Сурат 2 Аль-бакъара (Етт)

  1. وَمِنْهُمْ مَنْ يَقُولُ رَبَّنَا آتِنَا فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً وَفِي الْآخِرَةِ حَسَنَةً وَقِنَا عَذَابَ النَّارِ

    Царах бу олурш а: 'ХIай тхан Кхиош-кхобург! Ахь тхуна лōлахь дуьненахь а диканаш‚ эхартахь а диканаш‚ Ахь тхо ларделахь цIеран Iазапах'

    2:201
  2. أُولَٰئِكَ لَهُمْ نَصِيبٌ مِمَّا كَسَبُوا ۚ وَاللَّهُ سَرِيعُ الْحِسَابِ

    Царна ма ду дāкъа шайна карадинчух. И Дела ма ву хьесап дарехь сиханиг

    2:202
  3. وَاذْكُرُوا اللَّهَ فِي أَيَّامٍ مَعْدُودَاتٍ ۚ فَمَنْ تَعَجَّلَ فِي يَوْمَيْنِ فَلَا إِثْمَ عَلَيْهِ وَمَنْ تَأَخَّرَ فَلَا إِثْمَ عَلَيْهِ ۚ لِمَنِ اتَّقَىٰ ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّكُمْ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ

    Дела хьехаве масийтта дийнахь. Шина дийнахь /баьрзанашна т тIулгаш кхиссина дIаваха/ сихвеллачунна къа дац‚ (кхоалгIачу денна) тIаьхьависинчунна а къа дац – къа дац /Делах/ кхоьруш волчунна. Делах кхералаш‚ шуна хаалаш шаьш Цунна тIе дIагулдийр дуйла

    2:203
  4. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يُعْجِبُكَ قَوْلُهُ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَيُشْهِدُ اللَّهَ عَلَىٰ مَا فِي قَلْبِهِ وَهُوَ أَلَدُّ الْخِصَامِ

    Адмашна юккъехь ишттаниг а ву, ша дуьненан дахарехь шен къамелаца хьо цецвоккхуш верг‚ даг чохь долчунна Дела теш хIоттош – и ма ву луьра мостагI

    2:204
  5. وَإِذَا تَوَلَّىٰ سَعَىٰ فِي الْأَرْضِ لِيُفْسِدَ فِيهَا وَيُهْلِكَ الْحَرْثَ وَالنَّسْلَ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الْفَسَادَ

    /Хьох/ дIа ма къаьсттинехь, сихло иза (мунепикъ) лаьтта тIехь пасад хIуманаш дан‚ хIаллакдо цо охана а‚ даьхни а‚– Далла ца деза пасад хIума

    2:205
  6. وَإِذَا قِيلَ لَهُ اتَّقِ اللَّهَ أَخَذَتْهُ الْعِزَّةُ بِالْإِثْمِ ۚ فَحَسْبُهُ جَهَنَّمُ ۚ وَلَبِئْسَ الْمِهَادُ

    Шега аьлча: 'Кхера Делах!' –куралло схьалоцу иза къа латорца. Цунна кхачо йийр ю жоьжахатино‚ –ма вон ю-кх /и санначарна/ нисйина меттиг

    2:206
  7. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَشْرِي نَفْسَهُ ابْتِغَاءَ مَرْضَاتِ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ رَءُوفٌ بِالْعِبَادِ

    Нахах ишттаниг а ма ву, Дела реза хилар лоьхуш шен са духкуш верг. Дела ма ву къахеташ /Шен/ лех

    2:207
  8. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا ادْخُلُوا فِي السِّلْمِ كَافَّةً وَلَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُبِينٌ

    ХIай ийман диллинарш! ЧугIо исламна кхоччуш. Шу ма хIитта шайтIанан ларашна тIаьхьа – и шуна билггала мостагI ма ду

    2:208
  9. فَإِنْ زَلَلْتُمْ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْكُمُ الْبَيِّنَاتُ فَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Шайга хIара билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа шу галдовлахь – шуна хаалаш: и Дела веза ву /бекхам барехь/‚ хьекъале ву /гIуллакхаш дIадахьарехь/

    2:209
  10. هَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا أَنْ يَأْتِيَهُمُ اللَّهُ فِي ظُلَلٍ مِنَ الْغَمَامِ وَالْمَلَائِكَةُ وَقُضِيَ الْأَمْرُ ۚ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Уьш /ислам дин тIе ца лоцурш/ хьоьжуш бу-техьа Дела шайга варе мархашна юккъехула‚ иштта маликаш а /шайга дахкаре Iазап дохьуш/‚ тIаккха /Iазапан/ гIуллакх кхочушхиларе? Деле дIадоьрзуш ма ду гIуллакхаш

    2:210
  11. سَلْ بَنِي إِسْرَائِيلَ كَمْ آتَيْنَاهُمْ مِنْ آيَةٍ بَيِّنَةٍ ۗ وَمَنْ يُبَدِّلْ نِعْمَةَ اللَّهِ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْهُ فَإِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    Ахь хатта Исраилан кIенташка, мел дахкийтина Оха цаьрга билгала долу делилаш. Делан ниIмат хуьйцучунна‚ шега и деъначул тIаьхьа – и Дела ма ву таIзар дарехь чIогIа верг

    2:211
  12. زُيِّنَ لِلَّذِينَ كَفَرُوا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَيَسْخَرُونَ مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا ۘ وَالَّذِينَ اتَّقَوْا فَوْقَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ وَاللَّهُ يَرْزُقُ مَنْ يَشَاءُ بِغَيْرِ حِسَابٍ

    Цатешачарна хаздина дуьненан дахар‚ уьш боьлуш бу тешачарех. Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш царна тIехь хир бу къематдийнахь. Дала рицкъ ма ло Шена луучунна хьесап а доцуш

    2:212
  13. كَانَ النَّاسُ أُمَّةً وَاحِدَةً فَبَعَثَ اللَّهُ النَّبِيِّينَ مُبَشِّرِينَ وَمُنْذِرِينَ وَأَنْزَلَ مَعَهُمُ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ لِيَحْكُمَ بَيْنَ النَّاسِ فِيمَا اخْتَلَفُوا فِيهِ ۚ وَمَا اخْتَلَفَ فِيهِ إِلَّا الَّذِينَ أُوتُوهُ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْهُمُ الْبَيِّنَاتُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ ۖ فَهَدَى اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا لِمَا اخْتَلَفُوا فِيهِ مِنَ الْحَقِّ بِإِذْنِهِ ۗ وَاللَّهُ يَهْدِي مَنْ يَشَاءُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Нах хилла цхьана умматехь‚ тIаккха /уьш тиларчу бахча/ Дала бахкийтира, шаьш кхаъ боккхуш хилла болу‚ кхерам тосуш хилла болу пайхамарш‚ цаьрца доссийра бакъдолчуьнца жайна‚ цаьрга нахана юккъехь хьукам дайта церан хилпало хиллачохь. Цу чохь хилпало-м ца хили и /Делан жайна/ шайга деллачеран бен‚ шайга билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа вовшашна юккъехь хьагI хиларна. Дала Шен пурбанца нисбира ийман диллинарш (жайнан оха) берш шеца хилпалонехь хиллачу бакъдолчунна тIе. И Дела ма ву нисвеш Шена луург нийсачу новкъа

    2:213
  14. أَمْ حَسِبْتُمْ أَنْ تَدْخُلُوا الْجَنَّةَ وَلَمَّا يَأْتِكُمْ مَثَلُ الَّذِينَ خَلَوْا مِنْ قَبْلِكُمْ ۖ مَسَّتْهُمُ الْبَأْسَاءُ وَالضَّرَّاءُ وَزُلْزِلُوا حَتَّىٰ يَقُولَ الرَّسُولُ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ مَتَىٰ نَصْرُ اللَّهِ ۗ أَلَا إِنَّ نَصْرَ اللَّهِ قَرِيبٌ

    Шуна моьтту шаьш ялсамане гIур ду /хIай бусалбанаш/ шул хьалха баханчарна (бусалбанашна) тIедеънарг шайна т а ца догш? Лецна хилла уьш баланаша а‚ цамгарша а‚ дегнаш Iийжира церан‚ элчано а‚ цуьнца цхьана ийман диллинчара а олуш: 'Маца хир ду Делера гIо?' – Хъ! Баккъалла а, Делера гIо герга ма ду!

    2:214
  15. يَسْأَلُونَكَ مَاذَا يُنْفِقُونَ ۖ قُلْ مَا أَنْفَقْتُمْ مِنْ خَيْرٍ فَلِلْوَالِدَيْنِ وَالْأَقْرَبِينَ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ ۗ وَمَا تَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ فَإِنَّ اللَّهَ بِهِ عَلِيمٌ

    Цара хьоьга хоьтту: 'ХIун лур ю сагIина?' Ахь āла: 'Аш сагIина доккхуш долу дика хма - /даккха/ дена-нанна а‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъахочунна а. Аш деш долу дика Дела хууш ву'

    2:215
  16. كُتِبَ عَلَيْكُمُ الْقِتَالُ وَهُوَ كُرْهٌ لَكُمْ ۖ وَعَسَىٰ أَنْ تَكْرَهُوا شَيْئًا وَهُوَ خَيْرٌ لَكُمْ ۖ وَعَسَىٰ أَنْ تُحِبُّوا شَيْئًا وَهُوَ شَرٌّ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ

    Шуна тIедиллина тIом бар. Иза шуна ца деза хIума ду. Шуна ца деза тарло цхьа хIума, и шуна дика а долуш. Шуна деза тарло цхьа хIума, и шуна вон а долуш. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац

    2:216
  17. يَسْأَلُونَكَ عَنِ الشَّهْرِ الْحَرَامِ قِتَالٍ فِيهِ ۖ قُلْ قِتَالٌ فِيهِ كَبِيرٌ ۖ وَصَدٌّ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَكُفْرٌ بِهِ وَالْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَإِخْرَاجُ أَهْلِهِ مِنْهُ أَكْبَرُ عِنْدَ اللَّهِ ۚ وَالْفِتْنَةُ أَكْبَرُ مِنَ الْقَتْلِ ۗ وَلَا يَزَالُونَ يُقَاتِلُونَكُمْ حَتَّىٰ يَرُدُّوكُمْ عَنْ دِينِكُمْ إِنِ اسْتَطَاعُوا ۚ وَمَنْ يَرْتَدِدْ مِنْكُمْ عَنْ دِينِهِ فَيَمُتْ وَهُوَ كَافِرٌ فَأُولَٰئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۖ وَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Цара хьоьга хоьтту безачу баттах лаьцна‚ цу чохь тIом барх. Ахь āла: 'Цу чохь тIом бар – доккха къа ду. Ткъа Делан некъах /нах/ духатохар а‚ Цунах цатешар а‚ Деза Маьждигах /нах духтохар/ а‚ цуьнан нах цу чуьра арабахар кхин доккха ду Далла гергахь'. Питана доккха ду тIом барал а. Уьш (керстанаш) совцур бац тIом бечуьра шу шайн динах дIадерзийча бен‚ шайн ницкъ кхачахь. Шух шен динах дIавирзина керста хьолехь велларг – уьш бу шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а. Уьш бу жоьжахатин дай‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу

    2:217
  18. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَالَّذِينَ هَاجَرُوا وَجَاهَدُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أُولَٰئِكَ يَرْجُونَ رَحْمَتَ اللَّهِ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ хIижар динарш а‚ Делан новкъахь къийсам латтийнарш а – уьш догдохур долуш бу Делан къинхетаме. И Дела ма ву гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    2:218
  19. يَسْأَلُونَكَ عَنِ الْخَمْرِ وَالْمَيْسِرِ ۖ قُلْ فِيهِمَا إِثْمٌ كَبِيرٌ وَمَنَافِعُ لِلنَّاسِ وَإِثْمُهُمَا أَكْبَرُ مِنْ نَفْعِهِمَا ۗ وَيَسْأَلُونَكَ مَاذَا يُنْفِقُونَ قُلِ الْعَفْوَ ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَتَفَكَّرُونَ

    Цара хьоьга хоьтту чагIарх а‚ майсирх а лаьцна‚ ахь āла: 'Царна чохь доккха къа а ду‚ нахана пайданаш а бу. Царна чохь долу къа доккха ду царна чохь болчу пайданал'. Юха а хоьтту цара хьоьга: 'ХIун доккхур ду шаьш сагIина?' Ахь āла: 'Совдаьлларг'. Иштта Дала билгалйоху шуна билгалонаш‚ шу хилийтархьама ойла еш

    2:219
  20. فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۗ وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الْيَتَامَىٰ ۖ قُلْ إِصْلَاحٌ لَهُمْ خَيْرٌ ۖ وَإِنْ تُخَالِطُوهُمْ فَإِخْوَانُكُمْ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ الْمُفْسِدَ مِنَ الْمُصْلِحِ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَأَعْنَتَكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Дуьненахь а‚ эхартахь а /долчу гIуллакхех/. Цара хьоьга хоьтту боберех лаьцна. Ахь āла: 'Маслахьат дар дика ду царна'. Аш уьш вовшахтоьхча – уьш шун вежарий бу. И Дела хууш ма ву харцо йийриг а‚ нийсо йийриг а. Далла лиънехьара‚ Цо хало йийр яра шуна. Баккъалла а, Дела ма ву веза верг а‚ хьекъале верг а

    2:220

Гочдар: Магомед Магомедов