Мусхаф., агӏо 31

  1. الْحَجُّ أَشْهُرٌ مَعْلُومَاتٌ ۚ فَمَنْ فَرَضَ فِيهِنَّ الْحَجَّ فَلَا رَفَثَ وَلَا فُسُوقَ وَلَا جِدَالَ فِي الْحَجِّ ۗ وَمَا تَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ يَعْلَمْهُ اللَّهُ ۗ وَتَزَوَّدُوا فَإِنَّ خَيْرَ الزَّادِ التَّقْوَىٰ ۚ وَاتَّقُونِ يَا أُولِي الْأَلْبَابِ

    Хьаьждехкаран билгалдаьхна беттанаш ду. Цу хенахь хьаьж- дихкинчунна – зудчуьнца /гергара/ юкъаметтиг хилар а‚ Iесалла а‚ къийсар а ца мега хьаьждехкарехь. Аш муьлхха а дина дика Ша хууш ма ву и Дела. Шайца сурсаташ эца некъана (хьаьждехка доьлхуш). Ткъа уггар дика сурсат – Делах кхерар ду. Сох кхера‚ хIай хьекъал дерш

    2:197
  2. لَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَنْ تَبْتَغُوا فَضْلًا مِنْ رَبِّكُمْ ۚ فَإِذَا أَفَضْتُمْ مِنْ عَرَفَاتٍ فَاذْكُرُوا اللَّهَ عِنْدَ الْمَشْعَرِ الْحَرَامِ ۖ وَاذْكُرُوهُ كَمَا هَدَاكُمْ وَإِنْ كُنْتُمْ مِنْ قَبْلِهِ لَمِنَ الضَّالِّينَ

    Шуна къа дац‚ аш шайн Делера диканаш лехча. Шаьш Iарафатера охьадаьхкича, Дела хьахаве сийдолчу машIарехь. Хьахаве И /дика/‚ Цо шу /нийсачу новкъа/ нисдаре терра‚ шу хиллехь а цул хьалха тиллабелллачарех

    2:198
  3. ثُمَّ أَفِيضُوا مِنْ حَيْثُ أَفَاضَ النَّاسُ وَاسْتَغْفِرُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    ТIаккха лела нах лелачухула‚ Деле гечдар а деха. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    2:199
  4. فَإِذَا قَضَيْتُمْ مَنَاسِكَكُمْ فَاذْكُرُوا اللَّهَ كَذِكْرِكُمْ آبَاءَكُمْ أَوْ أَشَدَّ ذِكْرًا ۗ فَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَقُولُ رَبَّنَا آتِنَا فِي الدُّنْيَا وَمَا لَهُ فِي الْآخِرَةِ مِنْ خَلَاقٍ

    Шаьш хьаьждехкар кхочушдина девлча‚ хьехаве и Дела‚ шаьш шайн дай хьехабарах терра‚ я кхин а чIогIа. Нахах ма бу олурш: 'ХIай тхан Кхиош-кхобург‚ ло тхуна дуьненахь' /диканаш/ – ма дац царна эхартахь дāкъа

    2:200
  5. وَمِنْهُمْ مَنْ يَقُولُ رَبَّنَا آتِنَا فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً وَفِي الْآخِرَةِ حَسَنَةً وَقِنَا عَذَابَ النَّارِ

    Царах бу олурш а: 'ХIай тхан Кхиош-кхобург! Ахь тхуна лōлахь дуьненахь а диканаш‚ эхартахь а диканаш‚ Ахь тхо ларделахь цIеран Iазапах'

    2:201
  6. أُولَٰئِكَ لَهُمْ نَصِيبٌ مِمَّا كَسَبُوا ۚ وَاللَّهُ سَرِيعُ الْحِسَابِ

    Царна ма ду дāкъа шайна карадинчух. И Дела ма ву хьесап дарехь сиханиг

    2:202

Гочдар: Магомед Магомедов