Мусхаф., агӏо 298
-
وَدَخَلَ جَنَّتَهُ وَهُوَ ظَالِمٌ لِنَفْسِهِ قَالَ مَا أَظُنُّ أَنْ تَبِيدَ هَٰذِهِ أَبَدًا
И шен беша велира‚ шена зулам деш а волуш‚ цо элира: 'Суна ца моьтту цкъеллига цкъа а дIаер ю /хIара беш/
18:35 -
وَمَا أَظُنُّ السَّاعَةَ قَائِمَةً وَلَئِنْ رُدِدْتُ إِلَىٰ رَبِّي لَأَجِدَنَّ خَيْرًا مِنْهَا مُنْقَلَبًا
Суна ца моьтту сахьт хIуттур ду. Со сайн Кхиош-Кхобучуьнга дIаверзавахь, суна кароза дуьсур ма дац дIаверзарца цул диканиг'
18:36 -
قَالَ لَهُ صَاحِبُهُ وَهُوَ يُحَاوِرُهُ أَكَفَرْتَ بِالَّذِي خَلَقَكَ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ مِنْ نُطْفَةٍ ثُمَّ سَوَّاكَ رَجُلًا
Элира цуьнга цуьнан /бусалба/ накъоста, ша цуьнга къамел деш волуш: 'Ахь керстаналла до ткъа хьо кхоьллинчунна поппарх‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха хьо Ша нисвина волчу /онда/ стаг а хилла?
18:37 -
لَٰكِنَّا هُوَ اللَّهُ رَبِّي وَلَا أُشْرِكُ بِرَبِّي أَحَدًا
Делахь а, сайх лаьцна аьлча‚ Иза АллахI ву – сан Кхиош-Кхобург‚ сайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьа а накъост лоцур вац аса-м!
18:38 -
وَلَوْلَا إِذْ دَخَلْتَ جَنَّتَكَ قُلْتَ مَا شَاءَ اللَّهُ لَا قُوَّةَ إِلَّا بِاللَّهِ ۚ إِنْ تَرَنِ أَنَا أَقَلَّ مِنْكَ مَالًا وَوَلَدًا
Хьуо хьайн беша вахча‚ ахь аьллехьара: 'МашаАллахI! Делаца бен ницкъ ма бац'. Хьуна со гуш велахь хьайл ледаро хьолаца а‚ доьзалшца а,
18:39 -
فَعَسَىٰ رَبِّي أَنْ يُؤْتِيَنِ خَيْرًا مِنْ جَنَّتِكَ وَيُرْسِلَ عَلَيْهَا حُسْبَانًا مِنَ السَّمَاءِ فَتُصْبِحَ صَعِيدًا زَلَقًا
Сан Кхиош-кхобучо суна дала а мега хьан бешал а диканиг‚ доссадан цуьнан (хьан беша) тIе стиглара хьесап – тIаккха цунах шера а меттиг хуьлуш (лаьттаца дшарйина)‚
18:40 -
أَوْ يُصْبِحَ مَاؤُهَا غَوْرًا فَلَنْ تَسْتَطِيعَ لَهُ طَلَبًا
Я цуьнан хи (лаьттах) дхудуш‚ хьан цкъа а ницкъ ца кхочур боцуш и карадан'
18:41 -
وَأُحِيطَ بِثَمَرِهِ فَأَصْبَحَ يُقَلِّبُ كَفَّيْهِ عَلَىٰ مَا أَنْفَقَ فِيهَا وَهِيَ خَاوِيَةٌ عَلَىٰ عُرُوشِهَا وَيَقُولُ يَا لَيْتَنِي لَمْ أُشْرِكْ بِرَبِّي أَحَدًا
Гобира цуьнан стоьмех (хллакхиларо)‚ и волавелира шен куьйгаш вовшех детта, ша цунна (бешана) харж ярна‚ ткъа иза (беш) шен бух тIехь еса йолуш. Цо олу: 'Ас ца лаьцна хиллехьара сайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьа а накъост!'
18:42 -
وَلَمْ تَكُنْ لَهُ فِئَةٌ يَنْصُرُونَهُ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَمَا كَانَ مُنْتَصِرًا
Ца хилира цунна /гIоьнчийн/ тоба, ша цунна гIо деш Дала динчунна дуьхьал. И ша ца хилира шена гIо далуш!
18:43 -
هُنَالِكَ الْوَلَايَةُ لِلَّهِ الْحَقِّ ۚ هُوَ خَيْرٌ ثَوَابًا وَخَيْرٌ عُقْبًا
Цигахь гIо – хьакъ волчу Делан ду. И ву дика верг мēла баларца а‚ дика верг /хаза/ тIаьхье хилийтарца а
18:44 -
وَاضْرِبْ لَهُمْ مَثَلَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا كَمَاءٍ أَنْزَلْنَاهُ مِنَ السَّمَاءِ فَاخْتَلَطَ بِهِ نَبَاتُ الْأَرْضِ فَأَصْبَحَ هَشِيمًا تَذْرُوهُ الرِّيَاحُ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ مُقْتَدِرًا
Дāладе царна масална дуьненан дахар: Оха стиглара доссийна хи (дог) санна ду иза – цунах ийра лаьттан ораматаш. Тккха царах дакъаделла асарш хилира, шаьш мехаша дса а даржадеш. Хилира Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш
18:45
Гочдар: Магомед Магомедов