Мусхаф., агӏо 312

  1. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَيَجْعَلُ لَهُمُ الرَّحْمَٰنُ وُدًّا

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна Къинхетамболчо безам хуьлуьйтур бу

    19:96
  2. فَإِنَّمَا يَسَّرْنَاهُ بِلِسَانِكَ لِتُبَشِّرَ بِهِ الْمُتَّقِينَ وَتُنْذِرَ بِهِ قَوْمًا لُدًّا

    Баккъалла а, Оха атта дина и (Къуръан), хьан маттахь хьоьга /Делах/ кхоьручарна цуьнца кхаъ баккхийта‚ луьрачу къомана цуьнца кхерам тасийта

    19:97
  3. وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُمْ مِنْ قَرْنٍ هَلْ تُحِسُّ مِنْهُمْ مِنْ أَحَدٍ أَوْ تَسْمَعُ لَهُمْ رِكْزًا

    Мел хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш! Хаалой хьуна царах цхьа а‚ я хезий хьуна церан тата а?

    19:98
  4. طه

    ТIахIа

    20:1
  5. مَا أَنْزَلْنَا عَلَيْكَ الْقُرْآنَ لِتَشْقَىٰ

    Оха ца доссийна хьоьга Къуръан хьуна хала хилийта (хьоьга баланаш хьегийта)

    20:2
  6. إِلَّا تَذْكِرَةً لِمَنْ يَخْشَىٰ

    Хьехам хилла бен ша /Делах/ кхоьруш волчунна

    20:3
  7. تَنْزِيلًا مِمَّنْ خَلَقَ الْأَرْضَ وَالسَّمَاوَاتِ الْعُلَى

    Ша латта а‚ лекха стигланаш а кхоьллинчуьнгара доссош долчу хьолехь /ду хIара/

    20:4
  8. الرَّحْمَٰنُ عَلَى الْعَرْشِ اسْتَوَىٰ

    Ша сов къинхетаме верг ву И – Iарша тIехь днисвелла И

    20:5
  9. لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَمَا تَحْتَ الثَّرَىٰ

    Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ цу шинна юккъехь дерг а‚ лаьтта бухахь дерг а

    20:6
  10. وَإِنْ تَجْهَرْ بِالْقَوْلِ فَإِنَّهُ يَعْلَمُ السِّرَّ وَأَخْفَى

    Ахь дош чIогIа āлахь а, – баккъалла а, Иза хууш ву къайле а‚ вуно хьуламехь дерг а

    20:7
  11. اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ لَهُ الْأَسْمَاءُ الْحُسْنَىٰ

    /Цхьа Аллах Дела ву – кхин дела вац И бен. Цуьнан ю хаза цIерш

    20:8
  12. وَهَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ مُوسَىٰ

    Хьоьга деаний Мусан хабар?

    20:9
  13. إِذْ رَأَىٰ نَارًا فَقَالَ لِأَهْلِهِ امْكُثُوا إِنِّي آنَسْتُ نَارًا لَعَلِّي آتِيكُمْ مِنْهَا بِقَبَسٍ أَوْ أَجِدُ عَلَى النَّارِ هُدًى

    Дагадаийта! Цунна ма гира цIе‚ тIаккха цо элира шен доьзале: 'Шу совца /хIокху меттехь/‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна цунах цхьа āлу йохьуш‚ я суна карор бу цIера тIехь нийса некъ'

    20:10
  14. فَلَمَّا أَتَاهَا نُودِيَ يَا مُوسَىٰ

    Иза цунна тIевеъча‚ кхайкхира: 'ХIай Муса!

    20:11
  15. إِنِّي أَنَا رَبُّكَ فَاخْلَعْ نَعْلَيْكَ ۖ إِنَّكَ بِالْوَادِ الْمُقَدَّسِ طُوًى

    Баккъалла а, Со ву хьан Эла‚ дIаяха хьан мачаш – хьо ву ТIува олучу езачу атагIахь

    20:12

Гочдар: Магомед Магомедов