Мусхаф., агӏо 288

  1. وَمَا مَنَعَنَا أَنْ نُرْسِلَ بِالْآيَاتِ إِلَّا أَنْ كَذَّبَ بِهَا الْأَوَّلُونَ ۚ وَآتَيْنَا ثَمُودَ النَّاقَةَ مُبْصِرَةً فَظَلَمُوا بِهَا ۚ وَمَا نُرْسِلُ بِالْآيَاتِ إِلَّا تَخْوِيفًا

    Тхо духа ца тоьхна Оха аяташ диссорах уьш хьалхалерачара харцдаро бен. Оха елира самудашна эмкал, гуш а йолуш‚ цара цуьнца зулам дира. Оха ца боссабо аяташца кхерам бен

    17:59
  2. وَإِذْ قُلْنَا لَكَ إِنَّ رَبَّكَ أَحَاطَ بِالنَّاسِ ۚ وَمَا جَعَلْنَا الرُّؤْيَا الَّتِي أَرَيْنَاكَ إِلَّا فِتْنَةً لِلنَّاسِ وَالشَّجَرَةَ الْمَلْعُونَةَ فِي الْقُرْآنِ ۚ وَنُخَوِّفُهُمْ فَمَا يَزِيدُهُمْ إِلَّا طُغْيَانًا كَبِيرًا

    Дагадайта: Оха ма элира хьоьга: 'Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо нахах гуо биллина'. Оха ца хилийтира Оха хьуна гайтина хилла долу гар а, Къуръан чохь шена неIалт аьлла долу дитт а нахана питана бен. Оха царна кхерам кхуьссу‚ цо уьш алсам ца боху доккхачу тиларца бен

    17:60
  3. وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ قَالَ أَأَسْجُدُ لِمَنْ خَلَقْتَ طِينًا

    Хьахаде, (хй пайхамар): Оха элира маликашка: 'Сужуд де Āдамна'. Цара сужуд дира, иблис доцчо. Цо элира: 'Ас сужуд до ткъа Ахь поппарх кхоьллинчунна?'

    17:61
  4. قَالَ أَرَأَيْتَكَ هَٰذَا الَّذِي كَرَّمْتَ عَلَيَّ لَئِنْ أَخَّرْتَنِ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَأَحْتَنِكَنَّ ذُرِّيَّتَهُ إِلَّا قَلِيلًا

    Элира /иблисо/: 'Хьажахь! ХIара ву Ахь суна тIехь вазвинарг? Ахь со тIаьхьататтахь къематде даллац‚ цуьнан зурриет тилор ма ду ас‚ цхьа кIеззиг берш боцурш'

    17:62
  5. قَالَ اذْهَبْ فَمَنْ تَبِعَكَ مِنْهُمْ فَإِنَّ جَهَنَّمَ جَزَاؤُكُمْ جَزَاءً مَوْفُورًا

    Цо (Дала) элира: 'ДIадала! Царах хьуна тIаьхьа милла хIоттахь а,– баккъалла а, жоьжахати ю-кх шуна кхоччуш бекхам

    17:63
  6. وَاسْتَفْزِزْ مَنِ اسْتَطَعْتَ مِنْهُمْ بِصَوْتِكَ وَأَجْلِبْ عَلَيْهِمْ بِخَيْلِكَ وَرَجِلِكَ وَشَارِكْهُمْ فِي الْأَمْوَالِ وَالْأَوْلَادِ وَعِدْهُمْ ۚ وَمَا يَعِدُهُمُ الشَّيْطَانُ إِلَّا غُرُورًا

    Кхерам таса царах хьайн ницкъ кхочучарна хьайн озаца‚ гулбе (тхеца) царна дуьхьал хьайн дошлой а‚ гIашлой а‚ декъашхо хила цаьрца (церан) хьолехь а, доьзалшкахь а‚ ваIда е царна!” ШайтIано ваIда ма ца йо царна (уьш) Iехабар бен

    17:64
  7. إِنَّ عِبَادِي لَيْسَ لَكَ عَلَيْهِمْ سُلْطَانٌ ۚ وَكَفَىٰ بِرَبِّكَ وَكِيلًا

    'Баккъалла а, Сан /дог цна, тешаме болу/ леш, - царна тIехь бакъо яц хьан'. Кхачаме ду хьан Кхиош-Кхобург (уьш шайтнах лашбарехь) векал хилар

    17:65
  8. رَبُّكُمُ الَّذِي يُزْجِي لَكُمُ الْفُلْكَ فِي الْبَحْرِ لِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ ۚ إِنَّهُ كَانَ بِكُمْ رَحِيمًا

    Шун Кхиош-Кхобург ву шуна хIорда чухула кеманаш лелош верг шуьга лехийта Шен комаьршаллах (рицкъ) Баккъалла а, Иза хилла шуна къинхетаме

    17:66

Гочдар: Магомед Магомедов