Мусхаф., агӏо 290
-
وَإِنْ كَادُوا لَيَسْتَفِزُّونَكَ مِنَ الْأَرْضِ لِيُخْرِجُوكَ مِنْهَا ۖ وَإِذًا لَا يَلْبَثُونَ خِلَافَكَ إِلَّا قَلِيلًا
Уьш герга бара хьо оцу лаьттара (Маккара) херван‚ хьо цу чуьра (Маккара) араваккхархьама. ТIаккха хьол тIаьхьа уьш кIеззиг бен йр ма бацара (Дала Iазап дийр дара царна)
17:76 -
سُنَّةَ مَنْ قَدْ أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ مِنْ رُسُلِنَا ۖ وَلَا تَجِدُ لِسُنَّتِنَا تَحْوِيلًا
Оха хьол хьалха бахкийтинчу Тхан элчанийн Iедалехь ду иза. Хьуна карор ма дац Тхан Iедалан хийцдалар
17:77 -
أَقِمِ الصَّلَاةَ لِدُلُوكِ الشَّمْسِ إِلَىٰ غَسَقِ اللَّيْلِ وَقُرْآنَ الْفَجْرِ ۖ إِنَّ قُرْآنَ الْفَجْرِ كَانَ مَشْهُودًا
Ахь ламаз хIоттаде малх дIакерчачу хенера буьйсанан бодане кхаччалц‚ сатасаран Къуръан а деша (Iуьйре-ламаз де). Баккъалла а, сатасаран Къуръан хилла шена тешаллаш долуш
17:78 -
وَمِنَ اللَّيْلِ فَتَهَجَّدْ بِهِ نَافِلَةً لَكَ عَسَىٰ أَنْ يَبْعَثَكَ رَبُّكَ مَقَامًا مَحْمُودًا
Буьйсанах а (цхьана декъехь) ахь къахьега айхьа цуьнца (Къуръан дешарца) совнаха ламазашкахь – хьан Кхиош-кхобучо хьо вахийта тарло хастаме меттиге
17:79 -
وَقُلْ رَبِّ أَدْخِلْنِي مُدْخَلَ صِدْقٍ وَأَخْرِجْنِي مُخْرَجَ صِدْقٍ وَاجْعَلْ لِي مِنْ لَدُنْكَ سُلْطَانًا نَصِيرًا
Ахь āла: 'Сан Кхиош-Кхобург! Сан чугйла хилийталахь бакъдолчун а, сийлаллин а нерехула, сан араволийла а хилийталахь бакъдолчун а, сийлаллин а нерехула. Хилийталахь суна гIоьнна Хьайгара бакъо а, ницкъ а (Хьан мостагх со ларвеш, Хьан дин даздеш)'
17:80 -
وَقُلْ جَاءَ الْحَقُّ وَزَهَقَ الْبَاطِلُ ۚ إِنَّ الْبَاطِلَ كَانَ زَهُوقًا
Ахь āла: 'Бакъдерг деана‚ харцдерг ддаьлла. Баккъалла а, харцдерг ддала дезаш хилла'
17:81 -
وَنُنَزِّلُ مِنَ الْقُرْآنِ مَا هُوَ شِفَاءٌ وَرَحْمَةٌ لِلْمُؤْمِنِينَ ۙ وَلَا يَزِيدُ الظَّالِمِينَ إِلَّا خَسَارًا
Оха доссадо Къуръан чуьра (аяташ) муъмин нахана /дегнашна а, догашна а) дарба дерг а‚ къинхетам берг а. Зуламхошна – цо дараш (зен) бен сов ца доху
17:82 -
وَإِذَا أَنْعَمْنَا عَلَى الْإِنْسَانِ أَعْرَضَ وَنَأَىٰ بِجَانِبِهِ ۖ وَإِذَا مَسَّهُ الشَّرُّ كَانَ يَئُوسًا
Оха адамна ниIмат делча, – и юхаволу‚ генаволу / Тхуна бадат дарх/‚ ша бохамо схьалаьцча, и хуьлу /Делан къинхетамах/ догдиллина
17:83 -
قُلْ كُلٌّ يَعْمَلُ عَلَىٰ شَاكِلَتِهِ فَرَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِمَنْ هُوَ أَهْدَىٰ سَبِيلًا
Ахь āла: 'Массо а ву Iамал еш шен-шен кепара'. Шун Кхиош-Кхобург дико хууш ву новкъаца /массарал/ нисвелларг милла велахь а
17:84 -
وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الرُّوحِ ۖ قُلِ الرُّوحُ مِنْ أَمْرِ رَبِّي وَمَا أُوتِيتُمْ مِنَ الْعِلْمِ إِلَّا قَلِيلًا
Цара хьоьга хоьтту сих /лаьцна/.Ахь āла: 'Са сан Кхиош-кхобучун гIуллакхах ду. Шуна Iилма кIеззиг бен ца делла'
17:85 -
وَلَئِنْ شِئْنَا لَنَذْهَبَنَّ بِالَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ ثُمَّ لَا تَجِدُ لَكَ بِهِ عَلَيْنَا وَكِيلًا
Тхуна лиънехьара‚ Оха дIадаьккхина хир дара хьоьга Тхаьш ваьхьица делларг – тIаккха хьуна карор вац хьайна цуьнца Тхуна тIехь векал (и духадерзо ницкъ берг)
17:86
Гочдар: Магомед Магомедов