Мусхаф., агӏо 297
-
وَاصْبِرْ نَفْسَكَ مَعَ الَّذِينَ يَدْعُونَ رَبَّهُمْ بِالْغَدَاةِ وَالْعَشِيِّ يُرِيدُونَ وَجْهَهُ ۖ وَلَا تَعْدُ عَيْنَاكَ عَنْهُمْ تُرِيدُ زِينَةَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَلَا تُطِعْ مَنْ أَغْفَلْنَا قَلْبَهُ عَنْ ذِكْرِنَا وَاتَّبَعَ هَوَاهُ وَكَانَ أَمْرُهُ فُرُطًا
Хьо собаре хила шайн кхиош-кхобучу Делан юьхь езаш, Цуьнга Iуьйранна а, суьйранна а кхойкхучаьрца. Хьайн ши бIаьрг дIа ма берзабе царах, дуьненан хазалла езаш‚ хьо муьтIахь ма хила Оха шен дог Тхо хьехорна гIовпал динчунна а‚ шен дезаршна тIаьхьахIоьттинчунна а‚ – цуьнан гIуллакх эрна хилла
18:28 -
وَقُلِ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ فَمَنْ شَاءَ فَلْيُؤْمِنْ وَمَنْ شَاءَ فَلْيَكْفُرْ ۚ إِنَّا أَعْتَدْنَا لِلظَّالِمِينَ نَارًا أَحَاطَ بِهِمْ سُرَادِقُهَا ۚ وَإِنْ يَسْتَغِيثُوا يُغَاثُوا بِمَاءٍ كَالْمُهْلِ يَشْوِي الْوُجُوهَ ۚ بِئْسَ الشَّرَابُ وَسَاءَتْ مُرْتَفَقًا
Ахь āла: 'Бакъдерг ду шун Кхиош-Кхобучуьнгара. Шена лиънарг тешийла‚ шена лиънарг керста хуьлийла'. Баккъалла а, Оха кечйина зуламхошна /жоьжахатин/ цIе‚ цуьнан пенаша гобийр бу царах. Цара гIо дехахь‚ царна гIо дийр ду хица‚ ша лалийначу эчигах тера долчу, яххьаш а ягаеш. Ма вон малар ду-кх! Вон хилла /церан/ чугйла (жоьжахате)!
18:29 -
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ إِنَّا لَا نُضِيعُ أَجْرَ مَنْ أَحْسَنَ عَمَلًا
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика малш йинарш а, – баккъалла а, Оха эшор ма яц хаза Iамал йинчун ял
18:30 -
أُولَٰئِكَ لَهُمْ جَنَّاتُ عَدْنٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهِمُ الْأَنْهَارُ يُحَلَّوْنَ فِيهَا مِنْ أَسَاوِرَ مِنْ ذَهَبٍ وَيَلْبَسُونَ ثِيَابًا خُضْرًا مِنْ سُنْدُسٍ وَإِسْتَبْرَقٍ مُتَّكِئِينَ فِيهَا عَلَى الْأَرَائِكِ ۚ نِعْمَ الثَّوَابُ وَحَسُنَتْ مُرْتَفَقًا
Уьш бу шайна Iадн(ялсаманин) бошмаш ерш‚ шайн /когаш/ бухахула хиш оьхуш‚ хазбийр бу уьш цу чохь дашо хзаршца‚ цара тIедухур ду атласан а, деза дарийн баьццара духар а‚ цу чохь шаьш маьнгешна тIетевжина лаьтташ. Ма дика мēла бу-кх! Хаза хили (церан) чугйла (ялсамане) !
18:31 -
وَاضْرِبْ لَهُمْ مَثَلًا رَجُلَيْنِ جَعَلْنَا لِأَحَدِهِمَا جَنَّتَيْنِ مِنْ أَعْنَابٍ وَحَفَفْنَاهُمَا بِنَخْلٍ وَجَعَلْنَا بَيْنَهُمَا زَرْعًا
Масална валаве царна ши стаг. Цу шиннах цхьанна Оха кемсийн ши беш хилийтина‚ цу шинна (бешана) го бира Оха хурманашца‚ цу шинна юккъехь ялта хилийтира
18:32 -
كِلْتَا الْجَنَّتَيْنِ آتَتْ أُكُلَهَا وَلَمْ تَظْلِمْ مِنْهُ شَيْئًا ۚ وَفَجَّرْنَا خِلَالَهُمَا نَهَرًا
Шина а бешо шайн даар делира‚ цунах (стоьмех) хIумма а ца телхира. Царна юккъехула хи дигира Оха
18:33 -
وَكَانَ لَهُ ثَمَرٌ فَقَالَ لِصَاحِبِهِ وَهُوَ يُحَاوِرُهُ أَنَا أَكْثَرُ مِنْكَ مَالًا وَأَعَزُّ نَفَرًا
Цунна хилира стоьмаш, тIаккха цо шен накъосте элира, и шеца къамел деш а волуш: 'Сан хьайчул алсамо бу бахам а‚ со хьол сийлахьо ву накъостий хиларца а'
18:34
Гочдар: Магомед Магомедов