Мусхаф., агӏо 327

  1. فَجَعَلَهُمْ جُذَاذًا إِلَّا كَبِيرًا لَهُمْ لَعَلَّهُمْ إِلَيْهِ يَرْجِعُونَ

    ТIаккха цо царах кескаш йира‚ церан йоккханиг йиссалц – уьш цунна тIе берза мегара

    21:58
  2. قَالُوا مَنْ فَعَلَ هَٰذَا بِآلِهَتِنَا إِنَّهُ لَمِنَ الظَّالِمِينَ

    Цара элира: 'Хьан дина хIара вайн делашна? Баккъалла а, и зулам диначарах ву-кх!'

    21:59
  3. قَالُوا سَمِعْنَا فَتًى يَذْكُرُهُمْ يُقَالُ لَهُ إِبْرَاهِيمُ

    Элира /царах Ибрахма аьлларг хезначара/: 'Тхуна хезира цхьа кIант уьш (вай делий) хьехош‚ цунах ИбрахIим олура'

    21:60
  4. قَالُوا فَأْتُوا بِهِ عَلَىٰ أَعْيُنِ النَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَشْهَدُونَ

    Элира /паччахьа Намруза а, цуьнан хьолдайша а/: 'Схьавалаве иза нехан бIаьргашна хьалха – цара тешалла дан мегара'

    21:61
  5. قَالُوا أَأَنْتَ فَعَلْتَ هَٰذَا بِآلِهَتِنَا يَا إِبْرَاهِيمُ

    Цара элира: 'Ахь дина хIара тхан делашна тхь‚ хIай ИбрахIим?'

    21:62
  6. قَالَ بَلْ فَعَلَهُ كَبِيرُهُمْ هَٰذَا فَاسْأَلُوهُمْ إِنْ كَانُوا يَنْطِقُونَ

    Цо элира: 'ХIан-хIа. И дина хIокху царах воккхучо. Аш цаьрга хаттийша‚ уьш бистхуьлуш хиллехь!'

    21:63
  7. فَرَجَعُوا إِلَىٰ أَنْفُسِهِمْ فَقَالُوا إِنَّكُمْ أَنْتُمُ الظَّالِمُونَ

    Уьш шаьш шайна тIебирзира‚ цара элира: 'Баккъалла а, шу ду-кх зуламхой!'

    21:64
  8. ثُمَّ نُكِسُوا عَلَىٰ رُءُوسِهِمْ لَقَدْ عَلِمْتَ مَا هَٰؤُلَاءِ يَنْطِقُونَ

    Тккха церан кортош охьабахийтира /эхьхетаро/, /олуш/: 'Хьуна ма хаьий хрш бист ца хуьлий'

    21:65
  9. قَالَ أَفَتَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنْفَعُكُمْ شَيْئًا وَلَا يَضُرُّكُمْ

    Цо (ИбрахIима) элира: 'Ткъа аш Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ шайна хIумма а пайда а ца бечунна‚ зен а ца дечунна?

    21:66
  10. أُفٍّ لَكُمْ وَلِمَا تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

    Туф! Шуна а‚ Дела а витина‚ аш Iибадат дечарна а! Шу хьекъале ца хуьлу-те?'

    21:67
  11. قَالُوا حَرِّقُوهُ وَانْصُرُوا آلِهَتَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ فَاعِلِينَ

    Цара элира: 'Вāгаве и (ИбрахIим)‚ гIо де шайн делашна‚ шаьш /гIуллакх/ деш хиллехь!'

    21:68
  12. قُلْنَا يَا نَارُ كُونِي بَرْدًا وَسَلَامًا عَلَىٰ إِبْرَاهِيمَ

    Оха элира: 'ХIай цIе! Хьох хилалахь ИбрахIимна шело а‚ маршо а'

    21:69
  13. وَأَرَادُوا بِهِ كَيْدًا فَجَعَلْنَاهُمُ الْأَخْسَرِينَ

    Царна йийзира цунна дуьхьал мекарло– Оха уьш хилийтира доккха зен хиллачарах

    21:70
  14. وَنَجَّيْنَاهُ وَلُوطًا إِلَى الْأَرْضِ الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا لِلْعَالَمِينَ

    Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ ЛутI а‚ Оха ша Iаламашна беркате динчу латта т /Шама дхьажийра/

    21:71
  15. وَوَهَبْنَا لَهُ إِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ نَافِلَةً ۖ وَكُلًّا جَعَلْنَا صَالِحِينَ

    Оха цунна велира Исхьакъ а‚ кхин совгIатана ЯIкъуб а. /Уьш/ берриге а хилийтира диканаш

    21:72

Гочдар: Магомед Магомедов