Мусхаф., агӏо 296

  1. وَكَذَٰلِكَ أَعْثَرْنَا عَلَيْهِمْ لِيَعْلَمُوا أَنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَأَنَّ السَّاعَةَ لَا رَيْبَ فِيهَا إِذْ يَتَنَازَعُونَ بَيْنَهُمْ أَمْرَهُمْ ۖ فَقَالُوا ابْنُوا عَلَيْهِمْ بُنْيَانًا ۖ رَبُّهُمْ أَعْلَمُ بِهِمْ ۚ قَالَ الَّذِينَ غَلَبُوا عَلَىٰ أَمْرِهِمْ لَنَتَّخِذَنَّ عَلَيْهِمْ مَسْجِدًا

    Иштта Оха царна тIе /нах/ нисбалийтира, царна хаийтархьама Делан ваIда бакъ юйла‚ сахьт– цу чохь шеко йоцийла (къематде хттур хиларна). Церан гIуллакхехь вовшашца галморзахбевлира уьш. Элира (цхьаболчара): 'ГIишло е царна тIехула (хьехана гонахула). Церан Кхиош-Кхобург дика хууш ву царах дерг'. Церан гIуллакхна тIехь тоьллачара элира: 'Царна тIехь маьждиг (ламаз ден меттиг) дийр ду вай'

    18:21
  2. سَيَقُولُونَ ثَلَاثَةٌ رَابِعُهُمْ كَلْبُهُمْ وَيَقُولُونَ خَمْسَةٌ سَادِسُهُمْ كَلْبُهُمْ رَجْمًا بِالْغَيْبِ ۖ وَيَقُولُونَ سَبْعَةٌ وَثَامِنُهُمْ كَلْبُهُمْ ۚ قُلْ رَبِّي أَعْلَمُ بِعِدَّتِهِمْ مَا يَعْلَمُهُمْ إِلَّا قَلِيلٌ ۗ فَلَا تُمَارِ فِيهِمْ إِلَّا مِرَاءً ظَاهِرًا وَلَا تَسْتَفْتِ فِيهِمْ مِنْهُمْ أَحَدًا

    Цара эр ду: 'Кхоъ ву (уьш)‚ церан доьалгIаниг – церан жIаьла ду'. Олу /цхьа кхечара/: 'Пхиъ ву (уьш)‚ церан йолхалгIаниг – церан жIаьла ду'‚ гучахь доцург хаа гIерташ. Олу /вукхара/: 'ВорхI ву‚ церан борхIалгIаниг – церан жIаьла ду'. Ахь āла: 'Сан Кхиош-Кхобург дика хууш ву церан терахь (уьш маса хиллехь)‚ уьш ца бевза кIеззигчарна бен'. Цаьрца ма къийса билгалдолчуьнца бен. Царах лаьцна хкхарах цхьаьнга ма хетта

    18:22
  3. وَلَا تَقُولَنَّ لِشَيْءٍ إِنِّي فَاعِلٌ ذَٰلِكَ غَدًا

    Ахь аллане а ма алалахь цхьана хIуманна тIехь: 'Ас дийр ду иза кхана,

    18:23
  4. إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ ۚ وَاذْكُرْ رَبَّكَ إِذَا نَسِيتَ وَقُلْ عَسَىٰ أَنْ يَهْدِيَنِ رَبِّي لِأَقْرَبَ مِنْ هَٰذَا رَشَدًا

    Далла лаахь'‚ олуш бен. Хьайн Кхиош-Кхобург дагаваийталахь хьуо вицвелча‚ āлалахь: 'ХIокхул а нийсачунна герга вахийта мега со сайн Кхиош-Кхобучо'

    18:24
  5. وَلَبِثُوا فِي كَهْفِهِمْ ثَلَاثَ مِائَةٍ سِنِينَ وَازْدَادُوا تِسْعًا

    Шайн хьеха чохь уьш лаьттира кхаа бIе шарахь‚ /кхин/ исс /шо/ ттуьйхира царна (шерашна)

    18:25
  6. قُلِ اللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا لَبِثُوا ۖ لَهُ غَيْبُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ أَبْصِرْ بِهِ وَأَسْمِعْ ۚ مَا لَهُمْ مِنْ دُونِهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا يُشْرِكُ فِي حُكْمِهِ أَحَدًا

    Ахь āла: 'Дела дика хууш ву уьш мел лаьттира‚ Цуьнгахь ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле'. Ма дика гуш ву Иза (ган мел дезарг)! Ма дика хезаш ву Иза (хаза мел дезарг)! И воцург цхьа а доладийриг ма вац царна‚ Шен хьукамехь цхьа а накъост ца лоцу Цо

    18:26
  7. وَاتْلُ مَا أُوحِيَ إِلَيْكَ مِنْ كِتَابِ رَبِّكَ ۖ لَا مُبَدِّلَ لِكَلِمَاتِهِ وَلَنْ تَجِدَ مِنْ دُونِهِ مُلْتَحَدًا

    Ахь дийца (Iамаде) хьайга ваьхьица деллачу хьайн Кхиош-Кхобучун жайнах. Вац Цуьнан дешнаш хуьйцуверг‚ хьуна цкъа а карор яц Цунна Шена т йоцург дIавада меттиг

    18:27

Гочдар: Магомед Магомедов