Мусхаф., агӏо 300
-
وَلَقَدْ صَرَّفْنَا فِي هَٰذَا الْقُرْآنِ لِلنَّاسِ مِنْ كُلِّ مَثَلٍ ۚ وَكَانَ الْإِنْسَانُ أَكْثَرَ شَيْءٍ جَدَلًا
Оха /къастош/ далийна хIокху Къуръан чохь нахана массо а тайпа масал. Адам хилира вуно дукха хIуманашца къуьйсуш
18:54 -
وَمَا مَنَعَ النَّاسَ أَنْ يُؤْمِنُوا إِذْ جَاءَهُمُ الْهُدَىٰ وَيَسْتَغْفِرُوا رَبَّهُمْ إِلَّا أَنْ تَأْتِيَهُمْ سُنَّةُ الْأَوَّلِينَ أَوْ يَأْتِيَهُمُ الْعَذَابُ قُبُلًا
Цхьа а дуьхьало ца хилла нахана /Делах/ теша шайга нийса некъ беъча‚ шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар деха а – цаьрга хьалхалерачийн масал даро бен‚ я шайна хьалха Iазап хттаро бен
18:55 -
وَمَا نُرْسِلُ الْمُرْسَلِينَ إِلَّا مُبَشِّرِينَ وَمُنْذِرِينَ ۚ وَيُجَادِلُ الَّذِينَ كَفَرُوا بِالْبَاطِلِ لِيُدْحِضُوا بِهِ الْحَقَّ ۖ وَاتَّخَذُوا آيَاتِي وَمَا أُنْذِرُوا هُزُوًا
Оха ца бохкуьйту элчанаш кхаъ боккхуш а‚ кхерам тосуш а бен. Цатешачара харцдолчуьнца къуьйсу бакъдерг кIелдитархьама. Сан аяташ а‚ шайна кхерам теснарг а сийсазадеш тIелаьцна цара
18:56 -
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ ذُكِّرَ بِآيَاتِ رَبِّهِ فَأَعْرَضَ عَنْهَا وَنَسِيَ مَا قَدَّمَتْ يَدَاهُ ۚ إِنَّا جَعَلْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ أَكِنَّةً أَنْ يَفْقَهُوهُ وَفِي آذَانِهِمْ وَقْرًا ۖ وَإِنْ تَدْعُهُمْ إِلَى الْهُدَىٰ فَلَنْ يَهْتَدُوا إِذًا أَبَدًا
Мила ву зуламе шена шен Кхиош-кхобучун аяташ хьехийна‚ тIаккха царах юхаваьллачул‚ шен куьйгаша хьалхадаьккхинарг дицдийначул? Баккъалла а, Оха церан дегнаш чу гIат диллина – тIаккха уьш цунах (Къуръанах) ца кхета‚ церан лергаш чу /йиллина/ къоралла. Ахь уьш нийсачу новкъа кхайкхича а‚ цкъеллига цкъа а нислур бац уьш
18:57 -
وَرَبُّكَ الْغَفُورُ ذُو الرَّحْمَةِ ۖ لَوْ يُؤَاخِذُهُمْ بِمَا كَسَبُوا لَعَجَّلَ لَهُمُ الْعَذَابَ ۚ بَلْ لَهُمْ مَوْعِدٌ لَنْ يَجِدُوا مِنْ دُونِهِ مَوْئِلًا
Хьан Кхиош-кхобург гечдийриг ву‚ /Шегахь/ къинхетам (боккха) болуш. Цара /дуьненахь/ карадинчуьнца Цо уьш /Iазапе я бāлане/ лоьцуш белахьара‚ царна Iазап сихдийр дара Цо. Царна тоьхна хан ю‚ Цунна тIехбевла бовда меттиг цкъа а карор ма яц царна
18:58 -
وَتِلْكَ الْقُرَىٰ أَهْلَكْنَاهُمْ لَمَّا ظَلَمُوا وَجَعَلْنَا لِمَهْلِكِهِمْ مَوْعِدًا
И ярташ - Оха хIаллакйира уьш‚ цара зулам дича‚ уьш хIаллакбарна хан йиллира Оха
18:59 -
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِفَتَاهُ لَا أَبْرَحُ حَتَّىٰ أَبْلُغَ مَجْمَعَ الْبَحْرَيْنِ أَوْ أَمْضِيَ حُقُبًا
Дагадаийта! Мусас аьллера шен къонахе: 'Со соцур вац ши хIорд вовшахкхетачу меттиге кхаччалц‚ я лелар ву еххачу заманахь'
18:60 -
فَلَمَّا بَلَغَا مَجْمَعَ بَيْنِهِمَا نَسِيَا حُوتَهُمَا فَاتَّخَذَ سَبِيلَهُ فِي الْبَحْرِ سَرَبًا
И шиъ /хIорд/ вовшахкхетачу меттиге кхаьчча‚ царна шайн чIара бицбелира‚ ткъа цо /лаьттахула/ Iуьрг доккхуш шен некъ хIорда чу биллира
18:61
Гочдар: Магомед Магомедов