Мусхаф., агӏо 4

  1. مَثَلُهُمْ كَمَثَلِ الَّذِي اسْتَوْقَدَ نَارًا فَلَمَّا أَضَاءَتْ مَا حَوْلَهُ ذَهَبَ اللَّهُ بِنُورِهِمْ وَتَرَكَهُمْ فِي ظُلُمَاتٍ لَا يُبْصِرُونَ

    Уьш тера бу‚ цIе а латийна‚ тIаккха цо шена гонаха дерг серладаьккхича‚ Дала шайн нур дIа а даьхьна‚ боданехь бисинчарех‚ шайна хмма ца гуш

    2:17
  2. صُمٌّ بُكْمٌ عُمْيٌ فَهُمْ لَا يَرْجِعُونَ

    Къора а‚ мотт а ца хууш а‚ бIаьрзе а хилла, уьш юха ца боьрзу-кх/нийсачу новкъа/

    2:18
  3. أَوْ كَصَيِّبٍ مِنَ السَّمَاءِ فِيهِ ظُلُمَاتٌ وَرَعْدٌ وَبَرْقٌ يَجْعَلُونَ أَصَابِعَهُمْ فِي آذَانِهِمْ مِنَ الصَّوَاعِقِ حَذَرَ الْمَوْتِ ۚ وَاللَّهُ مُحِيطٌ بِالْكَافِرِينَ

    Я стигларчу догIанан марханах тера‚ шена чохь бода болуш‚ къовкъар долуш‚ ткъес тохар долуш – цара лергаш чу пIелгаш дуьхку‚ ткъес кхетна баларх ларлуш. И Дела ма ву гоне лоцур болуш и ца тешаш берш

    2:19
  4. يَكَادُ الْبَرْقُ يَخْطَفُ أَبْصَارَهُمْ ۖ كُلَّمَا أَضَاءَ لَهُمْ مَشَوْا فِيهِ وَإِذَا أَظْلَمَ عَلَيْهِمْ قَامُوا ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَذَهَبَ بِسَمْعِهِمْ وَأَبْصَارِهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Ткъес герга ду церан бIаьрса дIаэца‚ шайна цо серло ма еллинехь‚ дIабоьлху уьш цуьнца‚ шайна Iарж ма еллинехь‚ совцу. Далла лиънехьара‚ хазар а‚ бIаьрса а дIахьур дара церан: Дела массо а хIуманна тхь ницкъ кхочуш ма ву

    2:20
  5. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اعْبُدُوا رَبَّكُمُ الَّذِي خَلَقَكُمْ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ

    ХIай нах! Шаьш а, шайл хьалхарнаш а кхоьллинчу шаьш Кхиош-кхобучунна Iибадат де‚ шу хила тарло-кх /Делах/ кхоьруш

    2:21
  6. الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ فِرَاشًا وَالسَّمَاءَ بِنَاءً وَأَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجَ بِهِ مِنَ الثَّمَرَاتِ رِزْقًا لَكُمْ ۖ فَلَا تَجْعَلُوا لِلَّهِ أَنْدَادًا وَأَنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    И ву шуна латтанах мотт бина‚ стигланах тхов бина‚ стиглара хи а даийтина‚ цуьнца стоьмаш а кхиина шуна рицкъана. Тккха ма нисве Делаца цхьа а‚ шайна хуъушехь

    2:22
  7. وَإِنْ كُنْتُمْ فِي رَيْبٍ مِمَّا نَزَّلْنَا عَلَىٰ عَبْدِنَا فَأْتُوا بِسُورَةٍ مِنْ مِثْلِهِ وَادْعُوا شُهَدَاءَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Нагахь шу шеконехь делахь, Оха Тхан лега /Мухьаммад пайхамаре/ доссош хиллачух, тккха схьадаладе цунах тера цхьа сурат‚ схьакхайкха шайн тешаш (гьнчий)‚ Дела воцург‚ шаьш бакълуьйш делахь

    2:23
  8. فَإِنْ لَمْ تَفْعَلُوا وَلَنْ تَفْعَلُوا فَاتَّقُوا النَّارَ الَّتِي وَقُودُهَا النَّاسُ وَالْحِجَارَةُ ۖ أُعِدَّتْ لِلْكَافِرِينَ

    Нагахь шуьга и ца далахь – ткъа и шуьга цкъа а далур дац - кхерийша цIарах‚ шен ягориг адамаш а‚ тIулгаш а долчу. Иза кечйина цатешачарна

    2:24

Гочдар: Магомед Магомедов