Мусхаф., агӏо 299

  1. الْمَالُ وَالْبَنُونَ زِينَةُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَالْبَاقِيَاتُ الصَّالِحَاتُ خَيْرٌ عِنْدَ رَبِّكَ ثَوَابًا وَخَيْرٌ أَمَلًا

    Бахам а‚ кIентий а – дуьненан дахаран хазалла ю - бухадуьсуш долу диканаш тоьлу хьан Кхиош-Кхобучун гергахь мēлаца а‚ тоьлу догдахарца а

    18:46
  2. وَيَوْمَ نُسَيِّرُ الْجِبَالَ وَتَرَى الْأَرْضَ بَارِزَةً وَحَشَرْنَاهُمْ فَلَمْ نُغَادِرْ مِنْهُمْ أَحَدًا

    Оха лаьмнаш дуьйладолуьйтучу (д-схьадаржочу) /къемат/ дийнахь‚ хьуна гур ду латта шарделла. Оха схьагулбийр бу уьш (берриге а)‚ бухавуьтур вац царах цхьа а

    18:47
  3. وَعُرِضُوا عَلَىٰ رَبِّكَ صَفًّا لَقَدْ جِئْتُمُونَا كَمَا خَلَقْنَاكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ ۚ بَلْ زَعَمْتُمْ أَلَّنْ نَجْعَلَ لَكُمْ مَوْعِدًا

    Хьан Кхиош-Кхобучун хьалха дхIиттор бу уьш могра: шу даьхкина Тхо долчу, Оха шу дуьххьара ма-кхоллара. Шуна-м моттара Оха шайна /Тхуна дуьхьалкхетаран/ хан юьллур яц‚ аьлла

    18:48
  4. وَوُضِعَ الْكِتَابُ فَتَرَى الْمُجْرِمِينَ مُشْفِقِينَ مِمَّا فِيهِ وَيَقُولُونَ يَا وَيْلَتَنَا مَالِ هَٰذَا الْكِتَابِ لَا يُغَادِرُ صَغِيرَةً وَلَا كَبِيرَةً إِلَّا أَحْصَاهَا ۚ وَوَجَدُوا مَا عَمِلُوا حَاضِرًا ۗ وَلَا يَظْلِمُ رَبُّكَ أَحَدًا

    Охьадуьллур ду тептар (адамаша дуьненахь мел йина дика а. вон а мал дязйина долу) ‚ тIаккха хьуна гур бу къинош динарш цу чохь долчух кхоьруш‚ шаьш олуш: 'Ма бāла бу вайна‚ хра х тептар ду? ХIокхо -м буха ца дитина жиманиг а‚ я доккханиг а тергал ца деш!” Царна карийра шаьш /дуьненахь долуш/ динарг (шайна) хьалхадиллина. Зулам ца до хьан Кхиош-Кхобучо цхьанна а

    18:49
  5. وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ كَانَ مِنَ الْجِنِّ فَفَسَقَ عَنْ أَمْرِ رَبِّهِ ۗ أَفَتَتَّخِذُونَهُ وَذُرِّيَّتَهُ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِي وَهُمْ لَكُمْ عَدُوٌّ ۚ بِئْسَ لِلظَّالِمِينَ بَدَلًا

    Дагадаийта! Оха ма аьллера маликашка: 'Сужуд де Āдамна'. Цара сужуд дира, Иблис доцчо – и дара жинех‚ цо ла ца дуьйгра шен Кхиош-Кхобучун омране. Ткъа аш лоцу иза а‚ цуьнан зурриет а доттагIий‚ Со а вуьтий‚ – уьш шуна мостагIий ма-бу?! Ма вон бу-кх зуламхошна /шаьш бина/ хийцам!

    18:50
  6. مَا أَشْهَدْتُهُمْ خَلْقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَا خَلْقَ أَنْفُسِهِمْ وَمَا كُنْتُ مُتَّخِذَ الْمُضِلِّينَ عَضُدًا

    Ас уьш стигланаш а‚ латта а кхолларан а ‚ уьш шаьш кхолларан а‚ тешаш ца хIиттийна. Со ца хилира /и Сан халкъ/ тилош берш гIоьнчий лоцург а

    18:51
  7. وَيَوْمَ يَقُولُ نَادُوا شُرَكَائِيَ الَّذِينَ زَعَمْتُمْ فَدَعَوْهُمْ فَلَمْ يَسْتَجِيبُوا لَهُمْ وَجَعَلْنَا بَيْنَهُمْ مَوْبِقًا

    Оцу /къемат/дийнахь Цо (Дала) эр ду: 'Кхайкха аш шаьш Сан накъостий бу‚ бохуш‚ чIагIбеш хиллачаьрга!' Уьш кхайкхира цаьрга. Цара оцарна жоп ца делира‚ Оха хилийтира царна юккъехь хIаллакхилар (жоьжахати бахийтар)

    18:52
  8. وَرَأَى الْمُجْرِمُونَ النَّارَ فَظَنُّوا أَنَّهُمْ مُوَاقِعُوهَا وَلَمْ يَجِدُوا عَنْهَا مَصْرِفًا

    Гира къинош диначарна /жоьжахатин/ цIе‚ царна хиира шаьш цу чу кхочур дуйла‚ ца карийра царна цунах дIасахьовзийла

    18:53

Гочдар: Магомед Магомедов