Мусхаф., агӏо 32

  1. وَاذْكُرُوا اللَّهَ فِي أَيَّامٍ مَعْدُودَاتٍ ۚ فَمَنْ تَعَجَّلَ فِي يَوْمَيْنِ فَلَا إِثْمَ عَلَيْهِ وَمَنْ تَأَخَّرَ فَلَا إِثْمَ عَلَيْهِ ۚ لِمَنِ اتَّقَىٰ ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّكُمْ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ

    Дела хьехаве масийтта дийнахь. Шина дийнахь /баьрзанашна т тIулгаш кхиссина дIаваха/ сихвеллачунна къа дац‚ (кхоалгIачу денна) тIаьхьависинчунна а къа дац – къа дац /Делах/ кхоьруш волчунна. Делах кхералаш‚ шуна хаалаш шаьш Цунна тIе дIагулдийр дуйла

    2:203
  2. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يُعْجِبُكَ قَوْلُهُ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَيُشْهِدُ اللَّهَ عَلَىٰ مَا فِي قَلْبِهِ وَهُوَ أَلَدُّ الْخِصَامِ

    Адмашна юккъехь ишттаниг а ву, ша дуьненан дахарехь шен къамелаца хьо цецвоккхуш верг‚ даг чохь долчунна Дела теш хIоттош – и ма ву луьра мостагI

    2:204
  3. وَإِذَا تَوَلَّىٰ سَعَىٰ فِي الْأَرْضِ لِيُفْسِدَ فِيهَا وَيُهْلِكَ الْحَرْثَ وَالنَّسْلَ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الْفَسَادَ

    /Хьох/ дIа ма къаьсттинехь, сихло иза (мунепикъ) лаьтта тIехь пасад хIуманаш дан‚ хIаллакдо цо охана а‚ даьхни а‚– Далла ца деза пасад хIума

    2:205
  4. وَإِذَا قِيلَ لَهُ اتَّقِ اللَّهَ أَخَذَتْهُ الْعِزَّةُ بِالْإِثْمِ ۚ فَحَسْبُهُ جَهَنَّمُ ۚ وَلَبِئْسَ الْمِهَادُ

    Шега аьлча: 'Кхера Делах!' –куралло схьалоцу иза къа латорца. Цунна кхачо йийр ю жоьжахатино‚ –ма вон ю-кх /и санначарна/ нисйина меттиг

    2:206
  5. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَشْرِي نَفْسَهُ ابْتِغَاءَ مَرْضَاتِ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ رَءُوفٌ بِالْعِبَادِ

    Нахах ишттаниг а ма ву, Дела реза хилар лоьхуш шен са духкуш верг. Дела ма ву къахеташ /Шен/ лех

    2:207
  6. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا ادْخُلُوا فِي السِّلْمِ كَافَّةً وَلَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُبِينٌ

    ХIай ийман диллинарш! ЧугIо исламна кхоччуш. Шу ма хIитта шайтIанан ларашна тIаьхьа – и шуна билггала мостагI ма ду

    2:208
  7. فَإِنْ زَلَلْتُمْ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْكُمُ الْبَيِّنَاتُ فَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Шайга хIара билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа шу галдовлахь – шуна хаалаш: и Дела веза ву /бекхам барехь/‚ хьекъале ву /гIуллакхаш дIадахьарехь/

    2:209
  8. هَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا أَنْ يَأْتِيَهُمُ اللَّهُ فِي ظُلَلٍ مِنَ الْغَمَامِ وَالْمَلَائِكَةُ وَقُضِيَ الْأَمْرُ ۚ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Уьш /ислам дин тIе ца лоцурш/ хьоьжуш бу-техьа Дела шайга варе мархашна юккъехула‚ иштта маликаш а /шайга дахкаре Iазап дохьуш/‚ тIаккха /Iазапан/ гIуллакх кхочушхиларе? Деле дIадоьрзуш ма ду гIуллакхаш

    2:210

Гочдар: Магомед Магомедов