Мусхаф., агӏо 313
-
وَأَنَا اخْتَرْتُكَ فَاسْتَمِعْ لِمَا يُوحَىٰ
Ас хьо хаьржина – ладогIа вехьеца дуьйцучуьнга
20:13 -
إِنَّنِي أَنَا اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنَا فَاعْبُدْنِي وَأَقِمِ الصَّلَاةَ لِذِكْرِي
Баккъалла а, Со Дела ву‚ кхин дела вац Со воцург‚ Суна Iибадат де‚ ламаз хIоттаде Со хьехаван
20:14 -
إِنَّ السَّاعَةَ آتِيَةٌ أَكَادُ أُخْفِيهَا لِتُجْزَىٰ كُلُّ نَفْسٍ بِمَا تَسْعَىٰ
Баккъалла а, сахьт догIур долуш ду‚ Со лаьтта и хьулдеш‚ хIор синна ша тIегIерташ долчуьнца бекхам хилийта
20:15 -
فَلَا يَصُدَّنَّكَ عَنْهَا مَنْ لَا يُؤْمِنُ بِهَا وَاتَّبَعَ هَوَاهُ فَتَرْدَىٰ
Хьо цунах юха ма воккхийла ша цунах ца тешаш шен дезаршна тIаьхьа хIоьттинчо – тIаккха хIаллакхир ву хьо
20:16 -
وَمَا تِلْكَ بِيَمِينِكَ يَا مُوسَىٰ
И хIун ю хьан аьтту куьйгахь ерг‚ хй Муса?'
20:17 -
قَالَ هِيَ عَصَايَ أَتَوَكَّأُ عَلَيْهَا وَأَهُشُّ بِهَا عَلَىٰ غَنَمِي وَلِيَ فِيهَا مَآرِبُ أُخْرَىٰ
Цо элира: 'И сан Iаса ю‚ со цунна тIетовжу‚ ас цуьнца сан жана гIаш дегадо‚ суна цу чохь кхин пайданаш а бу'
20:18 -
قَالَ أَلْقِهَا يَا مُوسَىٰ
Цо (Дала) элира: 'ДIакхосса и‚ хй Муса!'
20:19 -
فَأَلْقَاهَا فَإِذَا هِيَ حَيَّةٌ تَسْعَىٰ
Цо и дIакхоьссира – цунах чукхиссалуш текхарг хилира
20:20 -
قَالَ خُذْهَا وَلَا تَخَفْ ۖ سَنُعِيدُهَا سِيرَتَهَا الْأُولَىٰ
Цо элира: 'Схьаэца и‚ ма кхера!' Шен хьалхалеррачу куьце ерзор ю и Оха
20:21 -
وَاضْمُمْ يَدَكَ إِلَىٰ جَنَاحِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ آيَةً أُخْرَىٰ
Хьан куьг хьан агIонна тIетаIаде – кIайделла схьадер ду иза хало йоцуш – кхин делил ду хьуна
20:22 -
لِنُرِيَكَ مِنْ آيَاتِنَا الْكُبْرَى
Оха хьоьга гайта Тхан даккхийчу делилех
20:23 -
اذْهَبْ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ إِنَّهُ طَغَىٰ
Хьада ФирIавнна тIе гIо‚ – баккъалла а, и тIехваьлла /Делан дозанех/'
20:24 -
قَالَ رَبِّ اشْرَحْ لِي صَدْرِي
Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ сан дог паргIатдаккхахь‚
20:25 -
وَيَسِّرْ لِي أَمْرِي
Ахь дайдехь суна сан гIуллакх
20:26 -
وَاحْلُلْ عُقْدَةً مِنْ لِسَانِي
Ахь бастахьа сан маттах болу шад -
20:27 -
يَفْقَهُوا قَوْلِي
ТIаккха уьш кхетар бара сан дашах
20:28 -
وَاجْعَلْ لِي وَزِيرًا مِنْ أَهْلِي
Хилийтахь суна гIоьнча сан охIлах‚
20:29 -
هَارُونَ أَخِي
ХIарун‚ сан ваша
20:30 -
اشْدُدْ بِهِ أَزْرِي
Цуьнца сан ницкъ чIагIбехьа
20:31 -
وَأَشْرِكْهُ فِي أَمْرِي
Суна накъосталла дайтахьа цуьнга сан гIуллакхехь
20:32 -
كَيْ نُسَبِّحَكَ كَثِيرًا
Оха Хьуна тасбихь дархьама дуккха а
20:33 -
وَنَذْكُرَكَ كَثِيرًا
Оха Хьо хьехавархьама дуккха а
20:34 -
إِنَّكَ كُنْتَ بِنَا بَصِيرًا
Баккъалла а, Хьо хилла-кх тхо гуш верг'
20:35 -
قَالَ قَدْ أُوتِيتَ سُؤْلَكَ يَا مُوسَىٰ
Цо (Дала) элира: 'Хьуна делла айхьа доьхург‚ хй Муса
20:36 -
وَلَقَدْ مَنَنَّا عَلَيْكَ مَرَّةً أُخْرَىٰ
Оха кхин /хьалха а/ ма бинера хьох къинхетам‚
20:37
Гочдар: Магомед Магомедов