Мусхаф., агӏо 315

  1. قَالَ عِلْمُهَا عِنْدَ رَبِّي فِي كِتَابٍ ۖ لَا يَضِلُّ رَبِّي وَلَا يَنْسَى

    Элира /Мусас/: 'Церан Iилма сан Кхиош-кхобучунна гергахь жайна чохь ду‚ тила а ца ло сан Кхиош-кхобург‚ виц а ца ло

    20:52
  2. الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ مَهْدًا وَسَلَكَ لَكُمْ فِيهَا سُبُلًا وَأَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجْنَا بِهِ أَزْوَاجًا مِنْ نَبَاتٍ شَتَّىٰ

    И ву Ша хилийтинарг шуна латта ага санна‚ Цо шуна цу (латта)чухула некъаш дихкина‚ Цо даийтина стиглара хи'. Оха схьадаьхна цуьнца (хица) шинакепара тайп-тайпана ораматаш

    20:53
  3. كُلُوا وَارْعَوْا أَنْعَامَكُمْ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِأُولِي النُّهَىٰ

    Даа шайна а‚ даьхни а дажаде. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъал долчарна

    20:54
  4. مِنْهَا خَلَقْنَاكُمْ وَفِيهَا نُعِيدُكُمْ وَمِنْهَا نُخْرِجُكُمْ تَارَةً أُخْرَىٰ

    Цунах Оха кхоьллина шу‚ цу чу Оха шу юхадерзош ду‚ цунах Оха шу арадохур долуш ду кхин цкъа

    20:55
  5. وَلَقَدْ أَرَيْنَاهُ آيَاتِنَا كُلَّهَا فَكَذَّبَ وَأَبَىٰ

    Оха цуьнга (ФирIавне) гайтира Тхан дерриге а делилаш – цо харцдира‚ цо тIе ца ийцира /уьш/

    20:56
  6. قَالَ أَجِئْتَنَا لِتُخْرِجَنَا مِنْ أَرْضِنَا بِسِحْرِكَ يَا مُوسَىٰ

    Цо элира: 'Хьо веана тхо тхан лаьттара арадаха хьан бозбуунчаллица‚ хIай Муса?

    20:57
  7. فَلَنَأْتِيَنَّكَ بِسِحْرٍ مِثْلِهِ فَاجْعَلْ بَيْنَنَا وَبَيْنَكَ مَوْعِدًا لَا نُخْلِفُهُ نَحْنُ وَلَا أَنْتَ مَكَانًا سُوًى

    Оха лур ма ду хьуна цунах терра бозбуунчалла. Хан тоха тхуна а‚ хьайна а юккъехь‚ оха а йохор йоцуш‚ ахьа а – юккъера меттиг (массарна тIе бахка атта йолу меттиг харжа вайна къовса)'

    20:58
  8. قَالَ مَوْعِدُكُمْ يَوْمُ الزِّينَةِ وَأَنْ يُحْشَرَ النَّاسُ ضُحًى

    Цо (Мусас) элира: 'Хан ю шуна – хаздаран де‚ Iуьйре делкъехьа йоьрзуш /я малх гIеххьа хьалабаьлча, цига/ нах гулбар а'

    20:59
  9. فَتَوَلَّىٰ فِرْعَوْنُ فَجَمَعَ كَيْدَهُ ثُمَّ أَتَىٰ

    ФирIавн двахара, шен мекарло гулйира‚ тIаккха веара

    20:60
  10. قَالَ لَهُمْ مُوسَىٰ وَيْلَكُمْ لَا تَفْتَرُوا عَلَى اللَّهِ كَذِبًا فَيُسْحِتَكُمْ بِعَذَابٍ ۖ وَقَدْ خَابَ مَنِ افْتَرَىٰ

    Цаьрга Мусас элира: 'Ма бала бу шуна! Ма кхолла Далла тIехь харцдерг – Цо Iазап доуьйтур ду шуна. ХIаллакхилла харцдерг кхоьллинарг'

    20:61
  11. فَتَنَازَعُوا أَمْرَهُمْ بَيْنَهُمْ وَأَسَرُّوا النَّجْوَىٰ

    Цара къийсира шайн гIуллакх вовшашлахь‚ къайлаха кхеташо йира

    20:62
  12. قَالُوا إِنْ هَٰذَانِ لَسَاحِرَانِ يُرِيدَانِ أَنْ يُخْرِجَاكُمْ مِنْ أَرْضِكُمْ بِسِحْرِهِمَا وَيَذْهَبَا بِطَرِيقَتِكُمُ الْمُثْلَىٰ

    Цара элира: 'ХIара шиъ бозбуунчаш ма бу. Цу шинна лууш ду шу шайн лаьттара арадаха шайн шиннан бозбуунчаллица‚ шун масал хилла долу некъ дIатилабан лууш ма бу уьш

    20:63
  13. فَأَجْمِعُوا كَيْدَكُمْ ثُمَّ ائْتُوا صَفًّا ۚ وَقَدْ أَفْلَحَ الْيَوْمَ مَنِ اسْتَعْلَىٰ

    ДIагулъе шайн мекарло‚ тIаккха цхьа могIа бе. Воккхавуьйр ву тахана тоьлларг'

    20:64

Гочдар: Магомед Магомедов