 -
وَإِنْ مِنْ قَرْيَةٍ إِلَّا نَحْنُ مُهْلِكُوهَا قَبْلَ يَوْمِ الْقِيَامَةِ أَوْ مُعَذِّبُوهَا عَذَابًا شَدِيدًا ۚ كَانَ ذَٰلِكَ فِي الْكِتَابِ مَسْطُورًا
Ма яц цхьа а юрт Оха хIаллакйийр йоцуш къематде дале‚ я Оха шена чIогIа Iазап дийр доцуш. И хилла /Лавхь махьфуз/ жайни чохь яздина /хийцалур доцуш/
17:58
Гочдар: Магомед Магомедов