Мусхаф., агӏо 307
-
فَكُلِي وَاشْرَبِي وَقَرِّي عَيْنًا ۖ فَإِمَّا تَرَيِنَّ مِنَ الْبَشَرِ أَحَدًا فَقُولِي إِنِّي نَذَرْتُ لِلرَّحْمَٰنِ صَوْمًا فَلَنْ أُكَلِّمَ الْيَوْمَ إِنْسِيًّا
Даа‚ мала‚ йоккхае (йоккха еда). Хьайна нахах милла гахь а‚ āла: 'Со Къинхетам болчунна (Дала) марха лаца ваIда йина ю‚ со тахана йист хир яц цхьанна адаме '
19:26 -
فَأَتَتْ بِهِ قَوْمَهَا تَحْمِلُهُ ۖ قَالُوا يَا مَرْيَمُ لَقَدْ جِئْتِ شَيْئًا فَرِيًّا
ТIаккха и яхара цуьнца (бераца Iийсаца) шен нах болчу‚ ша и хьош /шен карахь/‚ цара элира: 'ХIай Марьям‚ ма тамаше хIума деана ахь!'
19:27 -
يَا أُخْتَ هَارُونَ مَا كَانَ أَبُوكِ امْرَأَ سَوْءٍ وَمَا كَانَتْ أُمُّكِ بَغِيًّا
'ХIай ХIарунан йиша! Хьан да ма ца хилла вон стаг‚ хьан нана а ма ца хилла нахаца лелаш'
19:28 -
فَأَشَارَتْ إِلَيْهِ ۖ قَالُوا كَيْفَ نُكَلِّمُ مَنْ كَانَ فِي الْمَهْدِ صَبِيًّا
Цо (Марьямо) цуьнгахьа (шен кIант Iийсагахьа) ишар йира. Цара элира: 'Тхо муха дист хуьлу ша аганчохь долчу бере?'
19:29 -
قَالَ إِنِّي عَبْدُ اللَّهِ آتَانِيَ الْكِتَابَ وَجَعَلَنِي نَبِيًّا
Цо (жимчу берас-Iийсас) элира: 'Со Делан лай ву. Цо соьга жайна делла‚ Цо сох пайхамар хилийтина
19:30 -
وَجَعَلَنِي مُبَارَكًا أَيْنَ مَا كُنْتُ وَأَوْصَانِي بِالصَّلَاةِ وَالزَّكَاةِ مَا دُمْتُ حَيًّا
Цо со беркате хилийтина со миччахь велахь а. Суна весет дина Цо ламаз а‚ закат а, со дийна мел лаьтта,
19:31 -
وَبَرًّا بِوَالِدَتِي وَلَمْ يَجْعَلْنِي جَبَّارًا شَقِيًّا
Сан нанна дика хилар а. Цо ца хилийтина со /нахана/ ницкъбийриг а‚ декъазниг а
19:32 -
وَالسَّلَامُ عَلَيَّ يَوْمَ وُلِدْتُ وَيَوْمَ أَمُوتُ وَيَوْمَ أُبْعَثُ حَيًّا
Салам ду суна дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ лийр волчу дийнахь а‚ юха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь!'
19:33 -
ذَٰلِكَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ ۚ قَوْلَ الْحَقِّ الَّذِي فِيهِ يَمْتَرُونَ
Иза ву Iийса‚ Марьяман кIант – бакъонан дош‚ цара шена чохь шеко еш долу
19:34 -
مَا كَانَ لِلَّهِ أَنْ يَتَّخِذَ مِنْ وَلَدٍ ۖ سُبْحَانَهُ ۚ إِذَا قَضَىٰ أَمْرًا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ
Далла ца хилла /там болуш/ цхьа а доьзалхо лāца. Вонах цIена ву Иза. Ша цхьа гIуллакх кхочушдеш‚ Цо цуьнга олу: 'Хила!' – иза хуьлу
19:35 -
وَإِنَّ اللَّهَ رَبِّي وَرَبُّكُمْ فَاعْبُدُوهُ ۚ هَٰذَا صِرَاطٌ مُسْتَقِيمٌ
' Баккъалла а, АллахI – Дела сан Кхиош-кхобург ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша. ХIара бу нийса некъ'
19:36 -
فَاخْتَلَفَ الْأَحْزَابُ مِنْ بَيْنِهِمْ ۖ فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ مَشْهَدِ يَوْمٍ عَظِيمٍ
Оцарах тобаний юккъехь хилпалонаш хилира: бāла бу ца тешаш хиллачарна деза-доккхачу /къемат/ дийнахь гур долчух
19:37 -
أَسْمِعْ بِهِمْ وَأَبْصِرْ يَوْمَ يَأْتُونَنَا ۖ لَٰكِنِ الظَّالِمُونَ الْيَوْمَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Ма билгала хозур ду царна, ма къаьггина гур ду царна шаьш Тхуна тIедаьхкинчу /къемат/ дийнахь! Делахь а, зуламхой тахана билгалчу тилар чохь ма бу
19:38
Гочдар: Магомед Магомедов