Мусхаф., агӏо 314
-
إِذْ أَوْحَيْنَا إِلَىٰ أُمِّكَ مَا يُوحَىٰ
Оха вехьеца хаийтира хьан нене хоуьйтург:
20:38 -
أَنِ اقْذِفِيهِ فِي التَّابُوتِ فَاقْذِفِيهِ فِي الْيَمِّ فَلْيُلْقِهِ الْيَمُّ بِالسَّاحِلِ يَأْخُذْهُ عَدُوٌّ لِي وَعَدُوٌّ لَهُ ۚ وَأَلْقَيْتُ عَلَيْكَ مَحَبَّةً مِنِّي وَلِتُصْنَعَ عَلَىٰ عَيْنِي
'ТIорказа чу вилла и‚ тIаккха хIорда чу кхосса и. ХIордо юьстаха кхуссур ву иза – Сан а‚ цуьнан а мостагIчо схьаоьцур ву'. Ас хьуна безам тесира Сайгара‚ хьо кхиархьама Сан бIаьргийн хьалха
20:39 -
إِذْ تَمْشِي أُخْتُكَ فَتَقُولُ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ مَنْ يَكْفُلُهُ ۖ فَرَجَعْنَاكَ إِلَىٰ أُمِّكَ كَيْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ ۚ وَقَتَلْتَ نَفْسًا فَنَجَّيْنَاكَ مِنَ الْغَمِّ وَفَتَنَّاكَ فُتُونًا ۚ فَلَبِثْتَ سِنِينَ فِي أَهْلِ مَدْيَنَ ثُمَّ جِئْتَ عَلَىٰ قَدَرٍ يَا مُوسَىٰ
Хьан йиша ма яхара‚ тIаккха цо олу: 'Ас тIехьажадой шу и кхобург волчунна?' Оха хьо юхаверзийра хьан нене цуьнан бIаьрг бузо‚ и гIайгIане ца йожийта а. Ахь цхьа стаг вира – Оха хьо кIелхьарваьккхира пошмаллах. Оха зийра хьо зерца. Хьо висира цхьана шерашкахь Мадъянан нах болчохь. ТIаккха хьо веара /элчаналла хьуна тдилла билгалдинчу/ хеннахь‚ хй Муса
20:40 -
وَاصْطَنَعْتُكَ لِنَفْسِي
Ас Сайна /элчалла ддахьа/ хаьржина хьо
20:41 -
اذْهَبْ أَنْتَ وَأَخُوكَ بِآيَاتِي وَلَا تَنِيَا فِي ذِكْرِي
Хьада‚ гIуо хьо а‚ хьан ваша а Сан делилашца‚ аш шиммо ледарло ма елаш Со хьехаварехь
20:42 -
اذْهَبَا إِلَىٰ فِرْعَوْنَ إِنَّهُ طَغَىٰ
ДIагIо ший а ФирIавнна тIе‚ баккъалла а‚ и тIехваьлла /Делан дозанех/
20:43 -
فَقُولَا لَهُ قَوْلًا لَيِّنًا لَعَلَّهُ يَتَذَكَّرُ أَوْ يَخْشَىٰ
Аш шиммо āла цуьнга кIеда дош‚ ойла ян тарло цо‚ я кхеравала тарло иза
20:44 -
قَالَا رَبَّنَا إِنَّنَا نَخَافُ أَنْ يَفْرُطَ عَلَيْنَا أَوْ أَنْ يَطْغَىٰ
Цу шиммо (Мусас а‚ ХIаруна а) элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ тхо кхоьру цо тхуна вас ярна‚ я и тIехвāларна'
20:45 -
قَالَ لَا تَخَافَا ۖ إِنَّنِي مَعَكُمَا أَسْمَعُ وَأَرَىٰ
Цо (Дала) элира: 'Шу /шиъ/ ма кхера‚ Со шуьца ву‚ хезаш ву‚ гуш ву
20:46 -
فَأْتِيَاهُ فَقُولَا إِنَّا رَسُولَا رَبِّكَ فَأَرْسِلْ مَعَنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ وَلَا تُعَذِّبْهُمْ ۖ قَدْ جِئْنَاكَ بِآيَةٍ مِنْ رَبِّكَ ۖ وَالسَّلَامُ عَلَىٰ مَنِ اتَّبَعَ الْهُدَىٰ
ДIагIо цунна тIе‚ аш āла: 'Баккъалла а, тхо хьан Кхиош-кхобучун элчанаш ду. ДIабахкийта тхоьца Исраилан кIентий‚ Iазап ма де царна. Тхо даьхкина хьуна тIе хьан Кхиош-кхобучуьнгара делилаца. /Делан запах/ маршо ю нийсачу новкъа тьхьахIоьттинчунна
20:47 -
إِنَّا قَدْ أُوحِيَ إِلَيْنَا أَنَّ الْعَذَابَ عَلَىٰ مَنْ كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰ
Тхуна вехьеца хаийтина: Iазап хир ду‚ аьлла‚ /цIена Делан дин/ харцдинчунна а‚ /оцунах/ юхаваьллачунна а'
20:48 -
قَالَ فَمَنْ رَبُّكُمَا يَا مُوسَىٰ
Цо (ФирIавнас) элира: 'Мила ву шуьшиннан Кхиош-кхобург‚ хIай Муса?'
20:49 -
قَالَ رَبُّنَا الَّذِي أَعْطَىٰ كُلَّ شَيْءٍ خَلْقَهُ ثُمَّ هَدَىٰ
Элира /Мусас/ : 'Тхан Кхиош-кхобург ву‚ Ша массо а хIуманна кхоллар делларг а‚ тIаккха /и/ нийсачу новкъа диллинарг а'
20:50 -
قَالَ فَمَا بَالُ الْقُرُونِ الْأُولَىٰ
Цо (ФирIавнас) элира: 'Хьалха хиллачу тIаьхьенийн гIуллакх муха ду?'
20:51
Гочдар: Магомед Магомедов