Мусхаф., агӏо 301

  1. فَلَمَّا جَاوَزَا قَالَ لِفَتَاهُ آتِنَا غَدَاءَنَا لَقَدْ لَقِينَا مِنْ سَفَرِنَا هَٰذَا نَصَبًا

    ТIаккха шаьш - шиъ /оцу меттигах/ чекхваьлча‚ цо элира шен къонахе: 'Схьало вайна вайн кхача. Вайна дуьхьалкхийти хIокху вайн некъах хало'

    18:62
  2. قَالَ أَرَأَيْتَ إِذْ أَوَيْنَا إِلَى الصَّخْرَةِ فَإِنِّي نَسِيتُ الْحُوتَ وَمَا أَنْسَانِيهُ إِلَّا الشَّيْطَانُ أَنْ أَذْكُرَهُ ۚ وَاتَّخَذَ سَبِيلَهُ فِي الْبَحْرِ عَجَبًا

    Цо (Мусаца хиллачу кIанта) элира: 'Хьажахь! Вай чара йолчу дирзича, суна бицбелира чIара‚ шайтIано а бен суна и биц ца балийти‚ суна и дага ца бойтуш‚ ткъа цо шен некъ цхьа тамаше кепара хIорда чу биллира'

    18:63
  3. قَالَ ذَٰلِكَ مَا كُنَّا نَبْغِ ۚ فَارْتَدَّا عَلَىٰ آثَارِهِمَا قَصَصًا

    Цо (Мусас) элира: 'И дара вайна дезаш хилларг'. ТIаккха и шиъ шайн тачча (лорах) юхабирзира

    18:64
  4. فَوَجَدَا عَبْدًا مِنْ عِبَادِنَا آتَيْنَاهُ رَحْمَةً مِنْ عِنْدِنَا وَعَلَّمْنَاهُ مِنْ لَدُنَّا عِلْمًا

    Царна шинна карийра Тхан лейх цхьа лай‚ Оха шена Тхан гергара къинхетам белла волу‚ Оха шена Тхайгара Iилма Iамийна волу

    18:65
  5. قَالَ لَهُ مُوسَىٰ هَلْ أَتَّبِعُكَ عَلَىٰ أَنْ تُعَلِّمَنِ مِمَّا عُلِّمْتَ رُشْدًا

    Мусас цуьнга элира: 'Хьуна тIаьхьахIуттий со‚ ахь суна Iаморхьама хьайна Iамийначух кIорггера бакъдерг?'

    18:66
  6. قَالَ إِنَّكَ لَنْ تَسْتَطِيعَ مَعِيَ صَبْرًا

    Цо (Хизрас) элира: 'Хьуна маггане а могур дац соьца собар дан

    18:67
  7. وَكَيْفَ تَصْبِرُ عَلَىٰ مَا لَمْ تُحِطْ بِهِ خُبْرًا

    Муха дийр ду ахь собар‚ хьайна шех хаар доцчуьнца'

    18:68
  8. قَالَ سَتَجِدُنِي إِنْ شَاءَ اللَّهُ صَابِرًا وَلَا أَعْصِي لَكَ أَمْرًا

    Цо (Мусас) элира: 'Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ собар деш‚ хьуна Iеса хир вац со омра кхочушдарца'

    18:69
  9. قَالَ فَإِنِ اتَّبَعْتَنِي فَلَا تَسْأَلْنِي عَنْ شَيْءٍ حَتَّىٰ أُحْدِثَ لَكَ مِنْهُ ذِكْرًا

    Цо элира: 'Хьо суна тIаьхьахIоттахь‚ соьга ма хатталахь цхьана а хIуманах лаций‚ ас хьуна шех дерг ддийццалц'

    18:70
  10. فَانْطَلَقَا حَتَّىٰ إِذَا رَكِبَا فِي السَّفِينَةِ خَرَقَهَا ۖ قَالَ أَخَرَقْتَهَا لِتُغْرِقَ أَهْلَهَا لَقَدْ جِئْتَ شَيْئًا إِمْرًا

    ТIаккха и шиъ дIаволавелира кеманна тIехаъалц – цо цунна Iуьрг даьккхира. Цо (Мусас) элира: 'Iуьрг даьккхи ахь цуьнан нах бухабахийтархьама‚ цхьа ирча хIума ма ди ахь!'

    18:71
  11. قَالَ أَلَمْ أَقُلْ إِنَّكَ لَنْ تَسْتَطِيعَ مَعِيَ صَبْرًا

    Цо элира: 'Ас ца элира: хьуна маггане а могур дац соьца цхьана собар дан'

    18:72
  12. قَالَ لَا تُؤَاخِذْنِي بِمَا نَسِيتُ وَلَا تُرْهِقْنِي مِنْ أَمْرِي عُسْرًا

    Цо (Мусас) элира: 'Ахь суна бехк ма билла со вицваларна‚ хало ма е суна /кху/ сан гIуллакхах'

    18:73
  13. فَانْطَلَقَا حَتَّىٰ إِذَا لَقِيَا غُلَامًا فَقَتَلَهُ قَالَ أَقَتَلْتَ نَفْسًا زَكِيَّةً بِغَيْرِ نَفْسٍ لَقَدْ جِئْتَ شَيْئًا نُكْرًا

    ТIаккха и шиъ дIаволавелира цхьана кIантана дуьхьалкхетталц – цо и вийра. /Мусас/ элира: '/Ванах/ ахь цIена са дий-кх, сина дуьхьал а доцуш! Ма вон хIума дий-кх ахь!'

    18:74

Гочдар: Магомед Магомедов