Мусхаф., агӏо 309
-
وَنَادَيْنَاهُ مِنْ جَانِبِ الطُّورِ الْأَيْمَنِ وَقَرَّبْنَاهُ نَجِيًّا
Оха цуьнга кхайкхира ламанан аьтту агIорхьара‚ гергавалийра иза къайлахчу къамелана
19:52 -
وَوَهَبْنَا لَهُ مِنْ رَحْمَتِنَا أَخَاهُ هَارُونَ نَبِيًّا
Оха Тхан къинхетамах /совгтна/ велира цунна шен ваша ХIарун пайхамар хилла
19:53 -
وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ إِسْمَاعِيلَ ۚ إِنَّهُ كَانَ صَادِقَ الْوَعْدِ وَكَانَ رَسُولًا نَبِيًّا
Хьахаве жайнахь ИсмаIил. Баккъалла а, иза вара ваIда бакъйеш верг‚ и вара элча а‚ пайхамар а
19:54 -
وَكَانَ يَأْمُرُ أَهْلَهُ بِالصَّلَاةِ وَالزَّكَاةِ وَكَانَ عِنْدَ رَبِّهِ مَرْضِيًّا
Иза хуьлура шен охIланна омра деш ламазций‚ закатций‚ и вара шен Кхиош-кхобучунна гергахь шена /Иза/ реза верг
19:55 -
وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ إِدْرِيسَ ۚ إِنَّهُ كَانَ صِدِّيقًا نَبِيًّا
Хьахаве жайнахь Идрис. Баккъалла а, иза вара тх бакълуьйш верг а‚ пайхамар а
19:56 -
وَرَفَعْنَاهُ مَكَانًا عَلِيًّا
Оха хьалаваьккхира иза лекхачу меттиге
19:57 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ مِنَ النَّبِيِّينَ مِنْ ذُرِّيَّةِ آدَمَ وَمِمَّنْ حَمَلْنَا مَعَ نُوحٍ وَمِنْ ذُرِّيَّةِ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْرَائِيلَ وَمِمَّنْ هَدَيْنَا وَاجْتَبَيْنَا ۚ إِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُ الرَّحْمَٰنِ خَرُّوا سُجَّدًا وَبُكِيًّا ۩
Уьш бу Āдаман зуьрретах болу Оха Нухьаца лелийначарах а‚ ИбрахIиман а‚ Исраилан а зуьрретах а‚ Оха шаьш нисбинчарах а‚ хаьржинчарах а болчу пайхамарех Дала шайна ниIмат делларш. Шайна Къинхетам болчун аяташ дешча, – гора гIора уьш сужд дарций‚ белхарций
19:58 -
فَخَلَفَ مِنْ بَعْدِهِمْ خَلْفٌ أَضَاعُوا الصَّلَاةَ وَاتَّبَعُوا الشَّهَوَاتِ ۖ فَسَوْفَ يَلْقَوْنَ غَيًّا
Царал тIаьхьа цхьа тIаьхье хилира ша ламаз дойуш‚ /дегн/ шовкъашна тIаьхьахIуьттуш. Тьхьа бегар бу уьш тилар чу /и бахьанехь дуьненахь а, эхартахь а бекхам хир бу царна/
19:59 -
إِلَّا مَنْ تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَأُولَٰئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ وَلَا يُظْلَمُونَ شَيْئًا
Тōба динарг а‚ ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а воцург. Уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна хIумма зулам дийр дац
19:60 -
جَنَّاتِ عَدْنٍ الَّتِي وَعَدَ الرَّحْمَٰنُ عِبَادَهُ بِالْغَيْبِ ۚ إِنَّهُ كَانَ وَعْدُهُ مَأْتِيًّا
Iаднан бошмашна чу‚ Къинхетам болчо Шен лешна /цара и шайна/ гуш а йоцуш /цунна мал ярна/ ваIда йина йолчу. Баккъалла а, Иза вара Шен ваIда кхочушхир йолуш
19:61 -
لَا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًا إِلَّا سَلَامًا ۖ وَلَهُمْ رِزْقُهُمْ فِيهَا بُكْرَةً وَعَشِيًّا
Царна цу чохь деса хабар хезар дац‚ 'Салам' бен‚ царна шайн рицкъ хир ду цу чохь Iуьйранна а‚ суьйранна а
19:62 -
تِلْكَ الْجَنَّةُ الَّتِي نُورِثُ مِنْ عِبَادِنَا مَنْ كَانَ تَقِيًّا
И ялсамани ю Оха ирсана луш Тхан лех /Делах/ кхоьруш хиллачунна
19:63 -
وَمَا نَتَنَزَّلُ إِلَّا بِأَمْرِ رَبِّكَ ۖ لَهُ مَا بَيْنَ أَيْدِينَا وَمَا خَلْفَنَا وَمَا بَيْنَ ذَٰلِكَ ۚ وَمَا كَانَ رَبُّكَ نَسِيًّا
'Тхо охьа ца дуссу хьан Кхиош-кхобучун омраца бен. Цуьнан ду вайн хьалхахь дерг а‚ вайн тIехьахь дерг а‚ оцарна юккъехь дерг а. Ца хилла хьан Кхиош-кхобург вицлуш'
19:64
Гочдар: Магомед Магомедов