Мусхаф., агӏо 308
-
وَأَنْذِرْهُمْ يَوْمَ الْحَسْرَةِ إِذْ قُضِيَ الْأَمْرُ وَهُمْ فِي غَفْلَةٍ وَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Кхерам таса царна баланан /къемат/ дийнаца‚ гIуллакх кхочушхилла уьш тидама чохь боцуш‚ уьш ца тешаш болуш
19:39 -
إِنَّا نَحْنُ نَرِثُ الْأَرْضَ وَمَنْ عَلَيْهَا وَإِلَيْنَا يُرْجَعُونَ
Баккъалла а, Оха ирсана оьцу латта а‚ цунна тIехь мел верг а‚ Тхуна тIе юхаберзор болуш бу уьш а
19:40 -
وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ إِبْرَاهِيمَ ۚ إِنَّهُ كَانَ صِدِّيقًا نَبِيًّا
Хьахаве жайна чохь ИбрахIим. Баккъалла а, иза хилла тх бакълуьйш верг а‚ пайхамар а
19:41 -
إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ يَا أَبَتِ لِمَ تَعْبُدُ مَا لَا يَسْمَعُ وَلَا يُبْصِرُ وَلَا يُغْنِي عَنْكَ شَيْئًا
Хьахаде! Цо аьллера шен дега: 'Дада‚ ахь хIунда Iибадат до шена /хмма а/ ца хозучунна‚ шена /хмма а/ ца гучунна‚ ша хьо цхьана а хIуманах кIелхьарвоккхур воцчунна?
19:42 -
يَا أَبَتِ إِنِّي قَدْ جَاءَنِي مِنَ الْعِلْمِ مَا لَمْ يَأْتِكَ فَاتَّبِعْنِي أَهْدِكَ صِرَاطًا سَوِيًّا
Дада‚ соьга деана Iилманах хьоьга цадеънарг‚ суна тIаьхьахIотта – ас нийсачу новкъа вуьллур ву хьо
19:43 -
يَا أَبَتِ لَا تَعْبُدِ الشَّيْطَانَ ۖ إِنَّ الشَّيْطَانَ كَانَ لِلرَّحْمَٰنِ عَصِيًّا
Дада‚ шайтIанна Iибадат ма дехьа. Баккъалла а, шайтIа Къинхетам болчунна (Далла) Iеса хилла
19:44 -
يَا أَبَتِ إِنِّي أَخَافُ أَنْ يَمَسَّكَ عَذَابٌ مِنَ الرَّحْمَٰنِ فَتَكُونَ لِلشَّيْطَانِ وَلِيًّا
Дада‚ со кхоьру Къинхетам болчуьнгара Iазапо хьо схьалацарна – тIаккха хьо шайтIанан доттагхир ма ву'
19:45 -
قَالَ أَرَاغِبٌ أَنْتَ عَنْ آلِهَتِي يَا إِبْرَاهِيمُ ۖ لَئِنْ لَمْ تَنْتَهِ لَأَرْجُمَنَّكَ ۖ وَاهْجُرْنِي مَلِيًّا
Цо (ИбрахIиман дас) элира: 'Ткъа хьо къаьхка сан делех‚ хIай ИбрахIим? Хьо ца сацахь‚ ас хьуна деттане а тIулгаш деттар ма ду. Генавала суна цхьана ханна!'
19:46 -
قَالَ سَلَامٌ عَلَيْكَ ۖ سَأَسْتَغْفِرُ لَكَ رَبِّي ۖ إِنَّهُ كَانَ بِي حَفِيًّا
Цо (ИбрахIима) элира: 'Салам ду хьуна. Ас гечдар доьхур ду хьуна сан Кхиош-кхобучуьнга. Баккъалла а, Иза хилла соьца дукха дика
19:47 -
وَأَعْتَزِلُكُمْ وَمَا تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَأَدْعُو رَبِّي عَسَىٰ أَلَّا أَكُونَ بِدُعَاءِ رَبِّي شَقِيًّا
Шух а дIакъаьста со‚ аш‚ Дела а витина‚ шена Iибадат дечух а. Ас Iибадат до сан Кхиош-кхобучунна‚ со ца хила тарло сан Кхиош-кхобучунна Iибадат дарца декъазниг'
19:48 -
فَلَمَّا اعْتَزَلَهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَهَبْنَا لَهُ إِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ ۖ وَكُلًّا جَعَلْنَا نَبِيًّا
Иза царах а‚ Дела а витина‚ цара шена Iибадат дечух а дIакъаьстича‚ Оха цунна велира Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а – хIораннах хилийтира Оха пайхамар
19:49 -
وَوَهَبْنَا لَهُمْ مِنْ رَحْمَتِنَا وَجَعَلْنَا لَهُمْ لِسَانَ صِدْقٍ عَلِيًّا
Оха делира царна Тхан къинхетамах /даьхни а‚ доьзал а/‚ Оха хилийтира царна бакъдолчун мотт лекхачу даржехь
19:50 -
وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ مُوسَىٰ ۚ إِنَّهُ كَانَ مُخْلَصًا وَكَانَ رَسُولًا نَبِيًّا
Хьахаве жайнахь Муса. Баккъалла а, иза вара /Дала Шена/ къастинарг‚ иза вара элча а‚ пайхамар а
19:51
Гочдар: Магомед Магомедов