Мусхаф., агӏо 310
-
رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا فَاعْبُدْهُ وَاصْطَبِرْ لِعِبَادَتِهِ ۚ هَلْ تَعْلَمُ لَهُ سَمِيًّا
Стигланийн а‚ лаьттан а‚ царна юккъехь мел долчун а Кхиош-кхобург ву иза‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна Iибадат дарна тIехь собар а де. Хьуна вевзий Цуьнан цIерхо?
19:65 -
وَيَقُولُ الْإِنْسَانُ أَإِذَا مَا مِتُّ لَسَوْفَ أُخْرَجُ حَيًّا
Адамо олу: 'Со велча, тIаьхьа денвина аравоккхур ву?'
19:66 -
أَوَلَا يَذْكُرُ الْإِنْسَانُ أَنَّا خَلَقْنَاهُ مِنْ قَبْلُ وَلَمْ يَكُ شَيْئًا
Ойла ца йо-те адамна Оха ша кхоьллина хилар хьалха – и хIумма ма яцара?
19:67 -
فَوَرَبِّكَ لَنَحْشُرَنَّهُمْ وَالشَّيَاطِينَ ثُمَّ لَنُحْضِرَنَّهُمْ حَوْلَ جَهَنَّمَ جِثِيًّا
Хьан Кхиош-кхобучух дуй боу /Ас/‚ Оха гулбийр ма бу уьш а‚ шайтIанаш а‚ тIаккха жоьжахатина гонаха балор ма бу горабахана
19:68 -
ثُمَّ لَنَنْزِعَنَّ مِنْ كُلِّ شِيعَةٍ أَيُّهُمْ أَشَدُّ عَلَى الرَّحْمَٰنِ عِتِيًّا
ТIаккха Оха схьавоккхур ву хIор тобанах Къинхетам болчунна дуьхьало ярца уггар чIогIа верг
19:69 -
ثُمَّ لَنَحْنُ أَعْلَمُ بِالَّذِينَ هُمْ أَوْلَىٰ بِهَا صِلِيًّا
ТIаккха Тхо дика хууш ду шаьш цу чохь бāга там берш
19:70 -
وَإِنْ مِنْكُمْ إِلَّا وَارِدُهَا ۚ كَانَ عَلَىٰ رَبِّكَ حَتْمًا مَقْضِيًّا
Шух ма вац цу чу гIуш верг бен. Хьан Кхиош-кхобучун и хилла сацам боллуш кхочушхилларг
19:71 -
ثُمَّ نُنَجِّي الَّذِينَ اتَّقَوْا وَنَذَرُ الظَّالِمِينَ فِيهَا جِثِيًّا
ТIаккха Оха кIелхьарбохур бу шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш‚ зуламхой буьтур бу Оха цу чохь горабахана
19:72 -
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ قَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا أَيُّ الْفَرِيقَيْنِ خَيْرٌ مَقَامًا وَأَحْسَنُ نَدِيًّا
Шайна билгала долу Тхан аяташ дешча‚ цатешачара элира ийман диллинчаьрга: '/Вайх/ шиннах муьлха тоба ю дика бахамца‚ вовшашца цхьанакхетарца хаза?'
19:73 -
وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُمْ مِنْ قَرْنٍ هُمْ أَحْسَنُ أَثَاثًا وَرِئْيًا
Мел хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш‚ оцарал вуно хаза йолуш хьолаца а‚ гарца а!
19:74 -
قُلْ مَنْ كَانَ فِي الضَّلَالَةِ فَلْيَمْدُدْ لَهُ الرَّحْمَٰنُ مَدًّا ۚ حَتَّىٰ إِذَا رَأَوْا مَا يُوعَدُونَ إِمَّا الْعَذَابَ وَإِمَّا السَّاعَةَ فَسَيَعْلَمُونَ مَنْ هُوَ شَرٌّ مَكَانًا وَأَضْعَفُ جُنْدًا
Ахь āла /хIай Мухьаммад/: 'Милла хиллехь а тилар чохь‚ Къинхетамболчо яхйо цунна хан /балане ца лоцуш/ и шена ваIда йинарг: /дуьненан/ Iазап‚ я сахьт шен бьргий хьалха хтталц – тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вон верг меттигаца‚ уггар ледар верг эскарца
19:75 -
وَيَزِيدُ اللَّهُ الَّذِينَ اهْتَدَوْا هُدًى ۗ وَالْبَاقِيَاتُ الصَّالِحَاتُ خَيْرٌ عِنْدَ رَبِّكَ ثَوَابًا وَخَيْرٌ مَرَدًّا
Совбоху Дала нисбалагIертарш нийсачу некъаца. Бухаюьсуш йолу дика Iамалш тоьлу хьан Кхиош-кхобучун гергахь мēлаца‚ тоьлу духадерзор долчуьнца а
19:76
Гочдар: Магомед Магомедов