Мусхаф., агӏо 289
-
وَإِذَا مَسَّكُمُ الضُّرُّ فِي الْبَحْرِ ضَلَّ مَنْ تَدْعُونَ إِلَّا إِيَّاهُ ۖ فَلَمَّا نَجَّاكُمْ إِلَى الْبَرِّ أَعْرَضْتُمْ ۚ وَكَانَ الْإِنْسَانُ كَفُورًا
Шух зен-зулам ттаделча хIорда чохь‚ дIа ма туьлий и, аш Иза воцчуьнга, шайга кхойкхуш берш. ТIаккха Цо шаьш кIелхьардаьхча аренна тIе – шу духадевли. Баккъалла а, адам хили баркалле доцуш
17:67 -
أَفَأَمِنْتُمْ أَنْ يَخْسِفَ بِكُمْ جَانِبَ الْبَرِّ أَوْ يُرْسِلَ عَلَيْكُمْ حَاصِبًا ثُمَّ لَا تَجِدُوا لَكُمْ وَكِيلًا
Шу тешна хили-те Цо шу аренан цхьана декъана бухадохуьтург цахиларх я Цо шуна тIе дарц хьовзор цахиларх? ТIаккха шуна карор ма вац шайна векал
17:68 -
أَمْ أَمِنْتُمْ أَنْ يُعِيدَكُمْ فِيهِ تَارَةً أُخْرَىٰ فَيُرْسِلَ عَلَيْكُمْ قَاصِفًا مِنَ الرِّيحِ فَيُغْرِقَكُمْ بِمَا كَفَرْتُمْ ۙ ثُمَّ لَا تَجِدُوا لَكُمْ عَلَيْنَا بِهِ تَبِيعًا
Я шу тешна дара-те Цо шу цунна (хIорда) чу /цкъа шун доIа бахьанехь Оха арадаьхначул тIаьхьа/ юха а дерзориг цахиларх, тIаккха шуна тIе механ дарц хьавзийна, цо шу хи буха дохуьйтур долуш, шу ца тешаш хиларна? ТIаккха шуна карор вац шайна Тхуна тIехь цуьнца / бекхам эца/ тIаьхьаваьлларг
17:69 -
وَلَقَدْ كَرَّمْنَا بَنِي آدَمَ وَحَمَلْنَاهُمْ فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ وَرَزَقْنَاهُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ وَفَضَّلْنَاهُمْ عَلَىٰ كَثِيرٍ مِمَّنْ خَلَقْنَا تَفْضِيلًا
Оха сийдина (леерам бина) Āдаман кIентех‚ Оха лелийна уьш аренца а‚ хIорда чухула а‚ рицкъ делла царна цIенчух‚ Оха базбина уьш Тхаьш кхоьллинчу /халкъех/ дуккхачарах базбарца
17:70 -
يَوْمَ نَدْعُو كُلَّ أُنَاسٍ بِإِمَامِهِمْ ۖ فَمَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِيَمِينِهِ فَأُولَٰئِكَ يَقْرَءُونَ كِتَابَهُمْ وَلَا يُظْلَمُونَ فَتِيلًا
Оцу /къемат/дийнахь Оха кхойкхур ду дерриге а адамашка шайн имамаца. Шен жайна шен аьтту куьйга делларг милла велахь а и, цара шайн жайна доьшур ма ду‚ царна цуьрриг зулам дийр ма дац
17:71 -
وَمَنْ كَانَ فِي هَٰذِهِ أَعْمَىٰ فَهُوَ فِي الْآخِرَةِ أَعْمَىٰ وَأَضَلُّ سَبِيلًا
Кхузахь бIаьрса доцуш милла хиллехь а, – иза эхартахь а бIаьрса доцуш хир ву‚ некъаца уггар тилавелларг а ву
17:72 -
وَإِنْ كَادُوا لَيَفْتِنُونَكَ عَنِ الَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ لِتَفْتَرِيَ عَلَيْنَا غَيْرَهُ ۖ وَإِذًا لَاتَّخَذُوكَ خَلِيلًا
Уьш герга хилира Оха хьоьга ваьхьица доссийначух хьо дIатилаван хьоьга Тхуна тIехь кхидерг кхоллийта. ТIаккха хьо доттагI лаьцна хир ма вара цара!
17:73 -
وَلَوْلَا أَنْ ثَبَّتْنَاكَ لَقَدْ كِدْتَ تَرْكَنُ إِلَيْهِمْ شَيْئًا قَلِيلًا
Оха хьо (бакъдолчунна тхь) ца сацийнехьара‚ хьо герга вара жимма царна тIетовжа
17:74 -
إِذًا لَأَذَقْنَاكَ ضِعْفَ الْحَيَاةِ وَضِعْفَ الْمَمَاتِ ثُمَّ لَا تَجِدُ لَكَ عَلَيْنَا نَصِيرًا
ТIаккха /хьо мушрикашна цхьа жимма а гергавахана хиллехь/ Оха хьоьга /Iазап/ Iовшийтина хир дара шозза дахарехь а‚ шозза валарехь а‚ тIаккха хьуна Тхуна дуьхьал гIоьнча карор ма вацара
17:75
Гочдар: Магомед Магомедов